Урокан ц1е:Хандешан йог1у хан. — КиберПедия 

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Урокан ц1е:Хандешан йог1у хан.

2017-06-12 3465
Урокан ц1е:Хандешан йог1у хан. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо:. Х1ун гойту хандешан йог1учу хено хаар а,

цуьнан ши кеп йовзар а.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Сочинени йийцаре яр.

Сочинени язъяран белхаш муха язбина бовзийтар.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн диктант.

Сий,яхь,хорсам,к1ац,седа.хьонка,ц1озк1ади.х1аваъ,моз,чуьйраш,т1о,ха,к1ора,эхь,з1аьнарш,налха.

-Билгалдаккха,шина а терахьехь лелий и ц1ердешнаш.

-Уьш юкъа а далош,х1иттаде дешнийн цхьаьнакхетарш;толлам бе царна.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аеша 49-г1а§.

-Маса кеп ю хандешан йог1учу хенан?

-Х1ун гойту, муьлхачу хаттаршна жоп ло хьалхарчу кепа чу дог1учу хандешнаша?

2.Д1аеша 306-чу шардар т1ера предложенеш.Дийца,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалдаьхначу хандешнаша?

-Вай 1амийна юй оцу хандешнийн хан?

-Тидам бе,т1ейог1учу хенахь кхочушхиндолу я хила мега дар я хилар гойтий шардар т1ехь билгалдаьхначу хандешнаша?Даладе масалш

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 308-г1а шардар.

2.Х1ара хандешнаш д1анисде кхаа декъе шайн хенашка хьаьжжина: карара хан,яхана хан,йог1у хан.

Хьожу,элира,яздина,кхаьбна,лехнера,олура,вог1ур ву,довдур ду,аьлла,сетта,хиънера, диънера, дуьйцура,хьовсур,ловзу,левзу,левзира,саций,вахара,ведда,вайнера,вовр ву,дуьйцура,дуьйцу,хьаьдда,висна,вуьсур ву,ехар ю.

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 304-г1а шардар.

-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.

-Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш билгалъяха;дийца,муха кхолладелла уьш.

2.Дешнийн цхьанакхетарш х1иттадо10-15

VΙΙ.Жам1 дар.

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 49-г1а§.

2.Кхочушде 310-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздар.

1алашо: Хаа деза,йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздаран бакъонаш.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту. Даладойту масалш.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн диктант.

Воьду,доьшур,доьшур ду,хазло,вада,г1ур ву,ваха,саца,сеци,аьллера,дийцина,яздинера,йоьттинера,эшира,хаьржи,хьоьжура,соцур ву,соьцура,гира,ведира,аьллера,уллр,хьожур.

-Уьш шайн хенашка а дерзош,хаттар х1оттош д1аяздо.

2.Легаде х1ара дешнаш,чаккхенаш схьакъастае.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе яздина:

1.Йог1у хан-до,во,бо,йо-чаккхенгара о хила мегачу хенахь е -не,хинйолчу хенан ий -не доьрзу.

Йо-ер,йийр ю,марзво-марзвер,марзвер ву.

-До,ло,во,бо боху хандешнаш а,церан г1оьнца кхолладелла карарчу хенан хандешнаш а йог1учу хене муха доху дийца.

2.Йог1учу хене дохуш—карарчу хенахь чаккхенга ло х1уттуш долу а,цхьана дешдекъах лаьтта а хандешнийн чаккхенгара о-у,оь-уь- не доьрзу:хазло-хазлур-хазлур ду,зоь-зуьр-зуьйр ду.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 315-г1а шардар.Дийца, муха кхолладелла йог1учу хенан хандешнаш.

2.Кхочушдо 316-г1а шардар.

-Массийтта маь1на долу хандешнаш дуй кхузахь?

-Дийца кечло бохучу дешан лексически маь1на,иза юкъахь долуш предложенеш х1иттае.

 

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 317-г1а шардар.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

-Хандешан коьрта маса хан ю?

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 50-г1а§.

2.Кхочушде 317-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешнийн цхьаллин а,дукхазаллин а кепаш.

1алашо: Хаа деза,муха хуьлу хандешан цхьаллин а,дукхазаллин а кепаш.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту. Даладойту масалш.

ΙΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.

1. Д1аязде дешнашца:1,3,11,13,18,19,22,314,517,100-г1а,1000.

 

2. 1.Стенах олу хандош?Цо х1ун гойту?

2.Коьрта маса хан ю хандешан?

3.Яханчу хенан маса кеп ю?

4.Йог1учу хандешан маса кеп?

5.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела хандош?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аязде хандешнаш,дийца,х1ун гойту хьалхарчу хандашо.Шолг1ачо?

Хьехо-хьоьху,ловза-ловзу,кхаба-кхобу,вог1у-оьху,го-гора,дийца-дуьйцура,лен-лоьра,лийча-луьйчу,къийса-къуьйсу,лаха-лоьху.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 318-319-г1ий шардарш.

2.Кхеторан диктант.

Мехаш кху б1аьста цхьа къаьсттина ч1ог1а хьоькхура Дадалов Азамата д1адиллинчу корах чуиккхинчу мохо стол т1ера чан г 1аьттира,кехаташ довдийра. Кабинет попан а,бецан а хьожанех юьзнера. Д1о корал арахь,туьнкалгаш т1ехула хьерчаш,керчаш беший д1аболура к1ур.Цул дехьа,орцан акъарийн басеш денйина,жа лелара,ткъа цу лекхачу мокхазан басеш т1ехь жа1у лаьттара.

-Хандешнийн хенаш билгалъяха.

-3-чу предложенина бе синтаксически къастам.

VΙ.Жам1 дар.

-Цхьаллин кепо а, дукхазаллин кепо а х1ун гойту?

-Массо а хенашкахь лелий и ши кеп?

-Дукхазаллин кепах муха кхета шу?

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 51-г1а§.

2.Кхочушде 320-г1а шардар.

 

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.013 с.