Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх. — КиберПедия 

Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

2017-06-12 3684
Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо: Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх. (Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 333-г1а шардар.

2.Кхочушдо 335-г1а шардар.

.а)Хандешан хенашкара билгалзачу кепе даха хандешнаш хаттарш а х1иттош.

.б)Билгалзачу кепера карарчу хене х1иттаде хандешнаш.

.в)Цхьана дашна бе фонетически къастам.

ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

-Стенах олу билгалза кеп?

-Билгалзачу кепан х1ун хаттарш ду?

-Билгалзачу кепехь меран аз н маца яздо?

V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1ара предложенеш язйо дешархоша уьн т1ера схьа.

Дикка хало лов зударша буракашна асар дечу меттехь хи доцуш.Дуккха а хан йов церан генна и хи дан оьхуш.„Шовда дара гена доццуш,ˮ - олу Яхьъяс. Т1аккха вов, шега дина декхарш кхочушдан йиш а ца х1уттуш. Атта дац дайна д1адаьлла шовда юха каро. Иза лардан дезаш хиллера массара а.

 

-Хандешнашна буха сиз хьакха,хаттарш х1иттаде.

VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.

 

Оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Кхочушде 334-г1а шардар.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош, цуьнан синтаксически г1уллакх.

1алашо: Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар.

Къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаар к1аргдар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Хандашах 1амийнарг карладоккху учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а луш,масалш а далош.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1даран шардарш.

1.Барта кхочушде 335-г1а шардар.

2.Кхочушде 336-г1а шардар.

-Стенах олу лаамаза билгалдош?Лааме?Муха хийцало уьш?

3.Легаде к1айн кхокха,к1айниг боху дешнаш.Чаккхенаш сизашца билгалъяха.

4.Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш дог1учохь улло язде билгалдешнашна (сов, т1ех,вуно, 1аламат,инзаре,уггаре а.)

 

1аьржа тиша

яккхий декъаза

генара гергара

сонта сийна

къен шийла

къона тийна

5.Билгалдаха билгалдешан тайпанаш(къовларшна юкъахь):

Дарин бос,г1алара кхаъ,кибарчиган ц1енош,эсийн ж1уганаш,куьзган б1аьрг,1ожан 1индаг1,Адаман говр, хьуьнан ц1азам,болатан тур,ненан безам,цхьогалан лар,чанан бен,берийн беш,башха йо1.

V.Комментированни яздар.

Ч1ог1а хаза еара оцу дийнан 1уьйре.Май беттан байчу,мелачу мохо хьоьстура юьхь а,корта а.

Нускалан духар дуьйхича санна лаьттара ураман шина а аг1ор, дайн г1аш а дегош,гуш долу стоьмийн дитташ.Мел чуийзарх кийра ца 1ебаш,ц1ена а,дайн а дара х1аваъ.Цхьа тамашийна исбаьхьа мукъам бекара даг чохь.Цхьацца долчу ков-керташца уллохь гучу бархат санна к1едачу,семсачу бацахула керча лаьара.(М.Мусаев)

-Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам.

-Предложенин муьлха меженаш ю билгалдешнаш?

-Муха кхолладелла дийцаран кийсак т1ера билгалдешнаш?

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Къамелехь билгалдешнех-синонимех пайда эца хаар доккха маь1на долуш ду.Синонимаша мотт бийцар тодо,х1уманан тайп-тайпана аг1онаш,амалш гайта таро хуьлуьйту;цхьанатайпана дешнаш къамелехь далорах ларво.

- Маса,чехка,сиха,каде,т1ах-аьлла,х1айт-аьлла;г1иллакхе,к1еда-мерза;товш-безамехь бохучу синонимашца предложенеш а х1иттош,д1аязъе. Г1иллакхе бохучу дашна бе фонетически къастам.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Хандош юкъахь долуш 6 предложенеш язъе.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

1алашо: Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.

Лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш скъастадо.

2.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?

ΙΙΙ.Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.

 

Терахьдош къамелан дакъа ду, цо терахь билгалдо маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп ло.Терахьдешан 10 тайпа ду.Уьш лааме а, лаамаза хуьлу.Дожаршца а,классашца а хийцало.

1.Билгалдаха терахьдешнийн тайпа: кхоъ,цхьайтта,ткъолг1а,пхиппа,ялх-ялх,итт-цхьайтта,ворх1е а,ший а,эзар,ворх1-уьссалг1а,шиъ-кхоалг1а.

2.Легаде барх1 сахьт, дейтта кор.

-Терахьдешнийн чаккхенаш билгалъяха.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 338-г1а шардар.

2.Кхочушде 340-г1а шардар.

-Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнашна буха сиз хьакха.

3.Терахьдешнаш юкъах адолуш 10 дешнийн цхьанакхетарш язъе.

 

VΙ.Жам1 дар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.§§13-24 –г1ий карлаяха.

2.Кхочушде 342-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.


Поделиться с друзьями:

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Наброски и зарисовки растений, плодов, цветов: Освоить конструктивное построение структуры дерева через зарисовки отдельных деревьев, группы деревьев...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.018 с.