V.Дешархошка шаьшка болх байтар. — КиберПедия 

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

V.Дешархошка шаьшка болх байтар.

2017-06-12 1121
V.Дешархошка шаьшка болх байтар. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

1.Кхочушде 6-г1а шардар.

2.Предложенеш х1иттае.

V1.Рефлекси.

-Муха хуьлу шалха элпаш?

-Маца кхолладелла йоза?

-Маса ду шалха элп?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шалха элпийн нийсаяздар карладаккха.

2.Кхочушде 7-г1а шардар.

Г1ий урокаш.

Урокан чулацам: Омонимаш,синонимаш,антонимаш.

Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс.

1алашо: Омонимех а,синонимех а, антонимех а долу хаарш т1еч1аг1дар,уьш

юкъахь йолуш предло-женеш х1итто хаар. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс

билгалъяхаран хаарш карладахар Личностни Оьздангаллин синхаамаш, догдикалла, г1уллакхе хьажа кийча хилар, къинхетам, кхечу адамийн синхаамех кхетар кхиор;

Регулятивни Кхочушбинчу белхан мах хадор

Познавательни Книги т1ехь карийначу хаамийн чулацаман анализ яр

Коммуникативни Юьззина, кхеташ шен ойла гайта хаар, меттан грамматически, синтаксически норманашка хьаьжжина

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Актуализаци.

ΙΙΙ.Хьалххе- хаийтаран диктант.

Т1екхечира гуьйре. Стенна делахь а,оьпано санна латта ахка йолаелира сурок(экха).Раг1у к1елахь лаьттачу сайри к1ел а, цунна жимма сехьа а аракхоьхьучу лаьттан боккха барз х1оттийра цо. Дукха хан ялале т1улг а, жаг1а а болийра аракхехьа.У ьйт1арчу жимчу ц1ийнан лард а яра цо охкуш.

Боккха т1улг нисбелча, тоьттуш хьалабоьхьура цо иза.К1оргга лаьтта буха яхана, 1аьнна д1айижа кечлуш яра сурок.(Х-А.Берсанов.)

-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.

-Шайн дешнашца схьайийца.

-Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.

-Муха ду антонимийн лексически маь1на?

-Вайн маттахь дукхахдолчу дешнашна ялалур ярий антонимаш?

- Лард бохучу дешан лексически маь1на нийса я т1едеана ду?Муьлхачу шина маь1нехь лела и дош? Х1оттае цунна дошаман статья.

Кеп: лард[лардан,лардана,лардо,ларде,й; дукх.тер. лардаш,й].

1)Ц1ийнан бух (фундамент). Лард йог1а вуьйлира х1усамда.

2)Грамматически лард. Дешан лард билгалъяьккхира дешархочо.

-Латта-лаьттан-лаьтта буха-х1окху ц1ердешнашна лексически маь1на я кеп хуьйцу?

ΙV.Карладаьккхинарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 11-г1ий,12-г1ий,14-г1ий шардаш кхаа кепехь, дешархой кхаа тобане а боькъий.

2)Дешархошка кхочушдайтина шардарш доьшуьйту,г1алаташ тодо.

3)Кхочушдо 15-г1а шардар.Дешархошка доьшуьйту,г1алаташ нисдо.

V.Дозуш долу къамел кхиор.

1)Нохчаша шайна юккъехь лелочу оьздангаллех лаьцна дуьйцу дешархоша,учебникан 11-чу аг1он т1ерачу плане а хьовсуш.

2)Муьлха эпиграф ялор яра аша иштта чулацам болчу сочиненина?

3) Оьздангалла ца хилча, сий хир дуй стеган?

4) Оьзда бохучу дашна х1оттае дошаман статья.

Кеп: оьзда (билгалдош)- г1иллакхе,к1еда-мерза,бакъахьара стаг. Тхан да г1иллакхе,к1еда-мерза, бакъахьара стаг ву.

5).Учебникан т1ехь йолчу планах пайда а оьцуш, цхьана кехат т1е язъе сочинени,х1окхарах цхьа ц1е а харжий:

1),,Оьздангалла стеган сий ду”

2),,Хьо оьзда хилалахь, х1ай къона нохчо!”

3),,Уггаре хьалха оьздаверг х1унда лерина вайн дайша?”

