Юьхьаца дуьхьалкхетар и делахь а» — КиберПедия 

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Юьхьаца дуьхьалкхетар и делахь а»

2023-01-01 22
Юьхьаца дуьхьалкхетар и делахь а» 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

 

(Муслим).

3. Вовшашка куьйгаш далар.

 

«Ши бусалба стаг, вовшах а кхетта, цара вовшийн куьйгаш лаьцча, - церан къиношна билггал гечдеш ду, уьш вовшах а къастале хьалха» (Абу Дауд,Тирмизи,ибнМаджат).

 

Нававис аьлла:

 

«Хьуна хаийла: вовшашка куьйгаш далар хIора вовшахкхетарехь а - суннат дуйла».

 

ХIай сан сий долу ваша! Лардан гIерта хьо, айхьа шега салам луш волучуьнан куьг лацар, хьайн юьхь цунна екхаелла а йолуш, - цхьана ханчохь кхо суннат лардиначарех хир ву хьо.

 

4. Дика,тамехь дош алар.

 

«Ала сан лаьшка, уггаре дикаха дешнаш ала (алий), хIунда аьлча шайтIа ду царна юккъе барт эгIор тосуш. Боккъалаъ, шайтIа -


 

99


адамна билггал мостагI ду» («ал-

 

Исраъ»: 53).

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Дика дош алар – сагIа ду»

(Бухари, Муслим).

 

«Дика дош» бохучо чулоцу: зуькар, Дела хьехор, доIа дар, салам далар, бакъдерг олуш хастор, сийлахь долу гIиллакхаш, дика гIуллакхаш, оьзда белхаш.

 

Дика дош аларо адамна тIехь бозбууанчалло дийрриг до: гIоли йо цо цунна, цуьнан дагна синтем а ло цо.

 

Дика дош алар - и олуш волучу муъма стеган дагчохь нур а, нийсо а, бакъо а хилар гойтуш бух бу.

 

Сан лараме ваша! Ткъа ойла йиний ахьа хьайн дерриге дахар дузаран хьо Iуьйренга ваьлчахьанна суьйренга валлалц – дикачу дешнашца? Ткъа хьан зуда а, хьан бераш а, хьан лулахой а, хьан накъостий а, хьан ялхой а чIогIа


 

100


хьаште ма бу ахьа олучу хазачу даше, хьоьгара хаза дош хазаре.

 

ХIУМА ЯАРАН СУННАТАШ

 

ХIума яа волавалле хьалха а, хIума юучу юккъехь а лелош долу суннаташ:

 

1. Юьххьехь, «БисмиллахIи» аьлла, Делан цIе яккхар.

2. Аьтту куьйга яар.

3. Шена хьалххарниг яар. Лакхахь дагардина дерриге

 

суннаташ – царех лаьцна цхьана хьадисехь ду:

 

«ХIай кIант! АллахIан цIе яккха (бисмиллахIи), хьайн аьтту куьйга а яа, хьайна хьалххарниг а яа» (Муслим).

 

4. Нагахь юучух юьхкохьайоьжнехь, и дIа а цIанйина, цул тIаьхьа яар.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


 

101


«Нагахь шух цхьамма (юучух) юьхк охьайожаяхь, (схьа а эцна) совнаха йолучух дIа а цIанйина, юийла и» (Муслим).

 

5. Кхаа пIелгаца яар.

 

КаIба бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«Суна гира пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхаа пIелгаца юуш, ткъа ша (хIума йиъна) ваьлча – царна тIе мотт хьаькхира цо»

 

(Муслим).

 

ХIуму юучу хенахь охьахааран куц: гоьлашна а, шина коган баккъашна а тIе охьахуур ву я, аьтту ког дIа а боьгIна, аьрручунна тIе охьахуур ву - суннат дерг ду и, Хьафиза дийцина ма-хиллара шен «Фатхь» цIе йолучу жайнахь.

 

ХIУМА ЙИЪНА ВАЬЛЧА ДОЛУ

 

СУННАТАШ


 

102


1. Кад а,пIелгаш а дIацIандар.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) омра дина, пIелгаш а, кад а дIацIанде аьлла.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Боккъалаъ, шуна ца хаьа муьлхачу (юьхкехь хьулделла) ду беркат» (Муслим).

 

2. Ша хIума йиъна ваьллачултIаьхьа АллахIана хастам бар.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Боккъалаъ, АллахI лайна

 

реза хуьлу, хIума а йиъна, ша ваьлча цо Далла хастам бича» (Муслим).

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш доIа хилла, ша хIума йиъна ваьлча:

«Алхьамду лиллахIиллази

 

атIIамани хIаза, ва разакъанихIи мин гIайри хьавлин минни ва ла къуввахI».

«Хастам бу АллахIана - суна хIара яийна волучу, хIара сан


 

103



Поделиться с друзьями:

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.012 с.