Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...
Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...
Топ:
Когда производится ограждение поезда, остановившегося на перегоне: Во всех случаях немедленно должно быть ограждено место препятствия для движения поездов на смежном пути двухпутного...
История развития методов оптимизации: теорема Куна-Таккера, метод Лагранжа, роль выпуклости в оптимизации...
Генеалогическое древо Султанов Османской империи: Османские правители, вначале, будучи еще бейлербеями Анатолии, женились на дочерях византийских императоров...
Интересное:
Средства для ингаляционного наркоза: Наркоз наступает в результате вдыхания (ингаляции) средств, которое осуществляют или с помощью маски...
Аура как энергетическое поле: многослойную ауру человека можно представить себе подобным...
Берегоукрепление оползневых склонов: На прибрежных склонах основной причиной развития оползневых процессов является подмыв водами рек естественных склонов...
Дисциплины:
2019-08-07 | 259 |
5.00
из
|
Заказать работу |
Содержание книги
Поиск на нашем сайте
|
|
Ассимиляцин процесс аьзнаш вовшах тардаларца йоьзна ю. Цуьнан хlара тайпанаш хуьлу:
1) Регрессивни, прогрессивни ассимиляци – нагахь санна шбб бди аз тарлучу хенахь тlаьхьа догlу аз хьалха догlучух тарлуш хилахь, иза регрессивни ассимиляци лору, ткъа хьалха догlу аз тlаьхьа догlучух тарлуш хилахь, иза прогрессивни ассимиляци лору.
2) Контактни, дистанционни ассимиляци – тарлуш долчу шина озана юкъахь кхин аьзнаш а доцуш кхочушхуьлуш йолу ассимиляци контактни лору. Ткъа тарлуш долчу шина озана юкъахь кхин аьзнаш а долуш процесс кхочушхуьлуш хилахь, иза дистанционни ассимиляци лору.
3) Юьззина, юьззина йоцу ассимиляци – цхьа аз кхечунах шен амалшца дуьззина тардаларца йоьзна ю юьззина ассимиляци. Ткъа юьззина йоцу ассимиляци кхочушхуьлуш аз цхьацйолу амалшца бен тар ца ло.
Мукъачу аьзнийн ассимиляцин тайпанаш (орамерчу мукъачу аьзнашна хуьлучу хийцамашка хьаьжжина, ассимиляцин тайпанаш)
Дешнашкахь орамехь долчу мукъачу аьзнашна хуьлуш болчу хийцамашка хьаьжжина, ассимиляци хlокху тайпана хуьлу: к l аддалар, горгдалар, гатдалар, к l аддаларца гатдалар.
V1 – дешан хьалхара дешдакъа – цу чохь лела тарло хlара юьхьанцара мукъа аьзнаш: а, а, а, и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо.
V2 – дешан шолгlа дешдакъа – цу чохь лела тарло хlара мукъа аьзнаш: и, ин, э, эн, у, ун.
V2 бахьанехь хийцало V1. V1 чуьра мукъа аьзнаш кlаддала а, горгдала а, гатдала а, кlаддаларца гатдала а тарло. V2 чуьра мукъа аьзнаш V1 чуьрнаш хийца а хуьйций, шаьш, гlеллуш, хlокху мукъа аьзнашка дерза тарло: а, ан
V1 чуьра мукъа аьзнаш иштта хийцало:
а) а, а, а кlадло, нагахь санна V2 – и, ин, э, эн
а, а, а горгло, нагахь санна V2 – у, ун (о, он)
б) и, и, иэ, иэ горгло, нагахь санна V2 – у, ун
|
в) у, у, уо, уо кlадло, нагахь санна V2 – и, ин, э, эн
г) иэ, иэ гатло, нагахь санна V2 – и, ин
уо, уо, гатло, нагахь санна V2 – у, ун
д) уо кlад а, гат а ло, нагахь санна V2 – и, ин
V2 чуьра мукъачу аьзнаша хlокху кепара lаткъам бо:
а) и, ин, э, эн – V1 чуьра аьзнаш к l аддо
б) у, ун – V1 чуьра аьзнаш горгдо
в) и, ин, у, ун – V1 чуьра аьзнаш гатдо
г) и, ин – V1 чуьра аьзнаш к l ад а, гат а до.
Элп, аз, фонема, церан башхалла.
Вай яздеш, гуш долчух элп олу. Нохчийн маттахь 49 элп ду. Цара алфавит кхуллу.
Уьш алфавитехь шайн меттиг дlа а лоцуш, шайн бакъонаш а йолуш ду. Алфавит жимчохь дуьйна а, элпийн шайн-шайн меттигашци хаа езаш ю.
