Мукъачу аьзнийн система, цуьнан башхалла. — КиберПедия 

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Мукъачу аьзнийн система, цуьнан башхалла.

2019-08-07 1316
Мукъачу аьзнийн система, цуьнан башхалла. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Мукъачу аьзнийн система, цуьнан башхалла.

Мукъа аьзнаш кхоллало пехаш чуьра догlучу хlаваана цхьана а кепара дуьхьало йоцуш. Мукъа аьзнаш 30 сов ду аьлла билгалдоккху lилманчаша. Ткъа и дерриге аьзнаш 5 хьаьрк гlоьнца кхоллалуш ду: а, и, э, у, о (Тимаевс э меттана е леладо).

       Цхьадолу аьзнаш кхоллало и хьаьркаш цхьаьна леларца: иэ, уо. Ткъа цхьацдерш – цаьрца кlеда хьаьрк леларца: аь, уь, оь.

       Нохчийн маттахь а озан масех вариант ю: а, а, а, а.

       а – деха а, из алела диллинчу дешдекъехь.

       а – ахдеха а, дехачу а -н фонетически вариант ю, иза лела къевлинчу дешдекъехь

       а – шеконан гlийла редуцированни а, из алела хьалхара доцучу, кхечу муьлххачу а дешдекъехь. Гlийлачу а -не дерза тарло хlара аьзнаш: а, и, у, э (хьалхара доцучу, кхечу муьлххачу а дешдекъехь хуьлу иза).

       Мукъа аьзнаш кхолладаларан меттиг цlенна билгала ца яккхало. Уьш кхоллало мукъамах. Шаьш кхоллалучу заманахь къамелан меженаш дикка хераевлла хуьлу. Мукъачу аьзнаша дешдакъа кхуллу, ша цхьаъ бен дацахь а: масала, а-ла, тал-ла.

Мукъа аз доллчул дешдакъа а хуьлу дашехь.

       Мукъа аьзнаш кхоллалуш эшаран пхенаш вовшашна герга а доьлхий дулало. Ткъа пехаш чуьра догlу хlаваъ царах хьекхалуш, уьш дегадо. Иштта мукъам кхоллало. И мукъам баганан чоьна чукхочу. Багахь каде меже мотт бу. И мотт хьалха-тlехьа а, хьала-охьа а баха таро йолуш бу. Цу матто хуьйцу баганан чоьнан кеп а, чухоам а. Иштта каде балдаш а ду. Цундела мукъа аьзнаш кхоллалуш маттой, балдашший беш болу болх коьрта лору. Мукъачу аьзнийн билгалонаш хlокху тайпа ю:

1) мотт хьала-охьа бахаре хьаьжжина мукъа аьзнаш хуьлу:

а) лакхарчу айамера – и, и, у, у, уь, уь.

б) юккъерачу айамера – иэ, иэ, уо, уо, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа.

в) лахарчу айамера – а, а, а.

 

2) мотт хьалха-тlехьа бахаре хьаьжжина:

а) хьалхарчу могlарера – и, и, иэ, иэ, э, э, аь

б) юккъерачу могlарера – а, а, а, уь, уь, уоь, уоь

в) тlехьарачу могlарера – у, у, уо, уо, о, о, оа

 

3) аьзнаш аларца хуьлу:

а) кlеда – и, и, иэ, иэ, э, э, аь, уь, уь, уоь, уоь

б) чlогlа – а, а, а, у, у, уо, уо, о, о, оа

 

4) мукъа аьзнаш аларца хуьлу:

а) готта – и, и, у, у, уь, уь

б) шуьйра – иэ, иэ, а, а, а, уо, уо, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

5) балдаша дакъа лацаре хьаьжжина мукъа аьзнаш шина тайпана хуьлу:

а) балдийн – у, у, уо, уо, уь, уь, уоь, уоь, о, о, оа

б) балдийн доцурш – и, и, иэ, иэ, а, а, а, э, э, аь

6) олучу заманахь хан кlеззиг, ян алсам эшарца мукъа аьзнаш къаьста:

