Урокан ц1е:Билгалдешан синтаксически билгалонаш т1еч1аг1яр. — КиберПедия 

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Урокан ц1е:Билгалдешан синтаксически билгалонаш т1еч1аг1яр.

2017-06-12 1594
Урокан ц1е:Билгалдешан синтаксически билгалонаш т1еч1аг1яр. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

1алашо: Лаамазчу, лаамечуй билгалдешнийн предложенехь

синтаксически г1уллакх муха ду хаар.Предложенехь

муьлха меже хуьлий лела.

Личностни Ша-шен ларар, адам ларар, цуьнан дикалла,цуьнгара девлачу дикачу г1уллакхийн мах хадор мел маь1не ду кхетар

Регулятивни Дешаран г1уллакхан 1алашо, хьесапаш т1еэцаран, лардаран хьуьнар карадерзор; кхочушъяран г1ирс лаха хаар

Познавательни Дешаран учебникан т1ерачу текста т1ехь болх бар, ца кхетачух хаттар далар т1еэцначу норманашка хьаьжжина тептарш а, йозанан белхаш кечбар

Коммуникативни Шен чулацаме а, меттан д1ах1оттаме а хьаьжжина къамелан мах хадор

Урок д1аяхьар.

Ι.Орг.момент.

ΙΙ.Актуализаци.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Цабезаман билгалонаш, Адаман дахар, олхазарийн г1овг1а, адамийн г1иллакх,оьздачу куьцах, стиглара седа, ч1ог1ачу тулг1ено,нехан юкъаметтиг,х1уманан кхачам,ирсе де, паччахьан 1едалх, коьмаршачу нехан, дарбане бецаш,вешин куй.

--Билгалдешнийн тайпа билгалдаккха:лааме билгалдешнаш кхолла, царна суффиксаш кхолло т1етохарца.

ΙV.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушде 38 -г1а шардар.

2.Бакъо ешар.

V.Керла коьчал йовзийтар.

Хьалххе уьн т1ехь язйина ю предложенеш.

1.Масане тамашийна(муха?) сурт х1оттийна хир ду тхан юьртахь.

2.Хьамидг1еран доьзалехь воккханиг(мила?) ц1ахь вацара.

3.Зайнаа т1оьрмигех боккаханиг (муьлхарниг?) д1абихкира.

4.Хьомениг, ас декъал во хьо винчу денца!

- Дешархоша х1ора предложенехь билгалдоккху билгалдешнийн синтаксически г1уллакх.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.4-чу параграф т1ехь йолчу предложеница т1едилларе хьаьжжина болх бе.

2.Кхочушде 38-г1а шардар.

VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.39-40-г1ий шардарш кхочуш де.

2.Ши предложени синтаксически къастае.

VΙΙΙ.Рефлекси.

-Тахана муьлха тема 1амий вай?

-Предложенехь муха лела билгалдешнаш лаамаза а,лааме а.

-Т1едерзар хуьлий лаамечу билгалдешнах.

ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 4-г1а§

2.Кхочушде 41-г1а шардар.

Урокан ц1е: Изложени:«Ча а, зударий а.»

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.

Нийса предложенеш х1итто хаар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текс ешар.

Текст хьехархочо йоьшу, барта чулацам бовзуьйту.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьту.

 

ΙΙΙ.Текст дешархоша д1аязйо.

Ча а, зударий а.

Кабехий,Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо.Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча,саттийна охьабан боллуш кхор карийра цу шинна.Маьлхан серлонгахь, лоппаргаш санна, лепара ношбелла кхораш.Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь а кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча ши кхоъ ношбелла кхор карийра Бикатуна.Церг а тоьхна хьаьжча, чам тайра цунна.

-Эх1, х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! - кхура т1е хьалахьаьжира Кабеха.

-Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера ма ду кху к1елхула. Т1ехь саттийна кхораш а бу.

-Же,шимма а т1е яьлла,массо а га ластош, кхораш охьаэго беза вайшимма,-аьлла, хьалаелира и ши зуда.

К1ело юьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо.

Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш лахьо йолаелча, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна.Ладуьйг1ира шина зудчо.Я ча, я нал, я бежна- цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чуьхьаьдда йог1ура ча.

-Ва-а, орца дала!!!...-маьхьарий а хьоькхуш, кхин х1ун чохь ца соцуш,едда ц1а еара и ши зуда.

Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.

ΙV.Изложенин т1едиллар.

Билгалдешнаш билгалдаха.

V.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.

VΙ.Г1алаташ т1ехь болх.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.

1алашо: Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу,

массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и.

Дешархой кхето беза, юкъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь

Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.

           
     


1) ● ?!

2) ткъа ● амма

 
 

-Предложенешна юкъа лааме, лаамаза билгалдешнаш даладе.

2.Д1аязде лааме билгалдешнаш.Суффиксаш сизахца гайта:

Халкъаниг,майраниг,цхьогалниг,осалниг,юьзнарг,к1органиг,онданиг,к1езганиг,мерзаниг,гондархьаниг,декъазниг,чехканиг,дераниг,селханлераниг,ломарниг,к1айниг,т1ерг1аниг,хьомсарниг,оьзданиг.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:

билгалдешнаш Х1ун гойту цара Терахьашца хийцалой?
     
Йоккха юрт Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош Яккхий ярташ
Жима йо1 Жималла гойту,мухаллин билгалдош Кегий мехкарий
Деха дег1 Локхалла гойту мухаллин билгалдош Деха дог1маш
Ломара хьаша Юкъаметтигаллин билгалдош Ломара хьеший.
Малхбузу ламаз Юкъаметтигаллин билгалдош Малхбузу ламазаш
Чехканиг,декъазниг,гергарниг,воккханиг Лааме билгалдош Чехканаш,декъазнаш,гергарнаш, Баккхийнаш

 

-Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?

-Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?

-Юкъаметтигаллин билгалдешнаш?

-Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?

-Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.

2. «Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана,г1иллакхах лаьцна хьехамаш а,кицанаш а яздеш:

1)Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана юккъехь бага х1ума ца 1иттар.

2)Воккханиг т1евог1уш кевне я не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.

3)Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг юккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.

4)Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.

5)Дина кост а, дина весет а д1аалар.

6)Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.

7)Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)

Д1абеша хьехамаш.

-Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?

-Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам.

К1оргера буй и-Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?

-Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьаязде.Дийца,муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.

 

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 45-г1а шардар.

2.1амае 5-г1а §.

3.Г1иллакхах лаьцна долу ши- кхо кица язде.

Г1а урок.


Поделиться с друзьями:

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.024 с.