Мухьаммадан IабдухIу ва росулухIу». — КиберПедия 

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Мухьаммадан IабдухIу ва росулухIу».

2023-01-01 24
Мухьаммадан IабдухIу ва росулухIу». 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

И доIа дешаран пайда:

 

«…Ткъа цунна хьалха билггал ялсаманин бархI неI схьайоьллур ю - иза чувахийта царех шена лиъначу неIарехула» (Муслим).

 

14. Ламаз цIахь эцар.АллахIан элчано (АллахIера

къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шен цIахь ламаз а эцна, АллахIан хIусамех (маьждигех) цхьана хIусаме ваханарг, АллахIан парзех цхьа парз кхочуш дан, - цо мел йоккхуш йолу цуьнан гIулчаш: цхьамма цунна тIера къа дIадоккхуш, вукхо дарж айдеш хир ю» (Муслим).

 

15. Юьлучу меженна тIехула юх-юха а хица куьг дIасахьекхар.

16. Хица кхоаме хилар.

 

Барт хилла хьадис ду:


 

15


«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь цхьа мудд хи дайъира».

 

17. Йила езаш йолучу еа меженехь (шина куьйгехь, шина когехь) парз долучу меттигел а йилар совдалийтар.

«Абу ХIурайрас ламаз ийцира; шен куьг дилира цо - пхьарс юкъа а лоцуш, шен ког билира цо – ност юкъа а лоцуш. ТIаккха элира цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцуш гира суна иштта»»

(Муслим).

18. Ламаз эцначул т1аьхьа ши ракаIат ламаз дар.

19. Леррина ламаз эцар, вуьшта аьлча: хIора меже йиларан хьакъ дIа а луш, меженашка массанхьа хи а кхочуьйтуш.

ХIора бусалба стага дийнахь-буса мосуьйттазза оьцу ламаз. Цхьаболчара


 

16


пхоьазза, кхечара кхин а сов оьцу - зуьхьа ламаз дан лиъча а, Iуьйкъахь гIаьттича а. Нагахь бусалба стага ша ламаз мосазза ийци хIара суннаташ леладахь - йоккха ял йоккхур ю цо шена.

 

Ламаз оьцучу хенахь лакхахь дагардина суннаташ лелоран пайданаш

 

Элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашна юкъавоьду иза.

 

«Къинош дIадевр ду хьакъ долучу кепара ламаз эцначунна тIера, цуьнан мIарашна бухара а цхьаьна ара а дуьйлуш» (Муслим).

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шух, эца ма-деззара ламаз эцна, цул тIаьхьа дIа а хIоьттина, шен юьхьца а, дагца а тIевирзина, ши ракаIат ламаз дахь, билггал ялсамане гIур ву иза, къиношна а гечдийр ду цунна» (Муслим).

 

Имам Нававис аьлла:


 

17


«ХIокху тайпана доккха дарж а, дикалла а хилла цунна - шайтIанан гIулчашна дуьхьал къахьегарна а, цо иза шех эккхадарна а, уьш (суннаташ) хаддаза лардарна а, бIаьрганегIар тухучу ханна а юкъах цаваларна а, шен къинхьегамца шайтIанах Iалашваларна а, шен дог хаддаза Далла тIедерзийна латторна а».

 

СИВАК ХЬАКХАРАН СУННАТАШ

 

Дийнахь а, буса а масех хан ю бусалба стеган сивак (цергаш цIанйийриг) хьокхуш.

 

Хьадис ду:

 

«Сайн умматна (я тIаьхьа хIиттиначарна) айса хало ярна ца кхерахьара, сивак хьакха аьлла омра дийр ма дара аса цаьрга - хIора ламаз оьцуш» (Ахьмада а,Насаъис адийцина).