а) доца – и, иэ, а, у, уо, э, аь, уь, уоь, о, оа

б) деха – и, иэ, у, уо, а, э, уь, уоь, о

в) ахдеха – а

 

7) нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь ду аларца чолхе артикуляци йолуш мукъа аьзнаш, царех дифтонгаш олу. Уьш хlорш ю: иэ, иэ, иэн, иэн, уо, уо, уон, уон, уоь, уоь, уоьн, оа

 

8) нохчийн меттан мукъа аьзнаш меран а, цlена а хуьлу:

а) меран – ин, ин, иэн, иэн, ан, ан, ан, ун, ун, уон, уон, эн, эн, уоьн

б) цlена – и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а, э, э, аь, уь, уь, уоь, уоь, о, о, оа

 

9) шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш шина тобане декъало:

а) юьхьанцара – и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а

б) шозлагlа – уь, уь, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

 

Мукъачу аьзнийн горгдалар.

Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь ду аларца балдийн доцу, горгдала таро йолуш мукъа аьзнаш: а, а, а, и, и, иэ, иэ. Нагахь санна цхьа билггала грамматически форма кхуллуш V2-чу у, ун хlоттахь, V1-чуьра а, а, а, и, и, иэ, иэ горгдала таро йолуш ду. V2-чуьра у, ун шаьш а гlеллуш, цlена а, меран а шеконан гlийлачу а -не доьрзу (а, ан).

V1-чуьра мукъа аьзнаш иштта хийцало:

а > о     вадан – вода (< вад – у)

а > оа    дакхкхан – доакхкха (< дакхкх – у), нагахь санна дешдакъа деллалахь -

а > a > o     лам – ломан (< лам - ун)

а > о     алан – ола (< ал – у), нагахь санна дешдакъа къовлалахь -

а > о алан – оллушехь

и > уь    вижан – вуьжа (< виж – у)

и > уь   дицан – дуьца (< диц – у)

иэ > уоь диэлхан – дуоьлха (< диэлх – у) 

иэ > уоь диэшан – дуоьша (< диэш – у), нагахь санна дешдакъа къовлалахь –

иэ > уоь     диэшан - дуоьшшушиэхь

 

И тайпа хийцамаш дешнийн хlара форманаш кхуллуш кхочушхуьлу:

1) цхьацдолчу хандешнийн карара хан кхуллуш, аффикс – у:

масала, вижан – вуьжа (< виж – у)

 

2) цхьацдолчу цlердешнийн Дл.дожаран форма кхуллуш, аффикс – ун:

масала, Цl.д. къам

           Дл.д къоман (< къам – ун)

 

3) цхьацдолчу цlердешнашкахь а, билгалдешнашкахь а исторически кхочушхилла яьлла процесс, аффикс – у, ун

масала, къоран (< къар – у) къарвелла

           готтан (< гатт – у) гатделла

          буоьхан (< биэх – ун) биэхъелла

     вота (< ват – у) ватанча

 

4) цхьацдолчу дегlаза цlердешнаш кхуллуш а кхочушхуьлу горгдаларан процесс, аффикс – улла:

масала, стаг – стогалла (< стаг – улла)

 

 

Мукъазчу аьзнийн система.

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн гуттаренна а хийцалуш йоцу амалш ю: гlовгlаной, мукъамой дакъалацаран барам; гlовгlа, мукъам кхоллаяларан меттиг; мухалла; уьш абруптивни хилар.

Мукъаза аьзнаш кхоллалучу заманахь пехаш чуьра догlучу хlаваана тайп-тайпана дуьхьалонаш нисло. И аьзнаш кхоллалуш дакъалоцуш гlовгlа а, мукъам а хуьлу. Гlовгlано, мукъамо дакъалацаре хьаьжжина мукъаза аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало:

1) гlовгlанах лаьтта мукъаза аьзнаш;

2) сонорни мукъаза аьзнаш

 

Г l овг l анах лаьтта мукъаза аьзнаш шина декъе декъало:

       а) зевне мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало алссам гlовгlа а йолуш, кlеззиг мукъам болуш – б, в, г, г l, д, l (l ъ), з (дз), ж (дж).

