ГIоле хета шуна. Эхартан дахар гIоле — КиберПедия 

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...

ГIоле хета шуна. Эхартан дахар гIоле

2023-01-01 35
ГIоле хета шуна. Эхартан дахар гIоле 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Халид ал-Хьусайнан

 

ЭЗАР СОВ СУННАТ

 

(Дийнахь-буса лелош долу эзарнал (1000) сов суннат)

 

ДЕШАХЬАЛХЕ

 

Хастам бу АллахIана-Къинхетамечу,

 

Гечдечу, Комаьршачу, доллучунна ницкъ кхочуш Волучу, дегнаш а, бIаьрса а Керчочу, нахана гуш-хезаш дерг а, къайлаха дерг а Хуучу.

 

Аса хастам бо Цунна даима - суьйренашкахь а, Iуьйренашкахь а!

 

Аса тоьшалла до кхин дела цахиларца, АллахI воцург - Ша цхьаъ волу, Шеца накъост а воцуш. Тоьшалла ду и - и аьлларг жоьжагIатин Iазапах хьалха воккхуш.

 

Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цо халкъах хаьржина Цуьнан пайхамар


 

2


хиларца. АллахIера къинхетам а, маршо

 

а хуьлда цунна, цуьнан доьзална а, цуьнан хIусамнаношна а, цуьнан асхьабашна а - ларам бан а, сий дан а догIуш болучу! Де-буьйса мел лаьтта а лаьттан болу къинхетам а хуьлда царна даима!

 

Цул тIаьхьа…

 

Боккъалаъ, бусалба стага а, зудчо

 

а шайн дахарехь денна терго ян езаш коьрта хIума ду: элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)

 

суннатехь нисвелла лелар, суннатца Iар-дахар дIахIоттор - шен дерриге леларашкахь а, тийналлашкахь а, дешнашкахь а, гIуллакхашкахь а, дечуьнгахь а, лелочуьнгахь а - шен дерриге дахар Iуьйренгара суьйренга кхаччалц элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатехь нисделла а, суннатехь низаме далийна а хилийта.

 

Мисархо хиллачу Зуннуна аьлла:


 

3


«АллахI везаран билгалонех ду - Цунна везна волучу (пайхамарна - АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьадазар – цуьнан гIиллакхашна а, цуьнан леларшна а, цуьнан омранашна а, цуьнан суннаташна а».

 

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

 

«Ала: «Нагахь шу АллахI везаш делахь - тIаьхьадаза Цунна, тIаккха АллахIана а дезар ду шу, шун къиношна а гечдийр ду цо. АллахI ма вай - Гечдийриг, Къинхетам бийриг»» («АлиIимран»:

 

31).

 

Хьасан ал-Басарис аьлла:

 

«Цундела царна И (АллахI) везаран билгало - уьш Цуьнан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатна тIаьхьабазар хилла».

 

Бусалба стеган дикалла а, дарж а дустуш болу барам - элчанна тIаьхьавазар мел ду хьаьжжина бу. Цо


 

4


элчанан суннат сов мел леладо а, дика мел леладо а, лерина мел леладо а - АллахIана гергахь веза а, дика а хир ву иза.

 

И бахьана долуш, аса гулдина хIара доцца жайна - бусалба нехан денна долучу дахарехь элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннат дендаран дуьхьа: церан Iибадаташкахь а, бийшар-гIовттаршкахь а, яар-маларшкахь а, нахаца лелочу юкъаметтигашкахь а, цIанонашкахь а, хIусамна чубахкарехь а, хIусамера арабовларехь а, тIе хIума йохарехь а, иштта кхин долучу церан леларшкахь а.

 

Ойла е-хьа: вайх цхьаьннан ахча дайча - мел сингаттаме, мел гIайгIане хуьлу вай, и лоьхуш мел къахьоьгу вай и карадаллалц.

 

Юха а хьажахь: мел дукха суннаташ дайна-кха вайн, тесна дитина-кха вай. Ткъа царна гIайгIане хиллий вай? Царна сингаттаме хиллий вай? Вайн


 

5


дахарехь и суннаташ лелор юхадерзон къа хьегний вай?!

 

Боккъалаъ, и бахьанехь вайн дахарехь вай бала хьоьгучух ду – вай динаран а, дирхIаман а сий-пусар сов деш хилар, уьш мехала ларар пайхамаран суннател а.

 

Цхьамма нахе кхайкхам бича: хIара суннат лелийначунна хIоккхул ахча а, совгIат а лур ду аьлла, нах карор ма бара хьуна – Iуьйренгара суьйренга бовллалц шайн ерриге а дахаран агIонашкахь и суннаташ лелон гIерташ къахоьгуш, уьш лардан гIерташ сутара хьийзаш. ХIунда аьлча хIора суннат лелор бахьана долуш - хир йолуш са ю царна, лур долуш ахча а ду царна.

