ХIокхуьнан вонах а, хIара шен дуьхьа диначу бахьанин вонах а». — КиберПедия 

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

ХIокхуьнан вонах а, хIара шен дуьхьа диначу бахьанин вонах а».

2023-01-01 40
ХIокхуьнан вонах а, хIара шен дуьхьа диначу бахьанин вонах а». 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

 

Дийцинарш - Абу Дауд, Тирмизи, Ахьмад, Хьаким, ибн Хьиббана цIена хьадис лерина и.

 

3. Духар тIедухучу хенахь аьтту агIонна хьалха тIедохар.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша бедар, я коч, я палаш, я чалба тIеюхучу хенахь олуш хилла:

«Шаьш (духар) тIедухучу хенахь аьтту агIонна тIера доладе».

Дийцинарш - Тирмизи, Абу Дауд, ибн Хьиббан, ибн Маджат (цIена хьадис ду и).

4. Шен духар, коч, хеча тIера

 

дIайоккхуш, хьалха аьрру, тIаккха аьтту агIонна тIера а йоккхуш, йоккхур ю.

 

ЧУ-АРАВАЛАРАН СУННАТАШ

 

Имам Нававис аьлла:


 

23


««БисмиллахI» алар а, Лекха волу АллахI хьехор а, салам далар а суннат ду».

 

1. ХIусаме чу вогIуш АллахI

хьехор.

Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:

«Стага ша шен хIусаме чу вогIуш а, ша хIума юуш а АллахI хьахавахь, шайтIано олу: «Буьйса йоккхийла яц шуна я пхьор а дац шуна»» (Муслим).

2. Чу-ара волуш деш долу доIа. Пайхамаран (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:

 

«Я АллахI! Аса доьху Хьоьга уггаре дика чувалар а, аравалар а. АллахIан цIарца чу а даьхки вай, АллахIан цIарца ара а девли вай, вайн Дела волучу АллахIана тIе болх а буьллу вай. Цул тIахьа шен доьзале салам лур ду» (Абу Дауд).

 

Ша шен хIусаме чу вогIуш а, хIусамера ара волуш а болх АллахIана


 

24


тIебиллар лардеш хила веза – тIаккха даима АлахIаца уьйр йолуш хир ву.

3. Сивак хьакхар.

 

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша шен хIусаме чу ваьлча, (массо хIуманал) хьалха сивак хьокхуш хилла» (Муслим).

 

4. Салам далар.Лекхачу АллахIа аьлла:

 

«Шаьш шайн хIусаме чу довлучу хенахь шаьш-шайга (вовшашка) АллахIера беркатечу, дикачу маршонца салам ло» («ан-

Нур»: 61).

 

Бусалба стаг, ша хIора парз-ламаз маьждигехь мосазза до а шен хIусаме чу вогIуш хилар вай тардалийтича а, дийнахь-буса хIусаме чу вогIуш цо лелош долу суннаташ ткъа (20) хуьлу.

 

5. ХIусамера ара волучу хенахьэра ду:

 

«АллахIан цIарца! АллахIана тIе болх билли аса. Ницкъ бац, гIора


 

25


дац АллахIера бен» (Тирмизи,АбуДауд).

 

Бусалба стаг дийнахь-буса мосуьйттазза а араволу шен хIусамера, ткъа араволу иза: маьждиге ламазе ваха, балхана, цIийнан хьашташна.

 

Нагахь цо ша хIусамера ара

мосазза волу а хIара суннаташ леладахь

 

– доккха дика а, йоккха ял а хир ю цунна.

 

ХIусамера араваларан суннаташ лелоран пайданаш

 

1. Лайна кхачам хир бу цуьнгахь болучу массо дуьненан а, эхартан а сингаттамах.

 

2. Ларвалар а, кIелхьаравалар а хир ду лайна массо вонах а, бохамах а, цатам болучух а цхьабосса – жинашкарчу а, адамашкарчу а.

 

3. Нийсачу новкъа валар хир ду - тиларна бIостанехьа долу. Ткъа АллахIа нийсачу новкъа нисвийр ву хьо хьан массо динан а, дуьненан а белхашкахь.


 

26


МАЬЖДИГЕ ВАХАРАН

 

СУННАТАШ

 

1. Маьждиге хьалххе дIавахар.АллахIан элчано (АллахIера

 

къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю), пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), - билггал и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу ял) - билггал хьалхабовларах къуьйсуш сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу ял) - билггал богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка


 

27


безаш хилча а (хьовха)» (Бухари,

 

Муслим).

2. Маьждиге воьдуш ден доIа

дешар:

«Я АллахI! Сан дагчохь нур де Ахьа. Сан маттехь нур де Ахьа. Сан хазарехь нур де Ахьа. Сан бIаьрсехь нур де Ахьа. Суна тIехьахь нур де Ахьа. Суна хьалхахь нур де Ахьа. Суна тIехула нур де Ахьа. Суна бухахь нур де Ахьа. Я АллахI! Нур ло Ахьа суна» (Муслим).