       б) къора мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало еккъачу гlовгlанах – х, хь, х l, к, к l, кх, къ, с, ш, п, п l, ц, ц l, ч, ч l, ъ, т, т l, (ф, щ).

     

l ъ – фонема яц, l -ан фонетически вариант ю, иза лела зевне а, сонорни а мукъазчу аьзнашна тlехьа. Масала: мlъара, бlъоw.

Дз, дж – з -ан, ж -ан фонетически варианташ ю, уьш лела дешнийн юьххьехь а, -н- озан тlехьа а. Масала: дзаза, джlъаьла, кlундзал.

Ф, щ – нохчийн меттан фонологически системехь дац, тlеэцначу дешнашкахь бен ца лела.

Сонорни мукъаза аьзнаш – л, м, н, р, й, w.

w – в- ан фонетически вариант ю, иза лела дифтонгийн хlоттамехь. Масала: лоwзар, коw.

Мукъаза аьзнаш шайн кхолладаларан мухалле хьаьжжина хуьлу:

1) лелха мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало кадечу меженаша кхоьллина къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао яста а йостуш яьллачу гlовж1гlанах – б, г, д, к, п, т, l, ъ (Тимаевс м, н а лору);

2) херо йолу мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало каде а, тийна а меженаш вовшашна герга а яхна кхоьллинчу херонехула нуьцкъала пехаш чуьра догlучу хlавао къамелан меженах хьекхалуш йоккхучу гlовгlанах – л, м, н, р, й, w, в, х, хь, х l, с, ш, з, ж, г l, (ф, щ), (l ъ).

 

Цул сов, нохчийн маттахь ду лелхачеран а, херо йолчеран а амалш шайца йолуш долу чолхе артикуляци йолу мукъаза аьзнаш – аффрикаташ. Церан дlадоладалар лелхачаьрца хуьлу, ткъа чекх довлар – херо йолчаьрца. Уьш хlорш ду: дж, дз, ц (т-с), ц l (т l - c), ч (т-ш), ч l (т l -ш), кх (к-х).

Нохчийн маттахь шинхьа лелха мукъаза аьзнаш а ду абруптиваш. Уьш кхоллало багахь хилла къовлар бетан мускулатуро а йостуш, эшарпхенашкара къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао а йостуш. Уьш хlорш ду: п l, т l, ц l, ч l, к l, къ.

Шайн кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъаза аьзнаш хила тарло:

1) балдийн: б, п, п l, в, w, м

2) меттан хьалхара: д, т, т l, з (дз), ж (дж), с, ш, ц, ц l, н, л, р, ч, ч l

3) меттан юккъера: й

4) меттан тlехьара: г, к, х, к l

5) кlедачу стигалан: г l, кх, къ

6) къамкъаргийн: l (l ъ), хь

7) эшарпхенийн: ъ, х l

 

Юьхьанцара мукъа аьзнаш.

Шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало: юьхьанцара (схьадовлаза), шозлагlа (схьадевлла).

Юьхьанцара, схьадовлаза мукъа аьзнаш, цхьацболчу lилманчаша коьрта аьзнаш а олу царех. Церан кхолладаларан некъ таханлерачу муьрехь билгалбаккха таро яц. Уьш лела дешнийн юьхьанцарчу кепийн лардашкахь. Дешнийн юьхьанцара форманаш ларало: цlердешнийн, билгалдешнийн Цlерниг дожар, цхьаллин терахь; хандешнийн билгалза кеп (инфинитив). Иштта аьлла чlагlдича а нийса хир дац, хlунда аьлча маттахь карадо масалш, юьхьанцарчу форманашкахь а долуш, амма лардехь исторически хийцаделла аз а долуш. Юьхьанцара мукъа аьзнаш хlорш ду: и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а.