 

Ткъа ахчано хIун пайда бийр бу хьуна - хьо хьайн коша виллича, хьуна латта тIеIена доьлча?

 

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«ХIан-хIа! Дуьненан дахар

 

НАБАРХА ВАЛАРАН СУННАТАШ

 

1. Юьхьа тIера набаран лараш куьйга дIахьакхар.

И суннат хилар гойтуш долу дешнаш далийна Имам ан-Нававис а, ибн Хьаджара а, хIокху хьадисана тIе а тевжина:

«АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша самаваьлча охьахиира, шен куьйгаца юьхьа тIера наб дIа а хьоькхуш» (барт хилла ду).

2. Самаваьлча деш долу доIа:

 

«Хастам бу АллахIана - вай деллачул тIаьхьа дендина волучу. Цуьнга доьрзур долуш а ду вай».

 

3. Сивак хьакхар.

 

«Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша набарха


 

9


НИШКА ВАХАРАН СУННАТАШ

 

1. Нишка воьдучу хенахь, аьрру ког хьалха а боккхуш, чувалар.

2. Нишка чувахале хьалха доIа

дар:


 

10


«АллахIан цIарца! Я АллахI! Хьоьца ларло со боьршачу а, стечу а шайтIанех» (барт хилла хьадис ду).

 

3. Нишкара араволучу хенахь, аьтту ког хьалха а боккхуш, аравалар.

4. Нишкара араваьлча доIа дар:

«Гечдар доьху хьоьга, сан

Дела!».

 

Адам дийнахь-буса нишка доьдуш хуьлу. ХIора адамо ша нишка мосазза доьду а хIара диъ (4) суннат лардан деза, хIунда аьлча нишка воьду меттиг (хьаштагIа) – шайтIанийн хIусам ю.

 

ЛАМАЗ ЭЦАРАН СУННАТАШ

 

1. Юьххьехь бисмилла даккхар.

2. Юьххьехь кхузза ши куьг дилар.

3. Юьхь йилале хьалха бага а, мерачу а хи кхарзар.

4. Аьрру куьйга мара дIацIанбар. Барт хилла хьадис ду:

«Пайхамара (АллахIера

къинхетам а, маршо а хуьлда цунна),


 

11


кхузза шен ши куьг а дилина, бага хи а кхаьрзина, мерачу хи а кхаьрзина, мара дIа а цIанбина, тIаккха кхузза шен юьхь йилира цо…».

 

5. Леррина бага а,мерачу а хикхарзар марха доцучо.

Хьадис ду:

 

«Леррина мара дIацIанбе, нагахь хьо марха долуш вацахь» (веамма дийцина).

 

Леррина бага хи кхарзар бохург - ерриге багахула хи хьовзийтар ду.

 

Леррина мара дIацIанбар бохург - меран Iуьргийн кIоргене хи кхачийтар ду.

 

6. Цкъа кана эцна хи бага а,мерачу а кхарзар, хIоранна а шен-шенна къастийна а доцуш.

 

Барт хилла хьадис ду:

 

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), куьйга хи а доьттина, уьш дила а дилина, цул тIаьхьа цхьа кана хи бага а, мерачу а кхаьрзира цо».


 

12


7. Сивак(цергаш

 

цIанйийриг) хьакхар бага хи кхорзучу хенахь.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сайн умматна (я тIаьхьа хIиттиначарна) айса хало ярна ца кхерахьара, сивак хьакха аьлла омра дийр ма дара аса цаьрга - хIора ламаз оьцуш» (Ахьмада а,Насаъис адийцина и).

 

8. Юьхь юьлучу хенахь юькъа маж дIацIанъар, цунна юкъа куьйган пIелгаш кхачор.

Хьадис ду:

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIелгашца маж цIанйира» (Тирмизи).

9. Коьртана мосхьа даран куц.

 

(Мосхьа - коьртана хьалхара дIадолийна кIесаркIоге кхачор ду; кхин цкъа а юхадалор ду коьртана хьалхха).

 

10. Шина коган а,шина куьйган апIелгийн яккъаш дIацIанъар.


 

13


Хьадис ду:

 

«Хьакъ долучу кепара ламаз эца, пIелгийн яккъаш йила» (веаммадийцина).

 

11. Аьтту агIо хьалха яккхар аьрручул а, вуьшта аьлча: аьтту куьг а, аьтту ког а хьалха билар аьрру куьйгал а, аьрру когал а.

Барт хилла хьадис ду:

«Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), мачаш тIеюхуш а, можана ехк хьокхуш а, цIано ечу хенахь а, муьлхха а кхидолу гIуллакхаш дечу хенахь а - аьтту агIонна тIера дIадолор дезаш вара».

12. Хи кхарзар совдаккхар цхьаьнгара кхаанга кхаччалц – юьхь юьлуш, куьйгаш дуьлуш, когаш буьлуш.