3. Маьждиге синтеме а волуш, эсалачу боларехь вахар (бIаьрг ларбеш, аз ца ийдеш, дIа-схьа ца хьоьжуш).

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шайна къамат деш хезча, ламазе гIо – синтемаца, эсалаллица»

(Бухари, Муслим).

4. Маьждиге гIаш вахар.

 

Бусалба нехан бакъонаш евзачу факъихIаша билгалдина: маьждиге воьдучу хенахь ког ул-улле баккхар а,


 

28


болар сих ца дар а суннат хилар. ШарIин баххашна тIе а тевжина - маьждиге воьдучу хенахь гIулчаш дуккха а яхаран дозалла билгалдина долучу. Цига воьдучуьнан диканаш алсам далийтархьамма.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

««Аса дийца шуна и бахьанехь АллахIа къиношна гечдеш а, и бахьанехь дарж айдеш а дерг?». Цара аьлла: «Дийцахьа, хIай АллахIан элча». Царех дагардира цо - маьждиге воьдуш гIулчаш дукха яхар…» (Муслим).

 

5. Маьждигна чу волучу хенахь

доIа дар:

«Я АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахьа суна» (Насаъи,

ибн Маджат, ибн Хузаймат, ибн Хьиббан).

6. Маьждигна чу волуш аьтту ког хьалха чубаккхар.

Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:


 

29


«Суннат ду хьо маьждигна чу волучу хенахь хьалха аьтту ког чубаккхар, ара волучу хенахь – аьрру ког хьалха арабаккхар»

 

(Хьаким).

 

7. Хьалхарачу могIаре хIоттар.

 

«Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю), пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), - билггал и дийр ма дара цара! (Бухари,

 

Муслим).

8. Маьждигера ара волуш доIа

дар:

 

«Я АллахI! Хьан къинхетам боьху Хьоьга» (Муслим).

 

Насаъис тIетоьхна: «Ара волучухенахь элчанна салават дуьллур ду»

аьлла.


 

30


9. Маьждигера ара волучу хенахь аьрру ког хьалха ара боккхур бу (лакхахь далийначу Анасан дийцарна тIе

а тевжина).

 

10. Маьждигна чу ваьлча, маьждиган хьурматан ламаз дийр ду.

«Шух, маьждигна чу ваьлла верг, цхьа а охьа ма хоийла ши ракаIат ламаз даллалц» (барт хиллахьадис ду).

ШафиIичо аьлла:

«Маьждиган хьурматан ламаз - ламаз дар дихкиначу хенашкахь а ду дан дезаш».

Хьафиза аьлла:

«Фатван охIланан цхьабарт бу маьждиган хьурматан ламаз суннат ларарна тIехь».

ХIара дерриге суннаташ - бусалба стага ша пхеа ламазе маьждиге мосазза воьду а леррина лелон дезаш долу - шовзткъе итт (50) нисло.


 

 

31


МОЛЛАЛЛА КХАЙКХАРАН

 

СУННАТАШ

 

Моллалла кхайкхаран суннаташ пхиъ ду, ибн ал-Къаййима «Задул-маIад» жайнахь билгал ма-даккхара:

 

1. Моллалла кхойкхуш шена хезаш волучо, кхойкхучу моллаллина тIаьхьа цо эрриг эра ду, «хьаййаIалассолат» а, «хьаййа Iалалфалахь» а доцург.

Моллалла кхойкхучо и шиъ аьлча, ладугIуш волучо эра ду: «Ла хьовла валакъуввата илла биллахIи» (Бухари,

Муслим).

ХIара суннат лелоран пайда Ялсаме хьакъ йо цо цунна (цуьнан

бух Муслиман «Сахьихь» жайнахь бу).

2. Моллалла кхойкхуш хезачо

хIара алар суннат ду:

 

«Ва ана ашхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу. Родийту биллахIи роббан, ва би


 

32


Мухьаммадин расулан ва бил ислами динан».

 

«Аса а до тоьшалла, цхьа АллахI воцург, кхин Дела цахиларца - Шеца накъост а воцуш, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Со реза хили - АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад - сайн элча хиларна, Ислам - сайн дин хиларна».

 

ХIара суннат лелоран пайда Цуьнан къиношна гечдийр ду,

 

лакхахь хьадисехь дийцина ма-хиллара. 3. Моллалла кхойкхуш волучунна

 

ша тIаьхьара аьлла ма-ваьллехь, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дуьллур ду - пайхамарна дуьллучу салватех уггаре дуьззина долу салават: ИбрахIиман салават (цул дуьззина а, кхачаме а салават дац).