 

  могlа хьалхара юккъера тlехьара

 

айам

лакхара и, и   у, у
юккъера иэ, иэ   уо, уо
лахара   а, а, а  

 

Схьадевлла мукъа аьзнаш.

Шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало: юьхьанцара (схьадовлаза), шозлагlа (схьадевлла).

Шозлагlа, схьадевлла мукъа аьзнаш. Церан кхолладаларан некъ билгалбаккха таро ю. Уьш кхоллало юьхьанцарчу аьзнех, ассимиляцин процесс кхочушхиларца. Шозлагlа аьзнаш хlорш ду: уь, уь, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

  могlа хьалхара юккъера тlехьара

 

айам

лакхара   уь, уь  
юккъера э, э, аь уоь, уоь о, о, оа
лахара      

 

 

Нохчийн меттан дифтонгаш.

Нохчийн маттахь 30 сов мукъа аьзнаш ду аьлла билгалдоккху lилманчаша. Ткъа и дерриге аьзнаш 5 хьаьрк гlоьнца кхоллалуш ду: а, и, э, у, о.

       Цхьадолу аьзнаш и хьаьркаш цхьаьналеларца кхоллало: иэ, уо, оа.

Уьш ду аларца чолхе артикуляци а йолуш мукъа аьзнаш, царех дифтонгаш олу. Дифтонгийн масала нохчийн маттахь кхоччуш цхьа хьежам болуш дац. Нохчийн меттан бакъйолу дифтонгаш аьлла билгалйоху хlорш ю: иэ, иэ, иэн, иэн, уо, уо, уон, уон, уоь, уоь, уоьн, оа.

       Дифтонгаш а, монофтонгаш санна, хуьлу еха а, йоца а, юьхьанцара а, шозлаг l а а, ц l ена а, меран а, балдийн а, балдийн йоцуш а, к l еда а, ч l ог l а а. Ткъа готта дифтонгаш яц, ерриге а дифтонгаш шуьйра ю аьлла билгалйоху lилманчаша.

       Дифтонгаш транскрипцехь бен язъеш яц, ткъа орфографехь дифтонгийн хlоттамера шолгlа аз бен яз ца до: туоха – тоха, лиэла – лела;

Ткъа оа дифтонган хlоттамера хьалхара о яздо орфографехь: доакхкхан – доккху.

Нохчийн меттан монофтонгаш.

 

Мукъачу аьзнийн гатдалар.

Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь аларца шуьйрачарех гатдала таро йолуш ду хlара мукъа аьзнаш: иэ, иэ, уо, уо.

Нагахь санна дешнийн грамматически форманаш кхуллуш, V2-чохь церан могlарера и, ин, у, ун хlоттахь, V1-чуьра иэ, иэ, уо, уо гатдала тарло.

1) V1 иэ, иэ -  V2 и, ин -

иэ > и          диэллан – диллин (< диэлл-ин)

иэ > и          диэшан – дишин (< диэш-ин)

2) V1 уо, уо -  V2 у, ун -

уо > у          ъуоллан – ъулла (< ъуолл-у)

уо > у          туохан – туха (< туох-у)

Нагахь санна къевлина дешдакъа деллалахь, йохалла гучуйолу, ткъа дешдакъа къовлалахь, йохалла йов.

       И тайпа хийцамаш кхочушхуьлу дешнийн хlара форманаш кхуллуш:

1) цхьацдолчу хандешнийн карара хан кхуллуш, аффикс – у:

масала:      кхуоллан – кхулла (< кхуолл-у)

                  дуоттан – дутта (< дуотт-у)

 

2) цхьацдолчу хандешнийн хlинцца яхана хан кхуллуш, аффикс – ин:

масала:      лиэлхан – лилхин (< лиэлх-ин)

                  диэхан – дихин (< диэх-ин)

 

3) цхьацдолчу цlердешнийн Доланиг дожаран форма кхуллуш, аффикс – ин, ун:

масала:      Цl.д. куоч

                  Дл.д. кучан (< куоч-ун)

       Цl.д. куолл

       Дл.д. куллан (< куолл-ун)

 

4) цхьацдолчу билгалдешнашкахь исторически кхочушхилла яьлла форма, аффикс – ин, ун:

масала:      сирла (< сиэрл-ин) [сиэрлуо]

                  хира (< хиэр-ин) [хиэрдан]

 

Нохчийн меттан метатеза.