4),,Оьзда мотт- оьзданчун г1иллакх”.

VΙ.Рефлекси.

-Стенах олу омонимаш,синонимаш, антонимаш?

-Произведенешна юкъахь лелайой уьш?

-Дукха маь1наш хуьлий церан?

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)15-г1а шардар кхочушдо
2)Бакъо дагахь 1амо.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е: Ц1ердош легор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.

1алашо:Ц1ердешан грамматически билгалонех долу хаарш карладахар,к1аргдар.Ц1ердашо предложенехь до синтаксически г1уллакх къастор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.

Урок д1аяхьар.

Личностни Дешархочун юкъараллин меттиг т1елацар, караерзор, дешаран г1уллакхдарехь шовкъ кхиор, дешаран личностни маь1на кхоллар

Регулятивни Кхоллараллин а, лехамийн а кепехь халонах чекхваларан некъаш карадерзор;

Познавательни Оьшург т1е а тухуш плана т1ехь хийцамаш бар

Коммуникативни Вовшийн белхаш таллар, шена хетарг алар

Ι.Актуализаци.

1)Масийттамо ц1ахь язйина сочинени д1айоьшу.Дешархошка хаттарш а долуьйтуш, сочиненеш ешначарна оценкаш йохку.

2)Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

а)17-чу шардарна бухахь долчу хаттаршна йозанца жоьпаш ло.Даладо масалш.

б) Кхочушдо 17-г1а шардар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Дешархоша жоьпаш ло учебникан 12-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна.Даладо масалш.

2) Х1окху мог1анашкара ца оьшу дешнаш д1адайа:

а)ц1ердош,билгалдош,дош,хандош.

б)таллархочуьнца,ахархочуьнца.

в)пхиъ,ялхитта,б1е,дукха.

г)исс,етт,бутт,латта.

3)Кхочушде 19-г1а шардар.

4)Муьлха къамелан дакъош ду а хьажий,х1окху кепа нисде дешнаш:

Ц1ердош Билгалдош Терахьдош Ц1ерметдош Хандош
         
         

а) соцу,охьахьажа,къайладевлла,д1ахьедо.

б)езткъа,борх1азза,кхоалг1а,итт,эзар.

в)маха,къинхетам,стунваша,Ахьъяд,гуьйре.

г) х1ара, иза,со,тхо,вай,шу,массо а.

д)онда, къаьхьа,еак1ов,г1орг1а,букара.

-Х1ора дашна х1оттаде хаттар,йийца грамматически билгалонаш.

5)Муха къастор дара х1окху дешнаийн цхьаьнакхетаршна юккъера къаелан дакъош?

Х1ун? муха?

Говран оьзда - оьзда стаг

Чехка болар-чехка вог1ура

Латта ахка-арахь латта

-Муьлха къамелан дакъа ду къасталуш ца хилча, хуур дуй шуна цуьнан грамматически билгалонаш а,синтаксически г1уллакх а билгалдаккха?

-Вайн талламо х1ун гайти? Муха хуур ду къамелан дакъа нийса билгалдаккха?

-Дешархошца цхьаьна х1окху предложенеш т1ера къамелан дакъош билгалдаккху:

Стагана говза пхьпр хила дуккха хан а, ницкъ а беза.Цуьнан 1еминчу куьйгаша говза юьйцира юткъа бой.

-Хьалхарчу предложенехь говза боху дош муьлха къамелан дакъа ду?Муьлхачу дашца уьйр ю цуьнан?

Говза боху дош ц1ердашца уьйр а йолуш, цунах лозуш хилча, муьлха къамелан дакъа хуьлий лела?(билгалдош).

-Шолг1ачу предложенехь долчу говза бохучу дашна иштта таллам а бой къастадо иза хандашах дозуш хилар а, иза куцдош хилар а.Куцдош х1инца а 1амош дацахь а, иштта кхетам оцу къамелан декъах белча, дешархоша предложенина синтакически къастам беш атта билгалдоккхур ду:говза боху дош ц1ердашца уьйр йолуш делахь-иза къастам бу,ткъа хандешнашца уьйр йолуш делахь- латтам бу(хаттар цхьаъ делахь а)

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 24-г1а шардар.Билгалдаха къамелан дакъош.