 

Цуьнан бух - элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:


 

33


«Шайна моллалла кхойкхуш хезча, аша а ала моллалла кхойкхучо олуш дерг. Цул тIаьхьа къинхетам беха суна АллахIе (я салават дилла суна). Боккъалаъ, цкъа и динаволчунна - АллахIа цунна дуьхьал уьттазза салават дуьллур ду» (Муслим).

 

ХIара суннат лелоран пайда Лекхачу АллахIа уьттазза салават

 

дуьллу оцу лайна - цо диллиначу цхьанна дуьхьал.

 

Сийлахьчу АллахIа Шен лайна салават дуьллу бохучуьнан маьIна - Цо и Шен лай хастор ду стигларчу маликийн тобанна хьалха.

 

ИбрахIиман салаватан чулацам:

 

«Я АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах, цуьнан доьзалах - Айхьа ИбрахIимах а, цуьнан доьзалах а къинхетам ма-барра. Боккъалаъ, Хастаме, Сийлахь ву Хьо! Я АллахI! Беркат де Ахьа Мухьаммадна, цуьнан доьзална -


 

34


Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан доьзална а беркат ма-дарра. Боккъалаъ, Хастаме, Сийлахь ву Хьо!» (Бухари).

 

4. Пайхамарна(АллахIеракъинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша салават диллиначул тIаьхьа эра ду:

 

«АллахIумма робба хIазихIиддаIвати-таммати, вассолатил-къоимати, ати Мухьаммаданил-василата ва-лфадилата, вабIасхIу макъоман махьмудан, аллази ваIадтахI, иннака ла тухлифу-лмиIад».

 

«Я АллахI! ХIокху кхачаме долучу кхайкхаран Дела! Дечу ламазан Дела! Мухьаммадна «василат» а, «фадилат» а ло Ахьа, Айхьа цунна ваIда (чIагIо) йина, лур ю аьлла йолучу хастамечу меттехь гIатта а ве Ахьа и. Боккъалаъ, Ахьа Айхьа йина ваIда (чIагIо) йоха ца йо-кха».

 

ХIара доIа даран пайда


 

35


И доIа динарг милла велахь а - пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шапаIат хьанал хир ду цунна.

 

5. Цул тIаьхьа шена доIа дийр ду,АллахIе къинхетам а, комаьршо а йоьхур ю. Боккъалаъ, АллахIа жоп лур ду цунна.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Ахьа ала цара (моллалла кхойкхучара) олуш дерг царна тIаьххье. (Хьо царна тIаьхьара аьлла ваьлча, Деле деха хьайна дезарг),

 

лур ду хьуна» (Абу Дауд,ибн Хьаджарадика хьадис («хьасан) лерина и, ибн Хьиббана бакъ хьадис («сахьихь») лерина и).

 

ХIара дерриге суннаташ, хIора бусалба стага моллалла кхойкхуш мосазза хеза а леррина лелон дезаш долу, – ткъе пхиъ (25) ду.

 

КЪАМАТ ДАРАН СУННАТАШ


 

36


Моллалла кхайкхарехь дагардина долу хьалхара диъ суннат лелор ду къамат дечу хенахь а.

 

Иштта ду Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолучу Iеламнехан комитетан фатва а.

 

ТIаккха дерриге суннаташ, хIора ламазна къамат мосазза дин а лелош долу, - ткъа (20) хуьлу.

 

Пайда Къамат деш хезачунна суннат ду

 

къамат дечо олуш дерг тIаьхьара алар,

 

хIара шиъ доцург: «хьаййаIалассолат», «хьаййа Iалалфалахь». И шиъ аьлча,

тIаьхьара ала дезаш дерг: «ла хьовлавала къуввата» ду.

Къамат дечо «къодкъоматиссолат»

 

аьлча, тIаьхьара олуш волучо а эра ду уьзза. Амма «акъамахIаллохIу ваадамахIа» эра дац,хIунда аьлча цуьнанхьокъехь дийцина долу хьадис бух боцуш ду.


 

37


Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолучу Iеламнехан комитетан фатва а ду иштта.

 

ЛАМАЗ ДУЬХЬАЛОННА

ТIЕВИРЗИНА ДАР

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шайх цхьамма ламаз дечу хенахь - сутратанна (дуьхьалонна) тIе а дирзина дойла аша и, цунна улле тIе а хуьлийла шу. Шена а, цунна а юккъехула цхьа а дехьа а ма волуьйтийла» (Абу Дауд,ибн Малик,ибн Хузайм).

 

ХIокху хьадисо гойту: ламаз дечу хенахь дуьхьало хIоттор суннат хилар. Башха а дац: маьждигехь хуьлда и я цIахь хуьлда. Божаршна а, зударшна а цхьабосса ду и суннат.

 

Ламазаш дечарех цхьаболчара лелонза дуьту и суннат. Цундела


 

38


дуьхьалонна тIебирзина а боцуш, ламазаш деш карабо хьуна уьш.

