Массо а метте: коьрта тIера дIадолийна, тIаккха юьхьа тIе, тIаккха дегIан хьалхарачу агIонна — КиберПедия 

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...

Массо а метте: коьрта тIера дIадолийна, тIаккха юьхьа тIе, тIаккха дегIан хьалхарачу агIонна

2023-01-01 23
Массо а метте: коьрта тIера дIадолийна, тIаккха юьхьа тIе, тIаккха дегIан хьалхарачу агIонна 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

 

тIе. Кхузза дийра ду и» (Бухари).

3. Аятул-курсий доьшур ду:

(Бухари). (هللاُ آلِإَنَهِإالَ هَُىْانحَيُْانَقيُىوُ)

Аятул-курсий дешаран пайда а, ял

а


И дешнарг - даима ларвеш хир ву АллахIана гергарачу ларвархочо, шайтIа

 

 

123


улле а гIур дац цунна, дIадаханчу цIеначу хьадисехь дийцина ма-хиллара.

4. «Бисмика робби вадаIту жанби, ва бика арфаIухI, фа ин амсакта нафси фархьамхIа, ва ин арсалтахIа фахьфазхIа бима тахьфазу бихIи Iибадакассолихьин».

«Сан Дела! Хьан цIарца сайн агIо охьабуьллу аса, Хьо бахьана долуш хьала а айбо аса и. Нагахь Ахьа сан са дIаэцахь - къинхетам бе Ахьа цуьнах, нагахь Ахьа и суна чу юхадерзадахь - ларде Ахьа и, Айхьа Хьайн дика лаьш лар бечу хIуманан юкъараллица» (Бухари,Муслим).

5. «АллохIумма иннака халакъта нафси ва анта таваффахIа, лака маматухIа ва махьйахIа. Ин ахьйайтахIа фахьфазхIа, ва ин аматтахIа фагIфир лахIа. АллохIумма инни асъалукал IафийахI».

«Я АллахI! Боккъалаъ, Ахьа кхоьллина сан са. Ахьа йийр йолуш ю-кха цуьнан Iожалла а. Хьан керахь


 

124


ду цуьнан дахар а, цуьнан далар а. Нагахь Айхьа иза дийна дитахь – ларде Ахьа иза, нагахь Айхьа цуьнан Iожалла еш хилахь - гечде Ахьа цунна. Я АллахI! Аса могашалла йоьху Хьоьга» (Муслим).

 

6. «АллохIумма къини Iазабака йавма табIасу Iибадак».

«Я АллахI! Хьайн Iазапах ларве Ахьа Со, Айхьа Хьайн лаьш гIовтточу (я денбечу) дийнахь»

(кхузза эра ду) (Абу Дауд, Тирмизи). И доIа доьшу дIавуьжучо шен

аьтту куьг беснина кIел диллича.

7. «СубхьаналлахI» («ЦIена вуАллахI»)ткъе кхойттазза(33)эра ду.

«Валхьамду лиллахI» («Хастам буАллахIана»)ткъе кхойттазза(33)эраду. «АллахIу акбар» («АллахIВоккхаву»)ткъе кхойттазза(33)эра ду»(Бухари, Муслим).

8. «Алхьамду лиллахIиллази

 

атIIамана, ва сакъана, ва кафана, ва


 

125


авана, факам мимман ла кафийа лахIу ва ла муъвийа».

 

«Хастам бу АллахIана - вайна пхьор даийначу, вайна хи малийначу, вай лардиначу, вайна Iойла (я чугIойла) еллачу, ткъа мел дукха бу-кха шайна лардархо воцуш, Iойла (я чугIойла) луш верг воцуш»

 

(Муслим).

 

9. «АллохIуммаIалималгIайбивашшахIадати, фатIыроссамавати валъарди, робба кулли шайъин ва маликахIу, ашхIаду алла илахIа илла анта, аIузу бика мин шарри нафси, ва мин шарришшайтIони ва ширкихIи, ва ан акътарифа Iала нафси суан, ав ажуррахIу ила муслими».

 

«Я АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Дела, массо хIуманан Паччахь! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гIо лоьху аса сайн син


 

126


вонах ларвала. ШайтIанан вонах а, цуьнан ширках а ларло со Хьоьца. Аса айса сайна вониг дарх а я айса и кхечу бусалбанна дарах а ларло со Хьоьца» (Тирмизи,Абу Дауд).

 

10. «АллохIумма асламту нафсиилайка, ва фаввадту амри илайка, ва ваджжахIту ваджхIи илайка, ва алжаъту захIри илайка, рагIбатан ва рахIбатан илайка. Ла малджаа ва ла манджа минка илла илайка, аманту бикитабикаллази анзалта, ва бинабиййикаллази арсалта».

 

«Я АллахI! Сайн дегI хьуна муьтIахь ди аса. Сайн болх Хьан кара бели аса. Сайн дерриге гIуллакхашкахь сайн лаамца а, Хьуна хьалхахь кхерарца а Хьоьх тешна (я Хьуна тIетевжина) ву со. Хьоьх лочкъийла а, кIелхьараволийла а яц сан, Хьоь (верзар) йоцург. Со тешна Ахьа доссийначу Хьан жайнех а, Ахьа ваийтиначу Хьан пайхамарх а»

 

(Бухари, Муслим).


 

127


11. «АллохIуммароббассамаватиссабIи, ва роббал арди, ва роббал Iаршил Iазим, роббана ва робба кулли шайъин, фаликъол хьабби ваннава, ва мунзилаттавроти вал инжили вал Фуркъони, аIузу бика мин шарри кулли шайъин, анта ахизун бинасийатихI! АллохIумма антал аввалу фалайса къаблака шайъуш, ва антал ахиру, фалайса баIдака шайъун, ва антаззахIиру, фалайса фовкъака шайъун, ва антал батIину, фалайса дунака шайъун, икъди Iаннаддайна, ва агIнина миналфакъри».

