Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш. — КиберПедия 

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...

Наброски и зарисовки растений, плодов, цветов: Освоить конструктивное построение структуры дерева через зарисовки отдельных деревьев, группы деревьев...

Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш.

2017-06-12 3684
Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо: Билгадешнийн тайпанаш довзар.Хаа деза уьш вовшех къасто,муьлхачух олу

Юкъаметтигаллин?Доладерзоран?Цра х1ун гойту?

Личностни Кхоллар дийна, юкъараллехь нийса дуьнене хьежам, цуьнан цхьаалех а, 1аламан, халкъийн, оьздангаллийн, динан башхаллех а;

Регулятивни Ша шен а, вовшийн а болх таллар, г1алаташ нисдар

Познавательни Шен дахарехь шена гинчух а, урокехь хиллачу хаамех а пайда а оьцуш хаттаршна дала жоьпаш карор

Коммуникативни Тобанашкахья шишшама цхьаьна кхочушдечу г1уллакхехь цхьа барт хилар Урок д1аяхьар.

Ι.Орг.момент.

ΙΙ.Актуализаци.

1.шардар барта толлу.

2.бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Хаьржина диктант.

Сихха хьалахьаьжира аса б1аьргаш,Лекхачу екхначу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн кегийн,яйн мархаш.Ц1еххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийнна цхьа ж1уга.Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь.

-Билгалдешна буха сиз хьакха,дийца церан тайпанаш.

-Муьлхачу къамелан деъкна уьйр ю церан.

Кеп: Лекхачу екхначу стиглахула-билгалдашо гойту мухалла.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина кеп:

Билгалдешнийн тайпанаш.

Мухаллин юкъаметтигаллин доладерзоран
Мухалла гойту. Муха? Муьлха? Х1уманний, цуьнан билгалоний юккъехь йолу юкьаметтиг гойту. Х1ума хьенан я стенан ю.

1)(доладер-н) аьттан шура,йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;

2)(юкъам-н) аьчкан ков, таханлера де,лулара нах,хьалхалера зама,дененан туьйра;

3)(мухаллин)хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким,токхе гуьйре,лекха дег1.

2.-Маса тайпа ду билгалдешнийн?

-Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?

3.Дешархошка йошуьйту 2-г1а§.

-Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 32-г1а шардар.

2 .Гуьйре,стигал,мархаш,мох, латта, аренаш,хьаннаш,акхарой,олхазарш,г1аш,дитташ,хи, зезагаш, буц,дог1а -бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгалдешнаш,шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош.Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.

Кеп: Хаза гуьйре,дашо гуьйре,шийла гуьйре.

VΙ.Рефлекси.

1.Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?

2.Мухаллин билгалдешнаша х1ун го1ту муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?Даладе масалш.

3.Юкъаметтигаллин билгалдешнаш.Даладе масалш.

4.Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло.Х1ун гойту цара?Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?

Даладе масалш.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 2-г1а §.

2.Кхочушде 33-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш.

1алашо: Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш довзийтар,

Уьш вовшех къасто хаар.

Личностни Кхоллар дийна, юкъараллехь нийса дуьнене хьежам, цуьнан цхьаалех а, 1аламан, халкъийн, оьздангаллийн, динан башхаллех

Регулятивни Ша шен а, вовшийн а болх таллар, г1алаташ нисдар

Познавательни Шен дахарехь шена гинчух а, урокехь хиллачу хаамех а пайда а оьцуш хаттаршна дала жоьпаш карор

Коммуникативни Тобанашкахья шишшама цхьаьна кхочушдечу г1уллакхехь цхьа барт хилар

Урок д1аяхьар.

Ι.Орг.момент.

ΙΙ.Актуализаци.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Хаттарш.

-Стенах олу билгалдош?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу билгалдешни?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Маса тайпа ду билгалдешан? Муьлхарш?

 

2. Беснеш т1ехь богура хилла баьллачу 1ожан ц1ен бос,сема хьоьжура 1аьржа даккхий б1аьргаш.Аснарта нохчийн маттахь ч1ог1а дика байташ язйо.

-Предложенеш д1аязйо,мухаллин билгалдешнаш схьакъастадо.

3.Легаде дешнийн схьанакхетарш.:

Чехка говр, ненан коч, жима к1ант.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу.

Лаамаза билгалдош ц1ердашца уьйр йолуш хуьлу.Масала:Хаза коч, дика йо1, сийна стигал.

Лааме билгалдош билгалдешан а,ц1ердешан а метта лела.Масала:жиманиг,хазаниг,эсалниг.

 

 

Лаамаза лааме
Хаза йо1,воккхв стаг,эсала нус,шийла 1а. Хазаниг,воккханиг,эсалниг,шийланиг.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 35-г1а шардар.

2.Кхочушдо 36-г1а шардар.

-Лаамаза а, лааме а.

VΙ.Рефлекси.

-Лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Лааменаш билгалдешнашна х1ун т1е кхета?

-Лаамерчаьрца лелий ц1ердешнаш?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 37-г1а шардар.

2.1амае 3-г1а §.


Поделиться с друзьями:

Наброски и зарисовки растений, плодов, цветов: Освоить конструктивное построение структуры дерева через зарисовки отдельных деревьев, группы деревьев...

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.01 с.