Бусалба стага дийнахь-буса юх-юха а лелош ду хIара суннат. Цо хIара суннат юх-юха а леладо: раватиб-суннаташкахь, зьухьа-ламазехь, маьждиган хьурматан ламазехь, витар-ламазехь. Иштта зударша а лелон дезаш ду и суннат цIахь, ша цхьамма ламаз дечу хенахь. Ткъа жамаIат-ламазашкахь-м имамана тIаьхьа хIиттиначеран дуьхьало имам лоруш ву.

 

Дуьхьалонна гонахара хьаште долу хаттарш

 

1) Кхачаме йолуш йолу дуьхьало - ламаз дечо къибланехьа мел хIоттош йолучуьнца хуьлу, хуьлда и пен, Iаса, бIогIам. Дуьхьала юьллучу дуьхьалонан шораллин барам къаьстина, хIоьттина билгалбаьккхина бац.

 

2) Ткъа дуьхьалонан локхалла нуьйран тIаьхьара дакъа санна хила еза, вуьшта аьлча - цхьа ше хиллал барамехь герггарчу хьесапца.


 

39


3) Когашний, дуьхьаллонний юккъехь кхо дол юкъ хила еза, ламаз дечунний, дуьхьалонний юккъехь сужд дан аьтто хирболлучул барам а буьтуш.

4) Дуьхьало хIотторан суннат – имамана а, ша хIоьттина ламаз дечуьнан

а хьокъехь ду (башха а доцуш: деш дерг парз-ламаз делахь а, суннат-ламаз делахь а).

 

5) Имамана хьалхахь йолу дуьхьало тIаьхьахIиттиначарна а кхачаме ю. Цундела, цхьана хьаштанна делахь, имамана тIаьхьахIоьттиначунна хьалхахула валар магош ду.

 

Дуьхьало хIотторан суннат лелоран пайданаш

 

1) Боккъалаъ, стеган ламаз дохарх лардо цо, нагахь санна ламаз дечунна хьалхахула йолуш ерг, и хьалхахула яьлча ламаз дохочех хIума елахь (ламаз дохочех ю: зуда, вир, Iаьржа жIаьла). Ткъа ламаз дохочех хIума и яцахь - ял эшарх лардо цо шен ламаз.


 

40


2) БIаьрг ларбо цо шен - хьалахьежорах а, дIасахьежорах а, гIуллакх доцуче хьежорах а. ХIунда аьлча дуьхьало йиллиначо шен бIаьргаш дуьхьалонна чоьхьа богIийна латтабо – ткъа цо гIо до ламаз дечуьнан ойла ламазна тIехь латто а, акха ца йийлийта а.

 

3) ДIасалелачарна меттиг а, аьтто

 

а ло дуьхьалонна тIе а вирзина ламаз дечо. Ца бевлла шена хьалхахула бовларе а ца тоьттуш, дехьа-сехьа бовла таро а ло цо царна.

 

ДИЙНАХЬ-БУСА ДЕШ ДОЛУ

 

СУННАТ-ЛАМАЗАШ

 

1. «Раватиб»суннат-ламазаш.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Ислам дин лелош волучу муьлххачу (АллахIан) лайна, шен лаамехь парз-ламазел а сов хIора дийнахь шийтта ракаIат ламаз деш


 

41


волучу, билггала цIено дугIур ду АллахIа ялсаманехь (я: билггала ялсаманехь цIа хир ду цунна доьгIна)» (Муслим).

 

Делкъа-ламазал хьалхара диъ ракаIат, цунна тIаьхьара шиъ.

 

МаьркIаж-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.

 

Пхьуьйра-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.

 

Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат.

 

Сан лараме ваша! Ткъа хьо шовкъе хIунда вац-те ялсаманерачу хIусаме?! Ларре-лардеш хила хьо пайхамаран хIара суннат, парз доцург шийтта (12) ракаIат ламаз а де ахьа.

 

2. Зуьхьа-ламаз.Зуьхьа-ламаз кхо бIе кхузткъа

 

(360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу. И сагIа – шукар ду,


 

42


Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду зуьхьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.

 

Оцу шина ракаIатан пайданаш Муслиман «Сахьихь» жайнахь Абу

Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 

«(ХIора дийнахь а) Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, (шен дегIана тIехь) хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду, хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»

 

(Муслим).


 

43


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат зуьхьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца» (бартхилла хьадис ду).

 

Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.

 

Зуьхьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.

 

Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.

Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI

 

(8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьлла.

 

3. Малхбуза-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


 

44


«АллахIа къинхетам бойла стагах, малхбуза-ламазал хьалхара диъ ракаIат ламаз диначу» (Абу Дауд,

 

Тирмизи).

 

4. МаьркIаж-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«МаьркIаж-ламазал хьалхара ши ракаIат ламаз де, кхоалгIа тIе а тухуш, и дан луучо» (Бухари).

 

5. Пхьуьйра-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

««ХIора шина моллалла

 

кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь – ламаз ду…». КхоалгIа тIе а тухуш: «…и дан лууш волучунна»» (Бухари,Муслим).

