Урокан ц1е:Хандешан яхана хан. — КиберПедия 

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Урокан ц1е:Хандешан яхана хан.

2017-06-12 2919
Урокан ц1е:Хандешан яхана хан. 4.75 из 5.00 4 оценки
Заказать работу

1алашо:. Х1ун гойту хандешан яханчу хено хаар а,

цуьнан пхи кеп йовзар а.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина карарчу ханна хаттарш х1иттадо.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

 

1. Иза,х1ара,пхиъ,со,к1ант,яздан,ваша,можа,диг,сийна,1уьйре,шиъ,шишша,муьста,мотт,хан,аьхке.

-Оцу дешнашна хаттарш х1иттаде.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

2.Легаде со,ваша,сийна,пхиъ боху дешнаш.Чаккхенаш билгалъяха.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Барта кхочушдо 296-г1а шардар.

2.Хьехархочо берашна хоуьйту:«Яханчу хенан хандешнашна дар я хилар къамел дечу хенал хьалха хилар гойту.Масала:вахийти,вахийтира,вахийтина,вахийтинера,вохуьйтура.»

3.Дешархошка йоьшуьйту 46-г1а§.

-Маса кепехь хуьлу яханчу хенан хандешнаш?

-Х1ун дин?Х1ун хили?бохучу хаттаршна муьлхачу яханчу хенан хандешнаша жоп ло?Даладе масалш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 298-г1а шардар. Охьахиира,д1аваха,д1авоьдура бохучу дешнашна ялае антонимаш,дешх1оттаман къастам бе царех цхьанна.

2.Кхочушде 302-г1а шардар.Шаьш хийинчу массо а яханчу хенийн хандешнийн чаккхенаш билгалъяха сизашца. Кхосса бохучу дашна бе фонетически къастам.

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 299-г1а шардар.

-Яханчу хенашна буха сиз а хьокхуш билгалдоху.

2.Дешнийн цхьанакхетарш х1иттадо10-15

VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу яхана хан?

-Яханчу хенан маса хан ю?

-Хаттарш дийца яханчу хенан.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 46-г1а§.

2.Кхочушде 300-г1а шардар.6-чу предложенина бе синтаксически къастам.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр.

1алашо:. Х1ора кепана чудог1учу хандешан чаккхе муха ю хаар.

Цхьаьна хенера хандош вукху хене доккха хаар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина карарчу ханна хаттарш х1иттадо.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 297-г1а шардар.Яханчу хенан хандешнаш муха кхолладелла дийца.Церан чаккхенаш билгалъяха.

2.Кхочушде 299-г1а шардар.9-чу предложенина бе синтаксически къастам.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош.

Яханчу хенан хандешан кепаш: Церан хаттарш Орамера хийцало аьзнаш Т1екхеташ йолу чаккхенаш Масалш:
1.Х1инца яхана хан Х1ун дин? Х1ун хили? а//е а-аь -и,-ий Вада-веди,хьаьжи, саций
2.Гуш яхан хан Х1ун дира? Х1ун хилира?   Х1инцца яхана хенанан хандешнашна т1е -ра кхетарца Лехи,лехира,вахара
3.Яхана яьлла хан Х1ун дина? Х1ун хилла? Орамара мукъаза аз шалха долу:т//тт, л//лл,д//дд Яханчу хенан хандашна т1е –на кхетарца. Хаьтти-хаьттина,эли-аьлла
4.Хьалха яхана хан Х1ун динера? Х1ун хиллера? Яхана яьллачу Яхана яьллачу хандешан чаккхенгахь а д1адолу – ера х1утту. Хезнера,гайтинера
5.Яхана ялаза хан Х1ун дора? Х1ун хуьлура?     Карарчу хенан хандешнашна т1е –а кхетарца Кхочура,хьокхура,оьцура

V.Дешнийн диктант.

Веди,кхечи,хьаьжи,сеци,лехира,вахара,хаьттира,аьлла,ведда,хезнера,дешнера,гатинера,кхочура,

хьокхура,оьцура,толлура,гира.

-Хандешнаш шай-шайн хенашка,х1иттаде,хаттарш,д1анисде.

VΙ.Керла дешнаш довзийтар.

Хевсур- гуьржехера къам.

Хьекхорг- 1аь1на доккха г1а.

Хьаьхьамч- х1ума вовшах латон г1ирс.

VΙΙ.Жам1 дар.

-Таханлерачу урок ц1е х1ун ю?

-Маса хан ю яханчу хенан?

-Дийца церан хаттарш.