13. Ламаз эцна ваьлча, ши

 

шахIадат далор. ХIокху кепара:

 

«АшхIаду ан лаилахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна


 

14


СИВАК ХЬАКХАРАН СУННАТАШ

 

Дийнахь а, буса а масех хан ю бусалба стеган сивак (цергаш цIанйийриг) хьокхуш.

 

Хьадис ду:

 

«Сайн умматна (я тIаьхьа хIиттиначарна) айса хало ярна ца кхерахьара, сивак хьакха аьлла омра дийр ма дара аса цаьрга - хIора ламаз оьцуш» (Ахьмада а,Насаъис адийцина).


 

18


Дийнахь а, буса а бусалба стага сивак хьокхуш йолу ерриге хенаш ткъаннал (20) кIезиг яц. Бусалба стага, сивак а хьокхий, шен цергаш цIанйо: пхеа ламазна, ратиб-суннаташна, зуьхьа-ламазна, витар-ламазна. Иштта ша-шен хIусамна чуваьлча а, хIунда аьлча элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша чу воьдуш уггаре хьалха деш хилларг - сивак хьакхар ду: Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) ма-дийццара, Муслиман «Сахьихь» жайнахь дийцина а ма-хиллара.

 

Хьайн хIусаме хьо чу мосазза вели а, хьалха сивак а хьакхий, хьайн цергаш цIанье, суннат лардинарг хила.

 

Иштта суннат ду сивак хьакхар – КъурIан доьшучу хенахь, багара вон хьожа йогIучу хенахь, набарха ваьлча, ламаз оьцучу хенахь.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сивак цергаш цIаньеш а, Дела реза веш а ю» (Ахьмад).


 

19


Сивак хьакхаран суннаташ лелоран пайданаш

 

I. Сийлахь волу Дела реза хилар ду Шен лайна.

 

II. Бага вочу хьожанах дIацIаньеш хилар ду.

 

ХIокху заманан медицино гучудаьккхина сивак чохь дуккха а дарбане хIуманаш хилар, уьш цергашна а, доьлашна а пайдехь хилар.

 

Сивакера гучубевлла цхьаболу пайданаш:

 

1. Цуьнгахь микробашна дуьхьало ен молханаш ду.

 

2. Цуьнгахь хIума цIанъеш долу молханаш ду.

 

3. Къаьсттина цергаш цIанъеш долу молханаш ду.

 

4. Баганна тамехь а, багара хаза хьожа йоуьйту а молханаш ду.

 

КОГА МАЧАШ ЙОХАРАН

 

СУННАТ


 

20


Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Нагахь шух цхьаъ сандалеш (мачаш) тIейоха волахь - хьалха аьтту агIор (кога) юхийла, уьш дIаяха лиъча - аьрру агIор (когара) йохийла. Я шина кога йоьхна, я шина когара дIаяьхна хуьлда» (Муслим).

 

ХIара суннат бусалба стага дийнахь-буса мосуьйттазза а лелош ду, хIунда аьлча мачаш кога а юху - когара дIа а йоху: маьждиге воьдуш - маьждигера юхавирзича, нишка воьдуш - нишкара араваьлча, балха воьдуш - балхара цIавирзича.

 

Нагахь суннатехь ма-дарра мачаш кога а йохахь, когара дIа а яхахь, суннат кхочуш даран негат а долуш, – доккха дика а, дуккха а ял а хир ю оцу стаганна. Цуьнан дерриге лелар а хир ду суннатехь ма-дарра.

 

ДУХАРАН СУННАТАШ


 

21


Наха дийнахь-буса мосуьйттазза юх-юха а лелочух ду тIера духар дIадаккхар а, и тIедохар а. ТIера духар дIадаккхар: я диттийта хуьлда и, я дIавуьжучу хенахь хуьлда и, я муьлхха а кхидолучу бахьанашна хуьлда и - башхо а яц.

 

ТIера духар дIадаккхаран а, и тIедохаран а суннаташ ду:

 

1. «БисмиллахI»алар.Башхо яц тIедухучу хенахь а,

 

иштта тIера доккхучу хенахь а. Имам ан-Нававис аьлла:

 

«Муьлххачу а гIуллакхехь суннат ду и».

 

2. Пайхамара(АллахIеракъинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша бедар, я коч, я палаш, я чалба тIеюхучу хенахь олуш хилла:

 

«Я АллахI! Аса доьху Хьоьга хIокхуьнан дика а, хIара духар шен дуьхьа диначу бахьанин дика а. Хьоьгахь ларвалар лоху аса


 

22


ЧУ-АРАВАЛАРАН СУННАТАШ

 

Имам Нававис аьлла:


 

23


««БисмиллахI» алар а, Лекха волу АллахI хьехор а, салам далар а суннат ду».

 

1. ХIусаме чу вогIуш АллахI

хьехор.

Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:

«Стага ша шен хIусаме чу вогIуш а, ша хIума юуш а АллахI хьахавахь, шайтIано олу: «Буьйса йоккхийла яц шуна я пхьор а дац шуна»» (Муслим).

2. Чу-ара волуш деш долу доIа. Пайхамаран (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:

 

«Я АллахI! Аса доьху Хьоьга уггаре дика чувалар а, аравалар а. АллахIан цIарца чу а даьхки вай, АллахIан цIарца ара а девли вай, вайн Дела волучу АллахIана тIе болх а буьллу вай. Цул тIахьа шен доьзале салам лур ду» (Абу Дауд).

 

Ша шен хIусаме чу вогIуш а, хIусамера ара волуш а болх АллахIана


 

24


тIебиллар лардеш хила веза – тIаккха даима АлахIаца уьйр йолуш хир ву.

3. Сивак хьакхар.

 

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша шен хIусаме чу ваьлча, (массо хIуманал) хьалха сивак хьокхуш хилла» (Муслим).

 

4. Салам далар.Лекхачу АллахIа аьлла:

 

«Шаьш шайн хIусаме чу довлучу хенахь шаьш-шайга (вовшашка) АллахIера беркатечу, дикачу маршонца салам ло» («ан-

Нур»: 61).

 

Бусалба стаг, ша хIора парз-ламаз маьждигехь мосазза до а шен хIусаме чу вогIуш хилар вай тардалийтича а, дийнахь-буса хIусаме чу вогIуш цо лелош долу суннаташ ткъа (20) хуьлу.

 

5. ХIусамера ара волучу хенахьэра ду:

 

«АллахIан цIарца! АллахIана тIе болх билли аса. Ницкъ бац, гIора


 

25


дац АллахIера бен» (Тирмизи,АбуДауд).

 

Бусалба стаг дийнахь-буса мосуьйттазза а араволу шен хIусамера, ткъа араволу иза: маьждиге ламазе ваха, балхана, цIийнан хьашташна.

 

Нагахь цо ша хIусамера ара

мосазза волу а хIара суннаташ леладахь

 

– доккха дика а, йоккха ял а хир ю цунна.

 

ХIусамера араваларан суннаташ лелоран пайданаш

 

1. Лайна кхачам хир бу цуьнгахь болучу массо дуьненан а, эхартан а сингаттамах.

 

2. Ларвалар а, кIелхьаравалар а хир ду лайна массо вонах а, бохамах а, цатам болучух а цхьабосса – жинашкарчу а, адамашкарчу а.

 

3. Нийсачу новкъа валар хир ду - тиларна бIостанехьа долу. Ткъа АллахIа нийсачу новкъа нисвийр ву хьо хьан массо динан а, дуьненан а белхашкахь.


 

26


МАЬЖДИГЕ ВАХАРАН

 

СУННАТАШ

 

1. Маьждиге хьалххе дIавахар.АллахIан элчано (АллахIера

 

къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю), пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), - билггал и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу ял) - билггал хьалхабовларах къуьйсуш сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу ял) - билггал богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка


 

27


безаш хилча а (хьовха)» (Бухари,

 

Муслим).

2. Маьждиге воьдуш ден доIа

дешар:

«Я АллахI! Сан дагчохь нур де Ахьа. Сан маттехь нур де Ахьа. Сан хазарехь нур де Ахьа. Сан бIаьрсехь нур де Ахьа. Суна тIехьахь нур де Ахьа. Суна хьалхахь нур де Ахьа. Суна тIехула нур де Ахьа. Суна бухахь нур де Ахьа. Я АллахI! Нур ло Ахьа суна» (Муслим).

3. Маьждиге синтеме а волуш, эсалачу боларехь вахар (бIаьрг ларбеш, аз ца ийдеш, дIа-схьа ца хьоьжуш).

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шайна къамат деш хезча, ламазе гIо – синтемаца, эсалаллица»

(Бухари, Муслим).

4. Маьждиге гIаш вахар.

 

Бусалба нехан бакъонаш евзачу факъихIаша билгалдина: маьждиге воьдучу хенахь ког ул-улле баккхар а,


 

28


болар сих ца дар а суннат хилар. ШарIин баххашна тIе а тевжина - маьждиге воьдучу хенахь гIулчаш дуккха а яхаран дозалла билгалдина долучу. Цига воьдучуьнан диканаш алсам далийтархьамма.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

««Аса дийца шуна и бахьанехь АллахIа къиношна гечдеш а, и бахьанехь дарж айдеш а дерг?». Цара аьлла: «Дийцахьа, хIай АллахIан элча». Царех дагардира цо - маьждиге воьдуш гIулчаш дукха яхар…» (Муслим).

 

5. Маьждигна чу волучу хенахь

доIа дар:

«Я АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахьа суна» (Насаъи,

ибн Маджат, ибн Хузаймат, ибн Хьиббан).