 

Нававис аьлла:

 

««Шина моллалла кхайкхарах» лууш дерг - моллалла кхайкхар а, къамат дар а ду».


 

45


БУСА ГIАЬТТИЧА ДЕШ ДОЛУ

СУННАТ-ЛАМАЗАШ

 

«Рамадан (баттал) тIаьхьа марха кхабар уггаре дезах дерг - АллахIан Мухьаррам бутт бу. Парз-ламазал тIаьхьа уггаре дезах дерг - буса ден ламаз ду» (Муслим).

 

1. Буса деш долучу уггаре дезачу ламазийн дукхалла - цхьайтта (11) я кхойтта (13) ракаIат ду.

2. Буса ламаз дан хьалагIаьттича суннат ду - сивак хьакхар а, «Али Iимран» сурат, 190-чу аятана тIера дIа а долийна, чеккхдаллалц дешар а.

3. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилла долу доIа дар а суннат ду буса гIаьттиначунна:

«АллохIумма! Лакал-хьамду, анта къаййимуссамавати вал-арди ва ман фихIинна, ва лакал-хьамду анта нуруссамавати вал-арди ва ман

 

 

46


фихIинна, ва лакал-хьамду анта маликуссамавати вал-арди, ва лакал-хьамду антал-хьаккъу, ва ваIдука хьаккъун, ва ликъоука хьаккъун, ва къовлука хьаккъун, вал-жаннату хьаккъун, ваннару хьаккъун, ваннабиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьаккъун, вассаIату хьаккъун. АллохIумма лака асламту, ва бика аманту, ва Iалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика хасамту, ва илайка хьакамту, фагIфирли ма къаддамту вама аххарту вама асрарту вама аIланту, антал-мукъаддиму ва антал-муаххиру, лаилахIа илалла анта (я лаилахIа гIойрука)».

 

«Я АллахI! Хастам бу Хьуна! Лардийриг ву Хьо - стигланаш а, латта а, оцу чохь дехаш мел дерг а. Хастам бу Хьуна! Серло ю Хьо - стигланийн а, лаьттанан а, оцу чохь дехаш мел долучийн а. Хастам бу Хьуна! Паччахь ву хьо – стигланийн а, лаьттанан а, оцу чохь дехаш мел


 

47


долучийн а. Хастам бу хьуна! Бакъо ю Хьо, Хьан ваIда а ю – бакъ, Хьуна дуьхьалдахкар а ду – бакъ, Хьан дош а ду – бакъ, ялсамани хилар а ду – бакъ, жоьжагIати хилар а ду – бакъ, пайхамарш а бу – бакъ, Мухьаммад а ву – бакъ, къематде а ду – бакъ. Я АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, Хьоьга иман а дилли аса, Хьуна тIе болх а билли аса. Дохко а ваьлла Хьоьга вирзи со. Хьо бахьана долуш къийсамаш а баьхьна аса, Хьан кхиэле а ваьлла со. Ткъа гечдехьа суна - аса хьалха диначунна, тIаьхьа тIедан дитиначунна, хьуламехь диначунна, лечкъош доцуш диначунна. Хьо ву-кха – хьалхатоттуш верг, тIаьхьатоттуш верг. Дела вац, Хьо воцург!» (Бухари,

 

Муслим).

 

4. Буса деш долучу ламазелхьалхара дайн ши ракаIат суннат-ламаз дар а ду буьйсанан суннатех.


 

48


И даран бахьана - дегIан жигаралла самаяккхар ду, цунна тIаьхьа догIуш долу суннаташ дан волавалале хьалха дегI сема а, каде а хилийтархьамма.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шайх буса хьалагIаьттиначо ламаз дIадоладойла, (цул а) хьалха дайн ши ракаIат а дай» (Муслим).

 

5. Буьйсанна деш долу ламазхIокху доIанца дIадолор а ду суннат:

 

«АллохIумма робба Джибраила ва Микаила ва Исрапила, фатIирос-самавати валъарди, IалималгIойби вашшахIадати, анта тахькуму байна Iибадика фима кану фихIи йахталифуна. ИхIдини лимахтулифа фихIи минал-хьаккъи биизника, иннака тахIди ман ташау ила сиротIин мустакъим».

 

«Я АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрапилан а Дела! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг! ХIай дагахь (я


 

49


къайлах) дерг а, гучохь дерг а хууш верг! Хьо ву-кха Хьайн лаьшна шайна юккъехь барт цхьаьнацабеаначуьнгахь кхиэл ен верг. Хьайн пурбанца нийсонна тIе нисве Ахьа со - церан барт цхьаьнацабеана долучуьнгахь. Боккъалаъ, Хьо ву-кха Хьайна луург нийсачу новкъа нисвеш верг»

 

(Муслим).

6. Буса деш долу ламаз дехха дар

а суннат ду.