 

«Я АллахI! ХIай ворххIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела! ХIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела! ХIай Таврат а, Инжил а, КъурIан а доссийна верг! Со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах - Хьо ву и керахь долуш верг. Я АллахI! Хьо ву Хьалхарниг - Хьоьл хьалха хIуммаъ


 

128


хилла дац. Хьо ву ТIаьххьарниг - Хьоьл тIаьхьа хIуммаъ дац. Хьо ву Толаме верг - Хьоьл лекха хIуммаъ дац. Хьо ву Къайлах верг (къайлах дерг хууш верг) - Хьоьл герга хIуммаъ дац. Тхуна тIера декхар дIатакха Ахьа, тхо мискаллех хьалха а даха Ахьа» (Муслим).

 

12. «Бакъарат»суратератIаьххьара долу ши аят доьшур ду, Сийлахь-Везачу АллахIан хIокху дешнашна тIера дIадолийна:

 

(ٌىُيؤًناو هبر ٍي هينإ لزَأ آًب لىسرنا ٍياء).

 

Хьадис ду:

«Буса и шиъ дешначунна -

 

тоам болуш ду» (Бухари,Муслим).Iеламнаха «тоам болуш ду»

 

бохучуьнан маьIна тайп-тайпанара даьккхина.

Цхьаболчара аьлла:

 

«Оцу буса гIаттаран метта хIуттуш ду и шиъ».

Вукхара аьлла:


 

129


«Массо вочу хIуманах, зенах, бохамах ларван тоам болуш ду и шиъ».

 

Ткъа суна гуш дерг: и шиъэ хила тарлуш ду цуьнах лууш дерг.

 

Чекхдели Нававин къамел («ал-Азкар»).

 

13. ДIавуьжучу хенахь ламаз керахь долуш хилар.

Хьадис ду:

«Хьайна дIавижа лиъча – ламаз эца».

14. ДIавуьжучу хенахь аьтту агIонна тIе вижар.

«Цул тIаьхьа дIавижа хьайн аьтту агIонна тIе» (Бухари,Муслим).

15. Аьтту куьг аьтту беснина кIел

диллар.

«Ша дIавуьжучу хенахь шен аьтту куьг – аьтту беснина кIел дуьллура цо» (Абу Дауд).

16. Шена дIавижа метта вала лиъча - мотт дIабега бойла, куьг а хьокхуш чекх волийла иза, хIунда аьлча


 

130


оцу юккъехь дIаьвше хIума, я зене хIума,

 

я гезиг ю-яц ца хаьа цунна.

 

17. ХIара сурат дешар:

(ٌوَرُِفاكَناْاَهُيَأ آَي مُْق).

Цуьнан пайда а, ял а:

 

«Иза – ширкан декъах цахилар (я ширках цIена хилар) ду».

Абу Дауда, Тирмизис, Ахьмада, ибн Хьиббана, Албанис цIена хьадис лерина и. Хьакима а, ЗахIабис а, Хьафиза а дика хьадис («хьасан») лерина и.

 

Нававис аьлла:

 

«Адамна тоьлуш дерг – хIокху декъехь дийцина долу дерриге (суннаташ дешар) лелор ду. Дерриге а деша таро ца хилча - царех коьрта дерш а дешна тоам бийр бу».

 

Нехан хьал тергал дича, тидаме эцча, дукхаха болу нах дийнахь а, буса а шозза дIабуьйшуш карабо вайна. ТIаккха хIара суннаташ я царех цхьадерш шозза лелон йиш йолуш хуьлу цо, хIунда аьлча хIара суннаташ буса дIавуьжучу хенахь


 

131


лелон къастийна дац. Муххале цара юкъалоцу дийнахь еш йолу наб а цхьаьна, хIунда аьлча и хьадисаш юкъара ду.

 

ДIавуьжучу хенахь хIара суннаташ лелоран пайда а, ял а

 

1) Бусалба стага ша дIавижале хьалха хIара зуькарш а, тасбихьаш а, доIанаш а лелийча - бIе (100) сагIа даларан ял дIаязйо цунна.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«ХIора тасбихь – сагIа ду, хIора акбар – сагIа ду, хIора хастаме дош – сагIа ду, хIора Дела цхьаъ варан дош – сагIа ду» (Муслим).

Нававис аьлла:

«Церан ял хир ю цунна».

 

2) Ша дIавижале хьалха бусалба стага хIара суннаташ лелийча - ялсаманехь бIе (100) дитт дугIу цунна.

 

Оцуьнан хьокъехь долу хьадис хьалха хьахийра вай, ибн Маджатан


 

 

132


«Самратул азкари баIдас солати» жайнахь долу.

 

3) Уьш лардеш волу лай АллахIа Iалашвийр ву, оцу буса шайтIа гена а дера ду цунна, массо вонех, баланех хьалха а воккхур ву иза.

 

4) Уьш лелийначу АллахIан лайн дIадаьлла де а лорур ду - АллахI хьехош, Цунна муьтIахь хуьлуш, болх Цуьнан кар луш, Цуьнгара гIо доьхуш, И цхьаъ веш дIаделла де санна.

 

ДЕШАТIАЬХЬЕ

 

Вайна хIора денна лелош долучу суннатех гулдан аьтто баьлларг а, каяьлларг а ду хIокху жимачу жайнахь дерш.

 

АллахIе доьху вай: вайн дахар Мухьаммад элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннат тIехь дар, оцу тIехь вайн далар дар а.


 

133



Поделиться с друзьями:

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.044 с.