6. Маьждигна чу волуш аьтту ког хьалха чубаккхар.

Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:


 

29


«Суннат ду хьо маьждигна чу волучу хенахь хьалха аьтту ког чубаккхар, ара волучу хенахь – аьрру ког хьалха арабаккхар»

 

(Хьаким).

 

7. Хьалхарачу могIаре хIоттар.

 

«Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю), пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), - билггал и дийр ма дара цара! (Бухари,

 

Муслим).

8. Маьждигера ара волуш доIа

дар:

 

«Я АллахI! Хьан къинхетам боьху Хьоьга» (Муслим).

 

Насаъис тIетоьхна: «Ара волучухенахь элчанна салават дуьллур ду»

аьлла.


 

30


9. Маьждигера ара волучу хенахь аьрру ког хьалха ара боккхур бу (лакхахь далийначу Анасан дийцарна тIе

а тевжина).

 

10. Маьждигна чу ваьлча, маьждиган хьурматан ламаз дийр ду.

«Шух, маьждигна чу ваьлла верг, цхьа а охьа ма хоийла ши ракаIат ламаз даллалц» (барт хиллахьадис ду).

ШафиIичо аьлла:

«Маьждиган хьурматан ламаз - ламаз дар дихкиначу хенашкахь а ду дан дезаш».

Хьафиза аьлла:

«Фатван охIланан цхьабарт бу маьждиган хьурматан ламаз суннат ларарна тIехь».

ХIара дерриге суннаташ - бусалба стага ша пхеа ламазе маьждиге мосазза воьду а леррина лелон дезаш долу - шовзткъе итт (50) нисло.


 

 

31


МОЛЛАЛЛА КХАЙКХАРАН

 

СУННАТАШ

 

Моллалла кхайкхаран суннаташ пхиъ ду, ибн ал-Къаййима «Задул-маIад» жайнахь билгал ма-даккхара:

 

1. Моллалла кхойкхуш шена хезаш волучо, кхойкхучу моллаллина тIаьхьа цо эрриг эра ду, «хьаййаIалассолат» а, «хьаййа Iалалфалахь» а доцург.

Моллалла кхойкхучо и шиъ аьлча, ладугIуш волучо эра ду: «Ла хьовла валакъуввата илла биллахIи» (Бухари,

Муслим).

ХIара суннат лелоран пайда Ялсаме хьакъ йо цо цунна (цуьнан

бух Муслиман «Сахьихь» жайнахь бу).

2. Моллалла кхойкхуш хезачо

хIара алар суннат ду:

 

«Ва ана ашхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу. Родийту биллахIи роббан, ва би


 

32


Мухьаммадин расулан ва бил ислами динан».

 

«Аса а до тоьшалла, цхьа АллахI воцург, кхин Дела цахиларца - Шеца накъост а воцуш, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Со реза хили - АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад - сайн элча хиларна, Ислам - сайн дин хиларна».

 

ХIара суннат лелоран пайда Цуьнан къиношна гечдийр ду,

 

лакхахь хьадисехь дийцина ма-хиллара. 3. Моллалла кхойкхуш волучунна

 

ша тIаьхьара аьлла ма-ваьллехь, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дуьллур ду - пайхамарна дуьллучу салватех уггаре дуьззина долу салават: ИбрахIиман салават (цул дуьззина а, кхачаме а салават дац).

 

Цуьнан бух - элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис ду:


 

33


«Шайна моллалла кхойкхуш хезча, аша а ала моллалла кхойкхучо олуш дерг. Цул тIаьхьа къинхетам беха суна АллахIе (я салават дилла суна). Боккъалаъ, цкъа и динаволчунна - АллахIа цунна дуьхьал уьттазза салават дуьллур ду» (Муслим).

 

ХIара суннат лелоран пайда Лекхачу АллахIа уьттазза салават

 

дуьллу оцу лайна - цо диллиначу цхьанна дуьхьал.

 

Сийлахьчу АллахIа Шен лайна салават дуьллу бохучуьнан маьIна - Цо и Шен лай хастор ду стигларчу маликийн тобанна хьалха.

 

ИбрахIиман салаватан чулацам:

 

«Я АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах, цуьнан доьзалах - Айхьа ИбрахIимах а, цуьнан доьзалах а къинхетам ма-барра. Боккъалаъ, Хастаме, Сийлахь ву Хьо! Я АллахI! Беркат де Ахьа Мухьаммадна, цуьнан доьзална -


 

34


Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан доьзална а беркат ма-дарра. Боккъалаъ, Хастаме, Сийлахь ву Хьо!» (Бухари).

 

4. Пайхамарна(АллахIеракъинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша салават диллиначул тIаьхьа эра ду:

 

«АллахIумма робба хIазихIиддаIвати-таммати, вассолатил-къоимати, ати Мухьаммаданил-василата ва-лфадилата, вабIасхIу макъоман махьмудан, аллази ваIадтахI, иннака ла тухлифу-лмиIад».