Вайна хезаш, олуш долчух аз олу. Аьзнаш хуьлу деха а, доца а, ахдеха а.
Фонема – дешнийн маьlна а, грамматически форманаш а къастош долу доца аз ду. Фонемо дешан маьlна хийцаран масала – гlант – кlант, цхьана фонемо дешан маьlна хийцина. Грамматически форма хуьйцу дашехь – вада – дада (кlант воду, жlаьла доду).
Мукъазчу аьзнийн система.
Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн гуттаренна а хийцалуш йоцу амалш ю: гlовгlаной, мукъамой дакъалацаран барам; гlовгlа, мукъам кхоллаяларан меттиг; мухалла; уьш абруптивни хилар.
Мукъаза аьзнаш кхоллалучу заманахь пехаш чуьра догlучу хlаваана тайп-тайпана дуьхьалонаш нисло. И аьзнаш кхоллалуш дакъалоцуш гlовгlа а, мукъам а хуьлу. Гlовгlано, мукъамо дакъалацаре хьаьжжина мукъаза аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало:
1) гlовгlанах лаьтта мукъаза аьзнаш;
2) сонорни мукъаза аьзнаш
Г l овг l анах лаьтта мукъаза аьзнаш шина декъе декъало:
а) зевне мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало алссам гlовгlа а йолуш, кlеззиг мукъам болуш – б, в, г, г l, д, l (l ъ), з (дз), ж (дж).
б) къора мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало еккъачу гlовгlанах – х, хь, х l, к, к l, кх, къ, с, ш, п, п l, ц, ц l, ч, ч l, ъ, т, т l, (ф, щ).
l ъ – фонема яц, l -ан фонетически вариант ю, иза лела зевне а, сонорни а мукъазчу аьзнашна тlехьа. Масала: мlъара, бlъоw.
Дз, дж – з -ан, ж -ан фонетически варианташ ю, уьш лела дешнийн юьххьехь а, -н- озан тlехьа а. Масала: дзаза, джlъаьла, кlундзал.
|
Ф, щ – нохчийн меттан фонологически системехь дац, тlеэцначу дешнашкахь бен ца лела.
Сонорни мукъаза аьзнаш – л, м, н, р, й, w.
w – в- ан фонетически вариант ю, иза лела дифтонгийн хlоттамехь. Масала: лоwзар, коw.
Мукъаза аьзнаш шайн кхолладаларан мухалле хьаьжжина хуьлу:
1) лелха мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало кадечу меженаша кхоьллина къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао яста а йостуш яьллачу гlовж1гlанах – б, г, д, к, п, т, l, ъ (Тимаевс м, н а лору);
2) херо йолу мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало каде а, тийна а меженаш вовшашна герга а яхна кхоьллинчу херонехула нуьцкъала пехаш чуьра догlучу хlавао къамелан меженах хьекхалуш йоккхучу гlовгlанах – л, м, н, р, й, w, в, х, хь, х l, с, ш, з, ж, г l, (ф, щ), (l ъ).
Цул сов, нохчийн маттахь ду лелхачеран а, херо йолчеран а амалш шайца йолуш долу чолхе артикуляци йолу мукъаза аьзнаш – аффрикаташ. Церан дlадоладалар лелхачаьрца хуьлу, ткъа чекх довлар – херо йолчаьрца. Уьш хlорш ду: дж, дз, ц (т-с), ц l (т l - c), ч (т-ш), ч l (т l -ш), кх (к-х).
Нохчийн маттахь шинхьа лелха мукъаза аьзнаш а ду – абруптиваш. Уьш кхоллало багахь хилла къовлар бетан мускулатуро а йостуш, эшарпхенашкара къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао а йостуш. Уьш хlорш ду: п l, т l, ц l, ч l, к l, къ.
Шайн кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъаза аьзнаш хила тарло:
1) балдийн: б, п, п l, в, w, м
2) меттан хьалхара: д, т, т l, з (дз), ж (дж), с, ш, ц, ц l, н, л, р, ч, ч l
3) меттан юккъера: й
4) меттан тlехьара: г, к, х, к l
5) кlедачу стигалан: г l, кх, къ
6) къамкъаргийн: l (l ъ), хь
7) эшарпхенийн: ъ, х l
|
|
Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...
Организация стока поверхностных вод: Наибольшее количество влаги на земном шаре испаряется с поверхности морей и океанов (88‰)...
Типы оградительных сооружений в морском порту: По расположению оградительных сооружений в плане различают волноломы, обе оконечности...
История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...
© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!