 

18


Дийнахь а, буса а бусалба стага сивак хьокхуш йолу ерриге хенаш ткъаннал (20) кIезиг яц. Бусалба стага, сивак а хьокхий, шен цергаш цIанйо: пхеа ламазна, ратиб-суннаташна, зуьхьа-ламазна, витар-ламазна. Иштта ша-шен хIусамна чуваьлча а, хIунда аьлча элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша чу воьдуш уггаре хьалха деш хилларг - сивак хьакхар ду: Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) ма-дийццара, Муслиман «Сахьихь» жайнахь дийцина а ма-хиллара.

 

Хьайн хIусаме хьо чу мосазза вели а, хьалха сивак а хьакхий, хьайн цергаш цIанье, суннат лардинарг хила.

 

Иштта суннат ду сивак хьакхар – КъурIан доьшучу хенахь, багара вон хьожа йогIучу хенахь, набарха ваьлча, ламаз оьцучу хенахь.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сивак цергаш цIаньеш а, Дела реза веш а ю» (Ахьмад).


 

19


Сивак хьакхаран суннаташ лелоран пайданаш

 

I. Сийлахь волу Дела реза хилар ду Шен лайна.

 

II. Бага вочу хьожанах дIацIаньеш хилар ду.

 

ХIокху заманан медицино гучудаьккхина сивак чохь дуккха а дарбане хIуманаш хилар, уьш цергашна а, доьлашна а пайдехь хилар.

 

Сивакера гучубевлла цхьаболу пайданаш:

 

1. Цуьнгахь микробашна дуьхьало ен молханаш ду.

 

2. Цуьнгахь хIума цIанъеш долу молханаш ду.

 

3. Къаьсттина цергаш цIанъеш долу молханаш ду.

 

4. Баганна тамехь а, багара хаза хьожа йоуьйту а молханаш ду.

 

КОГА МАЧАШ ЙОХАРАН

 

СУННАТ


 

20


Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Нагахь шух цхьаъ сандалеш (мачаш) тIейоха волахь - хьалха аьтту агIор (кога) юхийла, уьш дIаяха лиъча - аьрру агIор (когара) йохийла. Я шина кога йоьхна, я шина когара дIаяьхна хуьлда» (Муслим).

 

ХIара суннат бусалба стага дийнахь-буса мосуьйттазза а лелош ду, хIунда аьлча мачаш кога а юху - когара дIа а йоху: маьждиге воьдуш - маьждигера юхавирзича, нишка воьдуш - нишкара араваьлча, балха воьдуш - балхара цIавирзича.

 

Нагахь суннатехь ма-дарра мачаш кога а йохахь, когара дIа а яхахь, суннат кхочуш даран негат а долуш, – доккха дика а, дуккха а ял а хир ю оцу стаганна. Цуьнан дерриге лелар а хир ду суннатехь ма-дарра.

 

ДУХАРАН СУННАТАШ


 

21


Наха дийнахь-буса мосуьйттазза юх-юха а лелочух ду тIера духар дIадаккхар а, и тIедохар а. ТIера духар дIадаккхар: я диттийта хуьлда и, я дIавуьжучу хенахь хуьлда и, я муьлхха а кхидолучу бахьанашна хуьлда и - башхо а яц.

 

ТIера духар дIадаккхаран а, и тIедохаран а суннаташ ду:

 

1. «БисмиллахI»алар.Башхо яц тIедухучу хенахь а,

 

иштта тIера доккхучу хенахь а. Имам ан-Нававис аьлла:

 

«Муьлххачу а гIуллакхехь суннат ду и».

 

2. Пайхамара(АллахIеракъинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша бедар, я коч, я палаш, я чалба тIеюхучу хенахь олуш хилла:

 

«Я АллахI! Аса доьху Хьоьга хIокхуьнан дика а, хIара духар шен дуьхьа диначу бахьанин дика а. Хьоьгахь ларвалар лоху аса


 

22



Поделиться с друзьями:

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Наброски и зарисовки растений, плодов, цветов: Освоить конструктивное построение структуры дерева через зарисовки отдельных деревьев, группы деревьев...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.012 с.