 

«Я АллахI! ХIокху кхачаме долучу кхайкхаран Дела! Дечу ламазан Дела! Мухьаммадна «василат» а, «фадилат» а ло Ахьа, Айхьа цунна ваIда (чIагIо) йина, лур ю аьлла йолучу хастамечу меттехь гIатта а ве Ахьа и. Боккъалаъ, Ахьа Айхьа йина ваIда (чIагIо) йоха ца йо-кха».

 

ХIара доIа даран пайда


 

35


И доIа динарг милла велахь а - пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шапаIат хьанал хир ду цунна.

 

5. Цул тIаьхьа шена доIа дийр ду,АллахIе къинхетам а, комаьршо а йоьхур ю. Боккъалаъ, АллахIа жоп лур ду цунна.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Ахьа ала цара (моллалла кхойкхучара) олуш дерг царна тIаьххье. (Хьо царна тIаьхьара аьлла ваьлча, Деле деха хьайна дезарг),

 

лур ду хьуна» (Абу Дауд,ибн Хьаджарадика хьадис («хьасан) лерина и, ибн Хьиббана бакъ хьадис («сахьихь») лерина и).

 

ХIара дерриге суннаташ, хIора бусалба стага моллалла кхойкхуш мосазза хеза а леррина лелон дезаш долу, – ткъе пхиъ (25) ду.

 

КЪАМАТ ДАРАН СУННАТАШ


 

36


Моллалла кхайкхарехь дагардина долу хьалхара диъ суннат лелор ду къамат дечу хенахь а.

 

Иштта ду Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолучу Iеламнехан комитетан фатва а.

 

ТIаккха дерриге суннаташ, хIора ламазна къамат мосазза дин а лелош долу, - ткъа (20) хуьлу.

 

Пайда Къамат деш хезачунна суннат ду

 

къамат дечо олуш дерг тIаьхьара алар,

 

хIара шиъ доцург: «хьаййаIалассолат», «хьаййа Iалалфалахь». И шиъ аьлча,

тIаьхьара ала дезаш дерг: «ла хьовлавала къуввата» ду.

Къамат дечо «къодкъоматиссолат»

 

аьлча, тIаьхьара олуш волучо а эра ду уьзза. Амма «акъамахIаллохIу ваадамахIа» эра дац,хIунда аьлча цуьнанхьокъехь дийцина долу хьадис бух боцуш ду.


 

37


Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолучу Iеламнехан комитетан фатва а ду иштта.

 

ЛАМАЗ ДУЬХЬАЛОННА

ТIЕВИРЗИНА ДАР

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шайх цхьамма ламаз дечу хенахь - сутратанна (дуьхьалонна) тIе а дирзина дойла аша и, цунна улле тIе а хуьлийла шу. Шена а, цунна а юккъехула цхьа а дехьа а ма волуьйтийла» (Абу Дауд,ибн Малик,ибн Хузайм).

 

ХIокху хьадисо гойту: ламаз дечу хенахь дуьхьало хIоттор суннат хилар. Башха а дац: маьждигехь хуьлда и я цIахь хуьлда. Божаршна а, зударшна а цхьабосса ду и суннат.

 

Ламазаш дечарех цхьаболчара лелонза дуьту и суннат. Цундела


 

38


дуьхьалонна тIебирзина а боцуш, ламазаш деш карабо хьуна уьш.

Бусалба стага дийнахь-буса юх-юха а лелош ду хIара суннат. Цо хIара суннат юх-юха а леладо: раватиб-суннаташкахь, зьухьа-ламазехь, маьждиган хьурматан ламазехь, витар-ламазехь. Иштта зударша а лелон дезаш ду и суннат цIахь, ша цхьамма ламаз дечу хенахь. Ткъа жамаIат-ламазашкахь-м имамана тIаьхьа хIиттиначеран дуьхьало имам лоруш ву.

 

Дуьхьалонна гонахара хьаште долу хаттарш

 

1) Кхачаме йолуш йолу дуьхьало - ламаз дечо къибланехьа мел хIоттош йолучуьнца хуьлу, хуьлда и пен, Iаса, бIогIам. Дуьхьала юьллучу дуьхьалонан шораллин барам къаьстина, хIоьттина билгалбаьккхина бац.

 

2) Ткъа дуьхьалонан локхалла нуьйран тIаьхьара дакъа санна хила еза, вуьшта аьлча - цхьа ше хиллал барамехь герггарчу хьесапца.


 

39


3) Когашний, дуьхьаллонний юккъехь кхо дол юкъ хила еза, ламаз дечунний, дуьхьалонний юккъехь сужд дан аьтто хирболлучул барам а буьтуш.

