Урокан ц1е:Доладерзоран ц1ерметдешнаш а , церан легар а. — КиберПедия 

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Урокан ц1е:Доладерзоран ц1ерметдешнаш а , церан легар а.

2017-06-12 3583
Урокан ц1е:Доладерзоран ц1ерметдешнаш а , церан легар а. 4.67 из 5.00 6 оценок
Заказать работу

1алашо: Доладерзоран ц1ерметдешнаш довзийтар, уьш лего 1амор,

Кхечу ц1ерметдешнех схьакъасто хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

 

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Г1ант,к1ант,къолам,кхокха,хьарамло,гома,ц1ен,мотт,хьекъал,цхьогал,т1оьрмиг,п1елг,къонах,вуьрх1итта,ткъе итт, тхо,суо,и-ша,хьайниг.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

-Муьлхачу дожарехь ду и ц1ерметдешнаш?

-Доланиг дожарехь долу ц1ерметдешнаш муьлхачу маь1нехь лела?

-Шайн кхечу дешнашца йолчу уьйре хьаьжжина,муха ду вай яздина ц1ерметдешнаш?(лааме а, лаамаза).

-Лаамазниш хийцалой дожаршца?(ца хийцало)

-Лааменаш муха кхолладелла?Муьлхачу дожарехь долчу ц1ерметдешнашна тоха еза суффикс –иг, муьлхачунна -аш?

шайниг Цхьаллин терахь
шайнаш Дукхаллин терахь
сайниг Цхьаллин терахь
сайнаш Дукхаллин терахь
   

V.Дозуш долу къамел кхиор.

Х1ара дешнаш юкъахь а долуш предложенеш х1иттае: сайниг,тхайниг,хьайниг,шайнаш,хьайнаш,вайниг,вайнаш.

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 199-г1а шардар.

2.1амае 31-г1а §.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш а, церан легар а.

1алашо:Дерзоран-доладерзоран тайпанаш вовшахкхетарца кхолладелла

цхьа тайпа муха ду хаар.Уьш лего хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

 

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Легаде х1ар ц1ерметдешнаш: тхаьш,хьо-хьуо,хьайниг,тхайниг.

2.Фронтальни хаттарш:

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Х1унда тиллина ц1ерметдешна иштта ц1е?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1айоьшу 32-г1а§.

-Муьлхачу ц1ерметдешнех олу дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш?

-Муьлха тайпанаш вовшахкхетта?

-Легаде шун-шайн,шун-шайнаш боху ц1ерметдешнаш.

 

Ц1.шун-шайн,шун-шайнаш

Дл. шун-шайчун,шун-шайчеран

Л. шун- шайчунна,шун-шайчарна

Др. шун- шайчо,шун-шайчара

К. шун- шайчуьнца,шун-шайчаьрца

Х. шун- шайчух,шун-шайчарех

М. шун- шайчуьнга,шун-шайчаьрга

Дс. шун- шайчул,шун-шайчарел

 

-Билгалъяха церан чаккхенаш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 202-г1а шардар.

-Ц1ерметдешан тайпа, терахь,дожар билагалдаккха.

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш х1иттае х1окху ц1ерметдешнех .Суна,ас-айса,цо,хьо-хьуо,и-ша.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 203-г1а шардар.

2.1амае 32-г1а §.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Гайтаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а, т1еч1аг1дар.

1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу гайтаран ц1ерметдешнаш,

Гайтаран ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдолу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?

-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?

 

ΙV.Дешнийн диктант.

Со,хьо,шайн,шайниг,со-суо,шаьш,тхаьш,шу,ша,уьш,и-ша,суна,вайх,соьга-сайга,вай,сайца,шух-шайх.

-Тайпанаш билгалдаха ц1ерметдешнийн.

V.Керла коьчал йовзийтар.

 

Дешархошка йоьшуьйту 33-г1а§.

-Стенах олу гайтаран ц1ерметдешнаш? Цара х1ун гойту?

-Х1ара,д1ора,кхузара,цигара,хьуьллара бохучу ц1ерметдешнаша х1ун гойту?

-Легаде д1ора хьун,кхузарниг,цигарнаш боху ц1ерметдешнаш.Хьуьллара,д1ора,х1ара,х1орш,кхузара,цигара.

Ц1.д1ора хьун,кхузарниг,цигарниг

Дл.д1орачу хьуьнан,кхузарчун,цигарчеран

Л.д1орачу хьуьнна,кхузарчунна,цигарчарна

Др.д1орачу хьуьно,кхузарчо,цигарчара

К.д1орачу хьуьнца,кхузарчуьнца, цигарчаьрца

Х.д1орачу хьуьнах,кхузарчух,цигарчарех

М.д1орачу хьуьне,кхузарчуьнга,цигарчаьрга

Дс.д1орачу хьуьнал,кхузарчул,цигарчарел.

