Мукъазчу аьзнийн диссимиляци. — КиберПедия 

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

Мукъазчу аьзнийн диссимиляци.

2019-08-07 218
Мукъазчу аьзнийн диссимиляци. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Цхьабосса, ян тера долчу шина озах цхьаъ хийцадалаза а дуьсуш, шолгlаниг хийцадаларца йоьзначу процессах диссимиляци олу (расподобление).

Масала: директор – дирехтар

             трамвай – тарамбай

Диссимиляцин процесс хаало тlеэцначу дешнашкахь. Цхьацболчу lилманчаша цу дешнашкахь кхочушхуьлуш йолу процесс субституци а лору.

И дешнаш цу кепара алар доьзна ду ширачу заманахь вайн нахана оьрсийн мотт дика ца хаар бахьана долуш, шайн ала атта доллучу агlора, шаьш ма-кхеттара аларца. Таханлерачу дийнахь и процесс актуальни ца хетало, хlунда аьлча кегийрхоша цу меттан бакъонашка хьаьжжина дешнаш аларна.

 

 

Мукъазчу аьзнийн классификаци, системин башхалла.

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн гуттаренна а хийцалуш йоцу амалш ю: гlовгlаной, мукъамой дакъалацаран барам; гlовгlа, мукъам кхоллаяларан меттиг; мухалла; уьш абруптивни хилар.

Мукъаза аьзнаш кхоллалучу заманахь пехаш чуьра догlучу хlаваана тайп-тайпана дуьхьалонаш нисло. И аьзнаш кхоллалуш дакъалоцуш гlовгlа а, мукъам а хуьлу. Гlовгlано, мукъамо дакъалацаре хьаьжжина мукъаза аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало:

3) гlовгlанах лаьтта мукъаза аьзнаш;

4) сонорни мукъаза аьзнаш

 

Г l овг l анах лаьтта мукъаза аьзнаш шина декъе декъало:

       а) зевне мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало алссам гlовгlа а йолуш, кlеззиг мукъам болуш – б, в, г, г l, д, l (l ъ), з (дз), ж (дж).

       б) къора мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало еккъачу гlовгlанах – х, хь, х l, к, к l, кх, къ, с, ш, п, п l, ц, ц l, ч, ч l, ъ, т, т l, (ф, щ).

     

l ъ – фонема яц, l -ан фонетически вариант ю, иза лела зевне а, сонорни а мукъазчу аьзнашна тlехьа. Масала: мlъара, бlъоw.

Дз, дж – з -ан, ж -ан фонетически варианташ ю, уьш лела дешнийн юьххьехь а, -н- озан тlехьа а. Масала: дзаза, джlъаьла, кlундзал.

Ф, щ – нохчийн меттан фонологически системехь дац, тlеэцначу дешнашкахь бен ца лела.

Сонорни мукъаза аьзнаш – л, м, н, р, й, w.

w – в- ан фонетически вариант ю, иза лела дифтонгийн хlоттамехь. Масала: лоwзар, коw.

Мукъаза аьзнаш шайн кхолладаларан мухалле хьаьжжина хуьлу:

3) лелха мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало кадечу меженаша кхоьллина къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао яста а йостуш яьллачу гlовгlанах – б, г, д, к, п, т, l, ъ (Тимаевс м, н а лору);

4) херо йолу мукъаза аьзнаш – уьш кхоллало каде а, тийна а меженаш вовшашна герга а яхна кхоьллинчу херонехула нуьцкъала пехаш чуьра догlучу хlавао къамелан меженах хьекхалуш йоккхучу гlовгlанах – л, м, н, р, й, w, в, х, хь, х l, с, ш, з, ж, г l, (ф, щ), (l ъ).

 

Цул сов, нохчийн маттахь ду лелхачеран а, херо йолчеран а амалш шайца йолуш долу чолхе артикуляци йолу мукъаза аьзнаш – аффрикаташ. Церан дlадоладалар лелхачаьрца хуьлу, ткъа чекх довлар – херо йолчаьрца. Уьш хlорш ду: дж, дз, ц (т-с), ц l (т l - c), ч (т-ш), ч l (т l -ш), кх (к-х).

Нохчийн маттахь шинхьа лелха мукъаза аьзнаш а ду абруптиваш. Уьш кхоллало багахь хилла къовлар бетан мускулатуро а йостуш, эшарпхенашкара къовлар пехаш чуьра догlучу хlавао а йостуш. Уьш хlорш ду: п l, т l, ц l, ч l, к l, къ.

Шайн кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъаза аьзнаш хила тарло:

8) балдийн: б, п, п l, в, w, м

9) меттан хьалхара: д, т, т l, з (дз), ж (дж), с, ш, ц, ц l, н, л, р, ч, ч l

10) меттан юккъера: й

11) меттан тlехьара: г, к, х, к l

12) кlедачу стигалан: г l, кх, къ

13) къамкъаргийн: l (l ъ), хь

14) эшарпхенийн: ъ, х l

 

 

Нохчийн меттан метатеза.

Дешнашкахь аьзнаша меттиг хийцарца йоьзначу процессах метатеза олу.

И процесс гучуйолу тlеэцначу дешнашкахь а, нахски меттанийн дешнаш дуьстича а, нохчийн литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича а, нохчийн литературни меттан дешнаш кхечу меттан дешнашца дуьстича а.

Масала: маьхча – мечх (чlеб.)

             партал – палтар (аьккх.)

             бертал – белтар (аьк.)

             буохча – буочх (чlеб.)

бахтар – батхар (гlалгl.)

чуохчам – чуочхам (гlалгl.)

мерза – мазри (бац.)

кlорга – кlагру (бац.)

хьоwла – халва (оьрс.)

турба – труба (оьрс.)

лан – нали (гуьрж.)

 

Нохчийн меттан субституци.

Дешнашкахь цхьана озан метта кхин аз хlоттарца йоьзначу процессах субституци олу (замена).

И процесс хаало нохчийн литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича а, нахски меттанийн дешнаш дуьстича а, тlеэцначу дешнашкахь а, нохчийн меттан дешнаш кхечу меттан дешнашца дуьстича а.

а) литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дуьстича:

Масала:     пlиэлг – тlиэлг (чlеб.диал.) – цlаьлг (аьккх.диал.)

                        стака – сака (шот.) – така

                        нилха – лилха (чlеб.)

                        хlорш – йорш, хlара – яра (шот.)

 

б) нахски меттанийн дешнаш дуьстича:

Масала:     хlусам – фусам (гlалгl.)

                        ида – итlа (бац.)

                        итт – итlтl (бац.)

                        буолх – буотх (бац.)

                        дуог – дуокl (бац.)

 

в) тlеэцначу дешнашкахь:

Масала:     сахьт – саlат (араб.)

                        хьекъал – lакъил (lаьрб.)

                        кампет – конфета (оьрс.)

                        бlара – баlар (lаьрб.)

 

В.Д. Тимаевс субституци лору оьрсийн маттера тlеоьцучу дешнашкахь -у, -о меттана -уо дифтонг алар. Масала: лимуон – лимон

                                    минуот – минута.

 


Поделиться с друзьями:

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...

Наброски и зарисовки растений, плодов, цветов: Освоить конструктивное построение структуры дерева через зарисовки отдельных деревьев, группы деревьев...

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.01 с.