Дешнашкахь аьзнаша меттиг хийцарца йоьзначу процессах метатеза олу.

И процесс гучуйолу тlеэцначу дешнашкахь а, нахски меттанийн дешнаш дуьстича а, нохчийн литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича а, нохчийн литературни меттан дешнаш кхечу меттан дешнашца дуьстича а.

Масала: маьхча – мечх (чlеб.)

             партал – палтар (аьккх.)

             бертал – белтар (аьк.)

             буохча – буочх (чlеб.)

бахтар – батхар (гlалгl.)

чуохчам – чуочхам (гlалгl.)

мерза – мазри (бац.)

кlорга – кlагру (бац.)

хьоwла – халва (оьрс.)

турба – труба (оьрс.)

лан – нали (гуьрж.)

 

Нохчийн меттан субституци.

Дешнашкахь цхьана озан метта кхин аз хlоттарца йоьзначу процессах субституци олу (замена).

И процесс хаало нохчийн литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича а, нахски меттанийн дешнаш дуьстича а, тlеэцначу дешнашкахь а, нохчийн меттан дешнаш кхечу меттан дешнашца дуьстича а.

а) литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича:

Масала:     пlиэлг – тlиэлг (чlеб.диал.) – цlаьлг (аьккх.диал.)

                        стака – сака (шот.) – така

                        нилха – лилха (чlеб.)

                        хlорш – йорш, хlара – яра (шот.)

 

б) нахски меттанийн дешнаш дуьстича:

Масала:     хlусам – фусам (гlалгl.)

                        ида – итlа (бац.)

                        итт – итlтl (бац.)

                        буолх – буотх (бац.)

                        дуог – дуокl (бац.)

 

в) тlеэцначу дешнашкахь:

Масала:     сахьт – саlат (араб.)

                        хьекъал – lакъил (lаьрб.)

                        кампет – конфета (оьрс.)

                        бlара – баlар (lаьрб.)

 

В.Д. Тимаевс субституци лору оьрсийн маттера тlеоьцучу дешнашкахь -у, -о меттана -уо дифтонг алар. Масала: лимуон – лимон

                                    минуот – минута.

 

34.

Мукъачу аьзнийн горгдалар.

Мукъазчу аьзнийн система.

Юьхьанцара мукъа аьзнаш.

Схьадевлла мукъа аьзнаш.

Нохчийн меттан дифтонгаш.

Нохчийн меттан монофтонгаш.

Мукъачу аьзнийн гатдалар.

Нохчийн меттан метатеза.

Нохчийн меттан субституци.

Мукъачу аьзнийн горгдалар.

Мукъазчу аьзнийн система.

Юьхьанцара мукъа аьзнаш.

Схьадевлла мукъа аьзнаш.

Нохчийн меттан дифтонгаш.

Нохчийн меттан монофтонгаш.

Мукъачу аьзнийн гатдалар.

Нохчийн меттан метатеза.

Нохчийн меттан субституци.

Мукъачу аьзнийн система, цуьнан башхалла.

Мукъа аьзнаш кхоллало пехаш чуьра догlучу хlаваана цхьана а кепара дуьхьало йоцуш. Мукъа аьзнаш 30 сов ду аьлла билгалдоккху lилманчаша. Ткъа и дерриге аьзнаш 5 хьаьрк гlоьнца кхоллалуш ду: а, и, э, у, о (Тимаевс э меттана е леладо).

       Цхьадолу аьзнаш кхоллало и хьаьркаш цхьаьна леларца: иэ, уо. Ткъа цхьацдерш – цаьрца кlеда хьаьрк леларца: аь, уь, оь.

       Нохчийн маттахь а озан масех вариант ю: а, а, а, а.