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 47-г1а§.

2.Кхочушде 305-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Сочинени«Сан доттаг1чун ц1а.»

1алашо:Дозуш долу къамел кхиорна.Чолхе план х1отто хаар а,1аламан сурт х1отто 1амор а.

Йоца а,яьржина а йолчу сочиненина оьшуш йолу коьчал гулъяр цхьана кепе ялор.

Г1ишлонах бинчу тидамийн а,суртх1отторан а бух т1ехь дийцар кхоллар.

Шен текстан чулацам а,меттан говзалла а шаръеш,тоеш кхочушъяр,ша хаьржинчу ц1арна. сочинени язъяр.Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочо йоьшу сочинени«Сан доттаг1чун ц1а.» ц1е йолу:

1. Со6-чу классехь доьшуш ву.Ткъа сан доттаг1 Лема уьссалг1ачохь ву.Иза сол воккха велахь а, тхойшинан дов ца долу.Лоьмас, со жима велахь а, соьца къамел воккхачуьнца санна до.

Цкъа а цаьргахь ц1ахь хилла вацара со.Амма вахча, цец а ваьллера-кх.

Итт-цхьайтта сахьт даьлла хан яра иза.Лема раг1у к1елахь хьозанна бен беш воллура.Массо а оьшу х1ума ишкап чохь д1анисйина яра:воттана,херхаш,дагарш,ж1аьвнаш,хьостамий,клей….Кхин а дуккха а г1ирсаш.Иза ваьлча,тхойшиъ чувахара.

Йоккхачу,ехачу сенийна аьтту аг1ор цуьнан шен жима чоь яра, доккха кор а долуш.Чукхеттачу малхо массо х1ума къагийнера:книгаш т1ехь лаьтта полканаш а,пенна а,тхевнна а т1еч1аг1йина спортивни снарядаш,стоьлана а,полканаш т1ехь а мог1араллехь нисйисна охьаехкина книгаш,тетрадаш,справочникаш,дошамаш.Корана аьтту аг1ора лаьттара диван,цунна уллохь тумбочкина т1ехь яра телефон,магнитофон, дуккха а кассеташ а.Диван т1ехула тоьхна суна ца гина 1аламах лаьцна доккха сурт а дара,календарь а яра.

Не1арна аьрру аг1ор журнальни столик т1ехь компьютеряра.Суна-м иза телевизор ю моьттура.Лаьттахь боккха куз бара.Кхин цхьа г1ант бен,чохь х1умма а дацара.

Суна оьшу книга сиха карийра Лоьмина.Т1аккха цхьана минотана араваьлла,чувеара иза.Цуьнан карахь долчу шуьнахь яах1ума яра.Х1ума юуш цхьажимма 1ийра тхойшиъ,вист а хуьлуш,эшаршка ла а дуг1уш.Амма суна гора,доттаг1чо цхьана х1уманна гатден са.Суна дагабеара цо беш хилла хьозана бен.Тхойшинна а дан г1уллакх карийра иза д1атухуш.

Ц1а вог1учу хенахь ч1аг1о йира ас:сайн ц1а чохь а ца йита оьшуш йоцу х1уманаш.Ч1ог1а лаьара суна Лоьмин санна чоь кечъян а,цунна санна массо х1ума дан хаа а!

2.-Х1инца массара а ойла ей, дагалаца,шаьш сочинени муьлхачу х1усамах язйийр яра алий.

-Оцу х1усамах лаьцна дийца а мегар ду х1окху хаттаршна жоп луш:

-Хьенан ю и х1усам?

-Йоккхо сирла,жима 1аьржа?

-Хьайна муха хийтира дийца?

-Шен чохь муха 1ан веза?

ΙΙΙ.Хьехархочо дешархошца план кечйо.

ПЛАН:

1.Мичхьа яра чоь?

2.Доллучу т1ехь дешархочунна аьтту болу чоь:

.а)могушалла а,нуьцкъалла а,лакхаяккхаран г1ирсаш:

.б)дешаран литература;

.в)оьшу йийбар,кечдина пенаш,ц1енкъа;

.г)технически г1ирсаш.

3.Мел пайдехь ду иштта чоь г1уллакхан хилар.

ΙV.Оцу хаттаршна жоьпаш луш д1аязйо дешархоша сочинени,дуьххьар листокаш т1ехь язйо,шайн предложенеш вовшах нийса а тосуш г1алаташ нисдо.

V.Ц1ахь бан болх.

 

1амийнарг карладаккхар.

 

 

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.02 с.