 

«АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Уггаре дезах дерг муьлха ламаз ду?». Цо аьлла: «Къунут деха дерриг ду»» (Муслим).

 

«Къунут» бохург - ламазехь вехха латтар ду.

 

7. Iазап дуьйцучу аятна

тIекхаьчначу хенахь ларвар дехар -

суннат ду, «АIузу биЛлахIи,мин

 

IазабиЛлахIи» («АллахIехь ларло соАллахIан Iазапах»)олуш.


 

50


Къинхетам буьйцучу аятна тIекхаьчначу хенахь - къинхетам боьхур бу, «АллохIумма инни асалука минфодлика» («Я АллахI!Хьанкъинхетам боьху аса Хьоьга»)олуш.

 

АллахI керстанаша Цунна тIехь кхоьллиначу харцонех дIацIанвечу аятна тIекхаьчначу хенахь - «СубхьаналлахI» аьлла, тасбихь дийр ду.

 

Хьадис ду:

 

«… Шегахь тасбихь долучу аятна тIехволучу хенахь - тасбихь дора цо. Дехар долучу аятна тIехволучу хенахь - доьхура цо. Ларвар дуьйцучу аятна тIехволуш - ларвар доьхура цо» (Муслим).

 

Буса гIаттар атта деш а, гIаттарна гIо деш а долу бахьанаш

1) ДоIа дар.

 

2) Сема цаIар.

3) Делкъа-хенахь дIавижар.

4) Къинош а, Iесаллаш а дитар.

 

5) ДегIаца къийсам латтор,

гIаттарна тIехь и марздеш.


 

51


ВИТАР-ЛАМАЗ А, ЦУЬНАН

СУННАТАШ А

 

1. Витар-ламаз кхо ракаIат деш

 

лелош волучунна, «Фатихьат» сурат дешна ваьллачул тIаьхьа, хIара сураташ дешар суннат ду:

سَِبح اسَْى َرِبكَ) -хьалхарчу ракаIатехь

ِ

,(اْلَْعَْهى

ُقْم َيا َأيُهَا) -шолгIачу ракаIатехь

 

, (ْانَكافِرُوٌَ (ُقْم هَُى هللاَُأحَ د) - кхоалгIачу ракаIатехь

(Абу Дауда, Тирмизис, ибн

 

Маджата дийцина и). 2. Витар-ламаз дерзош,салам

деллачул тIаьхьа, эра ду:

» («Субхьанал-سبحاٌ انًهك انقدوس«

 

маликил- къуддус») - кхузза. Кхозлаг Iа олучу хенахь,

«ДаракъутIнис» тIетоьхна, чIогIа а, аз дахдеш а эра ду:

» («Роббул-َربُ ْانًَالَِئَكِة َوانرُوح«

ِ

малаикати варрухьи»).

 

 

52


Бух цIена болуш хьадис лерина и АрнаутIа, Абу Дауда а, Насаъис а дийцина и.

 

IУЬЙРА-ЛАМАЗАЛ ХЬАЛХАРА

 

СУННАТ-ЛАМАЗ

 

Iуйра-ламазал хьалхарачу суннат-ламазах хоттаделла а, цуьнца дозуш а суннаташ ду:

 

1. Iуйра-ламазал хьалхара суннат-ламаз дайдина дийр ду.

 

И бохург дац шуна цуьнан важибаш а, арканаш а ладамаза а дуьтуш дан мегар ду бохург.

 

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«Пайхамар (АллахIера къинхтам а, маршо а хуьлда цунна) дайн ши ракаIат деш вара - Iуьйра-ламазна моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь» (барт хиллахьадис ду).


 

53


2. Оцу шина ракаIатехь доьшушдолу сураташ:

Iуьйра-ламазал хьалхарачу

дешар суннат (ُقْم َياَأيُهَاْانَكافِرُوٌ) ракаIатехь

.(ُقْم هَُى هللاَُأحَ د) - ду,шолгIачу ракаIатехь

ُقىنُىا)Иштта хьалхарачу ракаIатехь

 

) («Бакъарат»: 136)дешар َ ُْ ََْ َءايَُا ِباهللِ َوَيا أَزلَ ِإنيُا

ِ

) ُقْم َيا سََىاءِ(суннат ду,шолгIачу ракаIатехь

(«АлиIимран»: 52)َأهْمَ ْانِكَتابِ َتَعانَْىا ِإَنى َكِهًَ ة

доьшур ду (Муслим).

 

3. Охьавижар,дIатовжар.Iайшата (АллахI реза хуьлда

цунна) дийцина:

 

«Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаI ат (суннат-ламаз) дича,

пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даима а аьтто

 

агIонна тIе дIавуьжура» (Бухари).

 

Хьайн цIахь, хьайн хIусамехь

 

айхьа Iуьйра -ламазал хьалхара ши ракаIат дича, масех минотана товжий а, дIатовжа гIорта хьо - суннат

лардиначарех хилархьамма.


