Ра дакъа. Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш — КиберПедия 

Поперечные профили набережных и береговой полосы: На городских территориях берегоукрепление проектируют с учетом технических и экономических требований, но особое значение придают эстетическим...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Ра дакъа. Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш

2019-09-17 723
Ра дакъа. Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

1. Нохчийн мотт–Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт. Нохчийн мотт-нохчийн къоман мотт. Мотт–адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а гIирс.

2. Меттан мехаллах а, юкъараллин дахарехь цо дIалоцучу меттигах а кхеташ хилар.

     

       2-гIа дакъа. Фонетика. Графика. Орфоэпи

1. Фонетика а, графика а, орфоэпи а лингвистикин дакъош санна. Аз – меттан уггар а жима дакъа. Озан а, элпан а дазар. ХIинцалера нохчийн абат. Фонетически транскрипцин цхьайолу кепаш (элементаш). Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Къамелдарехь аьзнийн хийцадалар. Нохчийн меттан шатайпанара аьзнаш. Деха а, доца а мукъа аьзнаш. Дифтонгаш ие, уо, оьв. Нохчийн меттан интонаци, интонационни конструкцийн коьрта тайпанаш. Орфоэпин коьрта норманаш.

2. Деха а, доца а, мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а аьзнаш къестор. Дешан озан а, элпан а хIоттам дуьхь-дуьхьал хIоттор. Дешан озан-элпан анализ яр. Дешнаш дакъошка декъар. Дош цхьана могIанера вукху могIане сехьадаккхаран хаарш карадерзор. Нохчийн меттан интонаци а, орфоэпически норманаш а карайирзина хилар. Нохчийн меттан интонацин а, аьзнийн системин а башхаллех кхеташ хилар.

 

ГIа дакъа. Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а

1. Морфема меттан жима а, маьIне а дакъа хиларх кхетар. Дешан лард а, чаккхе а. Орам. Цхьанаораман дешнаш. Орамерчу элпийн хийцадалар. Суффикс. Дешхьалхе. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Дошкхолладалларх а, хийцадаларх а болу кхетам. Дошкхолларан а, формакхолларан а морфемаш. Нохчийн меттан дошкхолларан коьрта некъаш. Дошкхолладаларан га (пара) а, дошкхолладаларан зIе а. Морфемни а, дошкхолладаларан а словараш.

2. Нохчийн дешан хIоттаман башхаллех кхеташ хилар. Дешнаш а, дешан форманаш а кхолларехь морфемаша дечу гIуллакхах кхеташ хилар. Дешан морфемаш къастор. Дошкхолларан дакъошка хьаьжжина, дешан мехалла билгалъяр. Цхьанаораман дешнаш харжар, къамелехь царах пайда эцар. Дешнийн зIенаш а, дешнаш кхолларан а коьрта некъаш билгалдар. Тайп-тайпанчу некъашца дешнаш кхолла хаар карадерзор. Нийсаяздарехь дошкхолладаларан а, морфемийн декъехула карадирзиначу хаарех, шардарех пайда эцар. Тайп-тайпана хьесапаш морфемни а, дошкхолладаларан а словарашца кхочушдар.

Дешан хIоттамца дешнаш таллар, дошкхалладаларан талламбар.

 

ГIа дакъа. Лексика а, фразеологи а

1. Дош–меттан цхьа дакъа. Дешан лексически а, грамматически а маьIна. Къоман культуран маьIнан дакъа шайца долу дешнаш. ЦхьанамаьIнин а, дуккха а маьIнийн дешнаш, дешан нийса а, тIедеана а маьIна. Синонимаш. Антонимаш. Омонимаш.

Нохчийн меттан лексика шен схьаяларе хьаьжжина (билггала нохчийн а, тIеэцна а), жигара а, кIезиг пайда оьцу а (историзмаш, архаизмаш, неологизмаш), пайдаэцаран гуо (юкъара, шуьйра пайда оьцу дешнаш, диалектизмаш, терминаш, профессионализмаш).

Лексикин стилистически дакъош: книжни, юкъара, къамелан.

Фразеологизмаш, церан билгалонаш а, маьIна а. Аларш, дустарш, кицанаш.

Нохчийн меттан словараш. Шинаметтан словараш.

2. Дахаран хьелашкахь тIекареш дIакхехьарна оьшучу барамехь лексически а, фразеологически аларш карадерзор. ТIекаре яран хьоле а, Iалашоне а хьаьжжина, къамелехь шайн маьIнашца вовшашца даза тарлуш долучу дешнех пайда эцар. Дешнийн маьIнаш къасторхьама а, синонимаш, антонимаш, фразеологически цхьаьнакхетарш харжархьама а тайп-тайпанчу словарашца болх бар.

Дош лексически къастор.

 

ГIа дакъа. Морфологи

1. Морфологи–граматикин дакъа. Нохчийн меттан къамелан дакъош. Коьрта къамелан дакъош. Церан грамматически маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а. Нохчийн меттан дожарийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. Нохчийн меттан къамелан дакъойн хенийн, классни гайтамийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. ГIуллакхан къамелан дакъош. Церан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. ГIуллакхан къамелан дакъойн тайпанаш: маьIна, хIоттам, синтаксически гIуллакх. Айдардешнаш а, азтардаран дешнаш а.

2. Шайн коьртачу билгалонашца тайп-тайпана къамелан дакъош довзар. Дош морфологически къастор. Нохчийн литературни меттан норманашца догIуш тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнийн кепех (форманех) пайда эцар. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн къамелан дакъойн юкъара а, башха а долучух кхетар.

 

ГIа дакъа. Синтаксис

1. Синтаксис–грамматикин дакъа. Нохчийн меттан синтаксисан дакъош. Дешнийн цхьаьнакхетар а, цуьнан дIахIоттам а, тайпанаш а. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйр а, тайпанаш а (бартбар, урхалла, тIетовжар). Предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически маьIна а. Аларан Iалашоне а, эшаре а хьаьжжина, предложенийн тайпанаш. Предложени кечъеш болу гIирсаш: эшар (интонаци), логически тохар, дешнийн къепе. Предложенин грамматически бух. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. Цхьалхе предложени. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш а, церан хилар а. Цхьалхечу предложенийн тайпанаш: шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а, яьржина а, яржаза а, юьззина а, юьззина йоцу а, чолхеяьлла а, чолхеялаза а. ЦхьанахIоттаман предложенийн тайпанаш. Чолхеяьлла предложени. Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца а, тIедерзарца а, юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу конструкцешца а йолу предложенеш. Чолхе предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически бух а. Чолхечу предложенийн тайпанаш: хуттургийн а, хуттургаш йоцу а, чолхе-цхьаьнакхетаран а, чолхе-карара а. Чолхе-цхьаьнакхетаран предложени: дIахIоттам, тайпанаш, вовшехйозаран гIирсаш а, кепаш а. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Чолхе-карара предложенеш: дIахIоттам, тайпанаш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирс. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Хуттургаш йоцу чолхе предложени, дIахIоттам. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Нехан къамел довзийтаран кепаш. Текст синтаксически дакъа санна. Предложенийн а, текстан дакъойн а уьйрийн гIирсаш а, кепаш а.

2. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйран кеп къастор, предложенин грамматически бух билгалбар. Цхьалхечу а, чолхечу а предложенийн тайпанаш билгалдар. Предложени синтаксически къастор. Чолхе-карара предложенеш цхьалхечу а, цхьалхенаш чолхечу а предложенешка ерзор. Текст а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а кхолларан норманаш ларъяр.

 


Поделиться с друзьями:

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.007 с.