       а – деха а, из алела диллинчу дешдекъехь.

       а – ахдеха а, дехачу а -н фонетически вариант ю, иза лела къевлинчу дешдекъехь

       а – шеконан гlийла редуцированни а, из алела хьалхара доцучу, кхечу муьлххачу а дешдекъехь. Гlийлачу а -не дерза тарло хlара аьзнаш: а, и, у, э (хьалхара доцучу, кхечу муьлххачу а дешдекъехь хуьлу иза).

       Мукъа аьзнаш кхолладаларан меттиг цlенна билгала ца яккхало. Уьш кхоллало мукъамах. Шаьш кхоллалучу заманахь къамелан меженаш дикка хераевлла хуьлу. Мукъачу аьзнаша дешдакъа кхуллу, ша цхьаъ бен дацахь а: масала, а-ла, тал-ла.

Мукъа аз доллчул дешдакъа а хуьлу дашехь.

       Мукъа аьзнаш кхоллалуш эшаран пхенаш вовшашна герга а доьлхий дулало. Ткъа пехаш чуьра догlу хlаваъ царах хьекхалуш, уьш дегадо. Иштта мукъам кхоллало. И мукъам баганан чоьна чукхочу. Багахь каде меже мотт бу. И мотт хьалха-тlехьа а, хьала-охьа а баха таро йолуш бу. Цу матто хуьйцу баганан чоьнан кеп а, чухоам а. Иштта каде балдаш а ду. Цундела мукъа аьзнаш кхоллалуш маттой, балдашший беш болу болх коьрта лору. Мукъачу аьзнийн билгалонаш хlокху тайпа ю:

1) мотт хьала-охьа бахаре хьаьжжина мукъа аьзнаш хуьлу:

а) лакхарчу айамера – и, и, у, у, уь, уь.

б) юккъерачу айамера – иэ, иэ, уо, уо, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа.

в) лахарчу айамера – а, а, а.

 

2) мотт хьалха-тlехьа бахаре хьаьжжина:

а) хьалхарчу могlарера – и, и, иэ, иэ, э, э, аь

б) юккъерачу могlарера – а, а, а, уь, уь, уоь, уоь

в) тlехьарачу могlарера – у, у, уо, уо, о, о, оа

 

3) аьзнаш аларца хуьлу:

а) кlеда – и, и, иэ, иэ, э, э, аь, уь, уь, уоь, уоь

б) чlогlа – а, а, а, у, у, уо, уо, о, о, оа

 

4) мукъа аьзнаш аларца хуьлу:

а) готта – и, и, у, у, уь, уь

б) шуьйра – иэ, иэ, а, а, а, уо, уо, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

5) балдаша дакъа лацаре хьаьжжина мукъа аьзнаш шина тайпана хуьлу:

а) балдийн – у, у, уо, уо, уь, уь, уоь, уоь, о, о, оа

б) балдийн доцурш – и, и, иэ, иэ, а, а, а, э, э, аь

6) олучу заманахь хан кlеззиг, ян алсам эшарца мукъа аьзнаш къаьста:

а) доца – и, иэ, а, у, уо, э, аь, уь, уоь, о, оа

б) деха – и, иэ, у, уо, а, э, уь, уоь, о

в) ахдеха – а

 

7) нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь ду аларца чолхе артикуляци йолуш мукъа аьзнаш, царех дифтонгаш олу. Уьш хlорш ю: иэ, иэ, иэн, иэн, уо, уо, уон, уон, уоь, уоь, уоьн, оа

 

8) нохчийн меттан мукъа аьзнаш меран а, цlена а хуьлу:

а) меран – ин, ин, иэн, иэн, ан, ан, ан, ун, ун, уон, уон, эн, эн, уоьн

б) цlена – и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а, э, э, аь, уь, уь, уоь, уоь, о, о, оа

 

9) шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш шина тобане декъало:

а) юьхьанцара – и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а

б) шозлагlа – уь, уь, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

 


Поделиться с друзьями:

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.197 с.