 

54


IУЬЙРА-ЛАМАЗ ДИНАЧУЛ

 

ТIАЬХЬА СОЦУНГIА ХИЛАР

 

«Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша Iуьйра-ламаз дича, ша ламаз динначохь хиъна Iара, хьалаайбелла малх схьакхетталц» (Муслим).

Ма доккха ниIмат ду-кха и! Боккъалаъ, АллахIа (Лекха ву И)

 

малекашна тIедиллина-кха маьждигашкахь соцунгIа хиллачарна доIанаш дар а, царна гечдар дехар а. Бен а дац - уьш ламаз дале хьалха Iаш хилча а, ламаз диначул тIаьхьа Iаш хилча а.

 

Малекаша олу:

 

«Я АллахI! Гечдехьа цунна! Я АллахI! Къинхетам бехьа цуьнах! …»

 

(иштта дийцина а ду и хьадисехь). Ткъа хьажахь, сан бусалба ваша,

 

АллахIана гергахь хьайга болучу лараме - хьо Цунна муьтIахь хилча. Шена гергахь Шена уллерачу малекашна тIедиллина-кха цо хьуна доIа дар.


 

55


ЛАМАЗЕХЬ ОЛУШ ДОЛУ

СУННАТАШ

 

1. «Истифтахь»доIа дешар.

 

Иза – ламаз дIадихкиначу хенахь, «Акбар» аьллачул тIаьхьа доьшуш долу доIа ду:

 

«СубхьанакаллохIумма ва

 

бихьамдик, ва табарокасмук, ва таIала джаддук, ва ла илахIа гIайрук».

 

«ЦIена ву Хьо, я АллахI! Хастам бу Хьуна! Сийлахь ю Хьан цIе! Лекха ду Хьан возалла! Хьо воцург, кхин дела а вац» (веаммадийцина).

 

Кхин цхьа доIа а ду:

 

«АллохIумма баIид байни ва байна хатIайайа, кама баIадта байнал машрикъи валмагIриби, АллохIумма наккъини мин хатIайайа кама йунаккъассовбул абйаду минадданаси, АллохIуммагIсилни мин хатIайайа биссалжи валмаи валбаради».

 

 

56


«Я АллахI! Сан къинош суна гена даха Ахьа - Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшашна гена яккхаре терра. Я АллахI! Сан къинойх дIацIанве Ахьа со - кIайн коч мIоданех дIацIанлуш санна. Я АллахI! Суна тIера сан къинош дIадила Ахьа - лайца а, хица а, шаца а».

 

Ламаз дIадихкиначул тIаьхьа доьшучу доIанех хаьржина царех муьлххарг а цхьаъ дешчахьанна кхачам бу.

 

2. «Фатихьат» деша волавалале хьалха АллахIехь кIелхьараволийла а, ларвар а лохур ду, олуш:

«АIузу биллахIи мишшайтIонир рожими».

«АллахIаца ларло со - Цо Шен (къинхетамах) даьккхина, генна эккхийначу шайтIанех».

3. «АIузу» аьллачул тIаьхьа бисмилла доккхур ду, олуш:


 

 

57


«БисмиллахIиррохьманиррохьими»

 

.

 

«Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!».

4. «Фатихьат» дешна ваьлча, «Амин» эра ду.

5. «Фатихьат» дешна ваьлча, хьалхарачу шина ракаIатехь сурат доьшур ду: Iуйьра-ламазехь, рузбанехь, маьркIаж-ламазехь, хIора деа ракаIатах лаьттачу ламазехь, хьалха имам а воцуш, ша а хIоьттина ламаз деш волучуьнан суннат-ламазашкахь а.

Амма, хьалха имам а волуш, цунна тIаьхьа хIоьттина ламаз деш волучо имамо сурат меллаша доьшучу ламазашкахь - сурат доьшур ду, имамо сурат чIогIа доьшучу ламазашкахь - доьшур дац.

6. РукуIера хьала а нисвелла,

 

«СамиIаллохIу лиман хьамидахI» аьллачул тIаьхьа хIара доIа доьшур ду:

 

«Роббана ва лакалхьамду, милъассамавати ва милъаларди, ва ма


 

58


байнахIума, ва милъа ма шиъта мин шайъин баIду. ОхIлассанаи валмажди, ахьаккъу ма къолал Iабду, ва куллуна лака Iабдун. АллохIумма ла маниIа лима аIтIойта, ва ла муIтIийа лима манаIта, ва ла йанфаIу залжадди минкалжадду».

 

«Тхан Дела! Хастам бу Хьуна! Cтигланаш а юьззина, латта а дуьззина, цаьршинна юккъехь дерг а дуьззина. Хьуна мел лиъна хIума а юьззина. ХIай хастаман а, возаллин а охIла верг! (ХIара сан дешнаш) Хьан лайно олучарех уггаре бакъ дерг ду, тхо массо а Хьан лаьш а ду. Я АллахI! Ахьа делларг сацо а вац цхьа а, Ахьа сацийнарг дала а вац цхьа а. Дуьненан ирс долучунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац - хIунда аьлча ирс Хьоьгара ду»

 

(Муслим).