4) Дуьхьало хIотторан суннат – имамана а, ша хIоьттина ламаз дечуьнан

а хьокъехь ду (башха а доцуш: деш дерг парз-ламаз делахь а, суннат-ламаз делахь а).

 

5) Имамана хьалхахь йолу дуьхьало тIаьхьахIиттиначарна а кхачаме ю. Цундела, цхьана хьаштанна делахь, имамана тIаьхьахIоьттиначунна хьалхахула валар магош ду.

 

Дуьхьало хIотторан суннат лелоран пайданаш

 

1) Боккъалаъ, стеган ламаз дохарх лардо цо, нагахь санна ламаз дечунна хьалхахула йолуш ерг, и хьалхахула яьлча ламаз дохочех хIума елахь (ламаз дохочех ю: зуда, вир, Iаьржа жIаьла). Ткъа ламаз дохочех хIума и яцахь - ял эшарх лардо цо шен ламаз.


 

40


2) БIаьрг ларбо цо шен - хьалахьежорах а, дIасахьежорах а, гIуллакх доцуче хьежорах а. ХIунда аьлча дуьхьало йиллиначо шен бIаьргаш дуьхьалонна чоьхьа богIийна латтабо – ткъа цо гIо до ламаз дечуьнан ойла ламазна тIехь латто а, акха ца йийлийта а.

 

3) ДIасалелачарна меттиг а, аьтто

 

а ло дуьхьалонна тIе а вирзина ламаз дечо. Ца бевлла шена хьалхахула бовларе а ца тоьттуш, дехьа-сехьа бовла таро а ло цо царна.

 

ДИЙНАХЬ-БУСА ДЕШ ДОЛУ

 

СУННАТ-ЛАМАЗАШ

 

1. «Раватиб»суннат-ламазаш.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Ислам дин лелош волучу муьлххачу (АллахIан) лайна, шен лаамехь парз-ламазел а сов хIора дийнахь шийтта ракаIат ламаз деш


 

41


волучу, билггала цIено дугIур ду АллахIа ялсаманехь (я: билггала ялсаманехь цIа хир ду цунна доьгIна)» (Муслим).

 

Делкъа-ламазал хьалхара диъ ракаIат, цунна тIаьхьара шиъ.

 

МаьркIаж-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.

 

Пхьуьйра-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.

 

Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат.

 

Сан лараме ваша! Ткъа хьо шовкъе хIунда вац-те ялсаманерачу хIусаме?! Ларре-лардеш хила хьо пайхамаран хIара суннат, парз доцург шийтта (12) ракаIат ламаз а де ахьа.

 

2. Зуьхьа-ламаз.Зуьхьа-ламаз кхо бIе кхузткъа

 

(360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу. И сагIа – шукар ду,


 

42


Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду зуьхьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.

 

Оцу шина ракаIатан пайданаш Муслиман «Сахьихь» жайнахь Абу

Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 

«(ХIора дийнахь а) Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, (шен дегIана тIехь) хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду, хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»

 

(Муслим).


 

43


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат зуьхьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца» (бартхилла хьадис ду).

 

Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.

 

Зуьхьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.

 

Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.

Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI

 

(8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьлла.

 

3. Малхбуза-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


 

44


«АллахIа къинхетам бойла стагах, малхбуза-ламазал хьалхара диъ ракаIат ламаз диначу» (Абу Дауд,

 

Тирмизи).

 

4. МаьркIаж-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«МаьркIаж-ламазал хьалхара ши ракаIат ламаз де, кхоалгIа тIе а тухуш, и дан луучо» (Бухари).

 

5. Пхьуьйра-ламазан суннат.Пайхамара (АллахIера къинхетам

а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

««ХIора шина моллалла

 

кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь – ламаз ду…». КхоалгIа тIе а тухуш: «…и дан лууш волучунна»» (Бухари,Муслим).

 

Нававис аьлла:

 

««Шина моллалла кхайкхарах» лууш дерг - моллалла кхайкхар а, къамат дар а ду».


 

45


БУСА ГIАЬТТИЧА ДЕШ ДОЛУ

СУННАТ-ЛАМАЗАШ

 

«Рамадан (баттал) тIаьхьа марха кхабар уггаре дезах дерг - АллахIан Мухьаррам бутт бу. Парз-ламазал тIаьхьа уггаре дезах дерг - буса ден ламаз ду» (Муслим).

 

1. Буса деш долучу уггаре дезачу ламазийн дукхалла - цхьайтта (11) я кхойтта (13) ракаIат ду.

2. Буса ламаз дан хьалагIаьттича суннат ду - сивак хьакхар а, «Али Iимран» сурат, 190-чу аятана тIера дIа а долийна, чеккхдаллалц дешар а.

3. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилла долу доIа дар а суннат ду буса гIаьттиначунна:

«АллохIумма! Лакал-хьамду, анта къаййимуссамавати вал-арди ва ман фихIинна, ва лакал-хьамду анта нуруссамавати вал-арди ва ман

 

 

46


фихIинна, ва лакал-хьамду анта маликуссамавати вал-арди, ва лакал-хьамду антал-хьаккъу, ва ваIдука хьаккъун, ва ликъоука хьаккъун, ва къовлука хьаккъун, вал-жаннату хьаккъун, ваннару хьаккъун, ваннабиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьаккъун, вассаIату хьаккъун. АллохIумма лака асламту, ва бика аманту, ва Iалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика хасамту, ва илайка хьакамту, фагIфирли ма къаддамту вама аххарту вама асрарту вама аIланту, антал-мукъаддиму ва антал-муаххиру, лаилахIа илалла анта (я лаилахIа гIойрука)».

 

«Я АллахI! Хастам бу Хьуна! Лардийриг ву Хьо - стигланаш а, латта а, оцу чохь дехаш мел дерг а. Хастам бу Хьуна! Серло ю Хьо - стигланийн а, лаьттанан а, оцу чохь дехаш мел долучийн а. Хастам бу Хьуна! Паччахь ву хьо – стигланийн а, лаьттанан а, оцу чохь дехаш мел


 

47


долучийн а. Хастам бу хьуна! Бакъо ю Хьо, Хьан ваIда а ю – бакъ, Хьуна дуьхьалдахкар а ду – бакъ, Хьан дош а ду – бакъ, ялсамани хилар а ду – бакъ, жоьжагIати хилар а ду – бакъ, пайхамарш а бу – бакъ, Мухьаммад а ву – бакъ, къематде а ду – бакъ. Я АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, Хьоьга иман а дилли аса, Хьуна тIе болх а билли аса. Дохко а ваьлла Хьоьга вирзи со. Хьо бахьана долуш къийсамаш а баьхьна аса, Хьан кхиэле а ваьлла со. Ткъа гечдехьа суна - аса хьалха диначунна, тIаьхьа тIедан дитиначунна, хьуламехь диначунна, лечкъош доцуш диначунна. Хьо ву-кха – хьалхатоттуш верг, тIаьхьатоттуш верг. Дела вац, Хьо воцург!» (Бухари,

 

Муслим).

 

4. Буса деш долучу ламазелхьалхара дайн ши ракаIат суннат-ламаз дар а ду буьйсанан суннатех.


 

48


И даран бахьана - дегIан жигаралла самаяккхар ду, цунна тIаьхьа догIуш долу суннаташ дан волавалале хьалха дегI сема а, каде а хилийтархьамма.

 

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Шайх буса хьалагIаьттиначо ламаз дIадоладойла, (цул а) хьалха дайн ши ракаIат а дай» (Муслим).

 

5. Буьйсанна деш долу ламазхIокху доIанца дIадолор а ду суннат:

 

«АллохIумма робба Джибраила ва Микаила ва Исрапила, фатIирос-самавати валъарди, IалималгIойби вашшахIадати, анта тахькуму байна Iибадика фима кану фихIи йахталифуна. ИхIдини лимахтулифа фихIи минал-хьаккъи биизника, иннака тахIди ман ташау ила сиротIин мустакъим».

 

«Я АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрапилан а Дела! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг! ХIай дагахь (я


 

49


къайлах) дерг а, гучохь дерг а хууш верг! Хьо ву-кха Хьайн лаьшна шайна юккъехь барт цхьаьнацабеаначуьнгахь кхиэл ен верг. Хьайн пурбанца нийсонна тIе нисве Ахьа со - церан барт цхьаьнацабеана долучуьнгахь. Боккъалаъ, Хьо ву-кха Хьайна луург нийсачу новкъа нисвеш верг»

 

(Муслим).

6. Буса деш долу ламаз дехха дар

а суннат ду.

 

«АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Уггаре дезах дерг муьлха ламаз ду?». Цо аьлла: «Къунут деха дерриг ду»» (Муслим).

 

«Къунут» бохург - ламазехь вехха латтар ду.

 

7. Iазап дуьйцучу аятна

тIекхаьчначу хенахь ларвар дехар -

суннат ду, «АIузу биЛлахIи,мин

 

IазабиЛлахIи» («АллахIехь ларло соАллахIан Iазапах»)олуш.


 

50


Къинхетам буьйцучу аятна тIекхаьчначу хенахь - къинхетам боьхур бу, «АллохIумма инни асалука минфодлика» («Я АллахI!Хьанкъинхетам боьху аса Хьоьга»)олуш.

 

АллахI керстанаша Цунна тIехь кхоьллиначу харцонех дI


Поделиться с друзьями:

Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого...

Биохимия спиртового брожения: Основу технологии получения пива составляет спиртовое брожение, - при котором сахар превращается...

Историки об Елизавете Петровне: Елизавета попала между двумя встречными культурными течениями, воспитывалась среди новых европейских веяний и преданий...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.417 с.