2)Кхеторан диктант.

Асмарт Доккмал цхьа шой биъ бутт жима яра.Цхьайтталг1а шо дара цуьнан.Тойсам цул цхьа шой ах шой жима вара.Уггар жимачу Сацитин ши шо дара.Човка бераш дийшинчуьра г1овттале йоьдура балха.Сатоссуш оза доладора хьелий. Бажа д1абаханчул т1аьхьа ц1а а йог1ий,ц1ахь г1уллакх а дой, балха юхайоьдура иза.Ткъа шаьш дисинчу бераша чоь юха а кегайора.(Х-А.Берасанов)

-Терахьдешнаш,ц1ерметдешнаш билгалдаха.

-Долахь долчу ц1ердешнашна буха сизаш хьакха.

- Бераша бохучу дашна морфологически къастам бе.

- Кегайора бохучу дашна дешх1оттаман къастам бе.

- Жима,жимачу,бераш,бераша бохучу дешнаша лексически маь1на я грамматически кеп хийцина?

-Антонимаш юй х1окху кийсак т1ехь?

V.Ц1ахь бан болх.

 

1.Кечам бе талламан диктантана.

2.Кхочушде 25-г1а шардар.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е: Талламан диктант

1алашо: 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

Личностни Лераме юкъаметтиг кхечунна хеташдолчунна а, кхечу къаьмнийн историга а, оьздангалле а кхоллар;

Регулятивни Шен я кхечуьнан г1уллакхдарехь, хьалха лаьттачу дарийн 1алашо х1оттор, кепе ялор, т1аьхьа-хьалха г1уллакхдаран план х1оттор, хиламан хиндерг дийцар

Познавательни Дошамаш т1ехь болх бар, дашах лаьцна оьшуш болу хаамаш карор

Коммуникативни Монологехь а, диалогехь а ша дечу къамелан терго яр, меттан грамм.синт. норманаш ларъеш

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1айоьшу.

Хьаьмц.

Хьаьмц колл ларахь а,стомма а долуш, масийтта дитт ду. Хьаьмцо заза т1аьхьа доккху. Цо заза даьккхича,гота охучуьра сацош ю.Иза аьхке юлуш хиларан билгало ю.

Хьаьмцаш гурахь шело х1оьттича хуьлу.Уьш мадбелча,сискалца бууш мерза хета. Хи чу буллий, 1алаш а бо вайнаха хьаьмцаш,царех варени а йо.

Хьаьмца к1елахь хиъна 1аш хьан тидам хуьлу, дийнахь х1аваэхь лакхахула лелаш хилла ч1ег1ардигаш,лаьттах хьакхалуш ца хьакхалуш,лахахула леларан.И х1ун ду? И дера ду дог1а дан тохаделча лакхара т1унделла сагалматаш: чуьркаш, мозий лаьттана гергга охьадаьхкина хилар.

(Хь.Хасаев)

ΙΙΙ.Текст т1ехь болх.

 

1)Дешархоша шайн г1алаташ нисдо.

 

2)Билгалдаха ц1ердешнаш, билгалдаха ц1ердешнаш.

3)Шолаг1а предложени синтаксически талла.

ΙV.Рефлекси.

V.Ц1ахь бан болх

 

Ц1ердашах лаьцна карладаккхар.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо:Даьхначу г1алаташна т1ехь болх бар.

 

Личностни Дешархойн шаьш – шайна кхиарна кечаман а, хьуьнаран а чулацам, дешарна а, довзарна а шовкъ кхоллар

Регулятивни Барта а, йозанан кепехь а шен я гондахьа болчеран г1уллакхан нийса мах хадор, таллар; оьшучохь г1алат нисдар

Познавательни Шен кхетам гайтар, хуург билгалдаккхар

Коммуникативни Цхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Тетрадаш д1асадекъар.

ΙΙΙ.Дукха даьхна г1алаташ дийцаре дар.

Дешархошка шайн г1алаташь болх бо1ту.Бакъонаш карлайоху.

ΙV.Уьн т1ехь болх бар.

Ц1ердешнаш схьаяздар.


Поделиться с друзьями:

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Биохимия спиртового брожения: Основу технологии получения пива составляет спиртовое брожение, - при котором сахар превращается...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.031 с.