 

7. РукуIехь а,сужданехь ацхьаннал сов даьккхина олуш долу тасбихь:


 

59


«Субхьана робббийал Iазим»

 

(«ЦIена ву сан Воккха Дела») -

рукуIехь,

«Субхьана роббийал аIла»

 

(«ЦIена ву сан Лекха Дела») -

 

сужданехь.

 

8. Шина сужданан юккъехь, охьа а хиъна дIанисвелча, олуш долучу

«РоббигIфирли» («Сан Дела!ГечдеАхьа суна»)доIанал а кхин тIе совдаькккхина деш долу доIа.

9. ТIаьххьара доьшуш долу

 

«Аттахьиййат» дешначул тIаьхьа доьшуш долу доIа:

 

«АллохIумма инни аIузу бика мин Iазабилкъабри, ва мин Iазаби джахIаннама, ва мин фитнатилмахьйа валмамати, ва мин шарри фитнатил масихьиддаджали».

 

«Я АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, жоьжагIатин Iазапах, вахаран а, валаран а питанах, Даджалан питанах а»

 

(Бухари, Муслим).


 

60


Ламаз деш волучунна диках а, дезах а, пайдехь а, суннатехь а ду - сужданехь деш долучу доIанна тIехь тоам а ца беш, кхин а тIе доIанаш дар, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис долун дела:

 

«Лай шен Далла уггаре уллехь хуьлуш йолу хан (меттиг) - иза сужданехь волу хан ю, ткъа доIанаш дукха дойла аша цигахь» (Муслим).

 

Кхин а ду сужданехь а, рукуIехь а доьшуш долу доIанаш. Уьш Iамо а, деша а, цаьргахь сов вала а луучо ал-КъахьтIанийн «Бусалба стеган гIап» цIе йолучу жайнех пайда оьцийла. Оцу чохь каро йиш хир ю шуна и доIанаш.

 

Лакхахь дагардина олуш долу дерриге а суннаташ хIора ракаIатехь юх-юха а лело дезаш ду, «Истифтахь» ламаз дихкича, «Акбар» аьлча цунна тIаьхьа доьшуш долу доIа а, «Аттахьиййат» дешначул тIаьхьа доьшуш долу доIа а


 

61


доцург. Ткъа и шиъ - цкъацкъа бен доьшуш дац.

 

Дерриге парз-ламазехь вуьрхIийтта (17) ракаIат ду. ТIаккха олуш долу дерриге суннаташ дагардича – цхьа бIе ткъе ялхийтта (136) нисло, нагахь вай царна юкккъера бархI (8) суннат хIора ракаIатехь олуш ларахь.

 

Суннат-ламазаш ткъе пхиъ (25) ракаIат ду, хьалха вай дийнахь а, буса а деш долу суннат-ламазаш довзуьйтучу декъехь билгалдиначунна тIедоьгIча. Вай дуьйцуш долу, олуш долу суннаташ - оцу суннат-ламазийн дерриге ракаIаташкахь цхьа бIе кхузткъе пхийтта (175) нисло. И суннат-ламазаш сов довлу - буса гIаьттича деш дерш а, зуьхьа-суннат а тIеьтоьхча. Ткъа и ракаIаташ сов даларе хьаьжжина - оцу ракаIаташкахь лелош долу суннаташ а довлу сов.

 

Амма цхьана ламазехь цкъа бен олуш доцу суннаташ а ду:

 

1) «Истифтахь» доIа.


 

62


2) «Аттахьиййатал» тIаьхьа доьшуш долу доIа.

 

ТIаккха, дийнахь а, буса а деш долучу дерриге парз-ламазашкахь и ши суннат лелийча, - итт (10) суннат нисло уьш.

 

Амма, дийнахь а, буса а деш долучу суннат-ламазашкахь и ши суннат лелийча - дерриге а ткъе диъ (24) суннат нисло.

 

Кхин а сов довлу уьш - буса деш долу суннат-ламазаш а, зуьхьа суннат-ламаз а, маьждиган хьурматан ламаз а тIетоьхча. Ткъа суннат-ламазаш дар сов даларе хьаьжжина - и суннаташ лелор а долу сов, цуьнца цуьнан ял а йолу сов, суннатехь нисвалар а чIагIло.

 

ЛАМАЗЕХЬ МЕЖЕНАШЦА

 

ЛЕЛОШ ДОЛУ СУННАТАШ

 

1. Ламаз дIадоьхкучу хенахь шикуьйг айдар.


 

63


Поделиться с друзьями:

Организация стока поверхностных вод: Наибольшее количество влаги на земном шаре испаряется с поверхности морей и океанов (88‰)...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.419 с.