-Муьлха ц1ерметдош ду юкъара долуш?(х1ара)

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 212-г1а шардар.

-Гайтаран ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.

2.Легаде цигара йо1,хьуьлларниг

Ц1.цигара йо1,хьуьлларниг.

Дл.цигарчу йо1ан,хьуьлларчеран

Л. Цигарчу йо1анна,хьуьлларчарна

Др. цигарчу йо1о,хьуьлларчара

К. цигарчу йо1аца,хьуьлларчаьрца

Х. цигарчу йо1ех,хьуьлларчарех

М. цигарчу йо1е,хьуьлларчаьрга

Дс. Цигарчуйо1ал,хьуьлларчарел

 

VΙΙ.Жам1 дар.

-Гайтаран ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Лааме а,лаамаза а хуьлий гайтаран ц1ерметдешнаш?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 214-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш

Урокан ц1е: Изложени«Наний,к1анттий.».

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.Предложени нийса х1отто хаар, пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.Ц1ерметдешнаш а, кхидолу къамелан дакъош а предложенина нийса юкъадалор,шардар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

1)дешархошна тетрадаш декъар.

 

ΙΙ.Изложени язъян кечам бар.

 

1.Кхочушдо 215-г1а шардар.

2.шардар т1ера кицанаш схьаяздо

3.кхин а яздо кицанаш.

а)Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду.

б)Доьзал дика-беркат дукха.

в)Нанас йина чов лаза а ца лозу.

г)Дечиган елахь а тоьлу нана.

д)Нана елча беран даг т1ера доьжна зезаг кхин т1е ца долу.

ΙΙΙ.Изложенин текст.

1уьранна н1аьнеш кхойкху хан хилале г1еттина хьийзаш яра нана.Дукха тишъяларна,зарзъелла йолу басмин мокха коч,1аьржа шолан йовлакх,тиша ши пошмакх юьйхина,,кечъеллера” иза.И йовлакх цо лело х1ара ткъех шо дара,кхин духар цунна т1ехь ца гинера я цуьнан и дан а дацара.

Меллаша д1атеттира цо тишачу ц1ийнан не1, йижина нус самаяларна кхоьруш.Ехха лаьттира иза самаваккха ца х1уттуш.

Цхьана кертахь дара к1ентан,ненан ц1енош.Нана чохь 1ачарех тера-м дацара хьасанан ц1енош.Еттинчу кибарчигех, вуно куьцехь т1ек1ел йина х1усамаш яра уьш.Ткъа нана чохь ерг цхьа тиша лаппаг1а яра,хьалха халчу хенахь, кхуо шен ц1ийндеца йина,керлачу ц1енош чу велира Хьасан шен къена нана а йитина.Нене цхьа а дош ца элира цо.Ша йисча, худаелла,лазаро лаьцна,д1аелира Хьулимат.Т1ехь да а воцуш.Оццул хало кхийначу к1анта динарг лалун х1ума дацара.Ненаца цхьаьна кертахь-м ву х1ара.

-Хьасан!Къинт1ера валахь суна.Тахана кха т1е картолаш схьаяха йоьдуш ю со.Хьо балхара ц1а веъча,суна т1аьхьа вог1ур вуй хьо?

-Ца веъча волий со? Цкъа а дера ца вуьту ахь со сайн накъосташца охьахаа,-нанна реза вацара к1ант.

Ваха везачу хенахь нанна т1аьхьа ца вахара Хьасан.Иза шен хьешашца самукъадоккхуш вара.

ΙV.Изложенин текст т1ехь болх бар.

Кицанех муьлхарг хоржур дара аш х1окху изложенина ц1е тилла?(Дика во1-г1ала,вон во1-бала.Дений, нанний муьт1ахь воцу доьзалхо-гергара мостаг1)

-Маца хьалаг1еттина нана картолаш схьаяха яха?

-Иза чохь 1ен ц1енош дина дуй?Ткъа к1ентанаш?

-Худалой цомгаш х1унда хуьлу иза?

-Шен к1антаца къамел оьзда дой цо?

-К1антан х1ун эр дара аш?

-Шу муха хир ду шайн ненаца?

-Шуна бевзий иштта к1ентий?

-Х1ун эр дара аш царех лаьцна.

V.Изложени язъяр.

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.029 с.