Нохчийн меттан 5-9 классашна лерина — КиберПедия 

Историки об Елизавете Петровне: Елизавета попала между двумя встречными культурными течениями, воспитывалась среди новых европейских веяний и преданий...

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

Нохчийн меттан 5-9 классашна лерина

2019-09-17 1290
Нохчийн меттан 5-9 классашна лерина 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Нохчийн меттан 5-9 классашна лерина

Программа

 

Кхеторан кехат

Нохчийн меттан юкъарадешаран юккъерчу школана лерина программа хIоттийна Нохчийн Республикин юкъарадешаран школашна лериначу планан,

Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьрта юкъара дешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартана бина хийцамаш, Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствос омрица ч1аг1бина болу 17-чу декабрехь 2010-чу ш. № 1897.

 (т1еч1аг1дина Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствон омрица 31-чу декабрехь 2015-чу ш. № 1577) а, коьртачу дешаран программин бух т1е а тевжаш, С.Э.Эдиловн нохчийн меттан герггарчу хьесапехь йолчу программех пайда а оьцуш.    

 

Программа лерина ю х1окху сахьтийн барамна:

 

класс

Дешаран к1ира сахьтийн барам к1ирнах

Дешаран шеран дерриге сахьташ

   
5класс 34 2 68
6 класс 34 2 68
7класс 34 2 68
8 класс 34 2 68
9 класс 34 2 68

 

     Программан тайпа:нохчийн меттан базови программа

 

Белхан программин кхачо йина дешаран –методически комплексаца:

1аматаш:

1.Овхадов М.Р.,Махмаев Ш.М..Нохчийн мотт:1амат:5 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2017шо.

2. Овхадов М.Р.,Махмаев Ш.М..Нохчийн мотт:1амат:6 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2017шо.

3. Овхадов М.Р.,Махмаев Ш.М..Нохчийн мотт:1амат:7 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2017шо.

4.Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М. а кхиберш а.Нохчийн мотт:1амат:8-9 классаш:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2017шо.

 

 

 

Дешаран предмет Iаморан жамIаш:

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза личностни жамIаш:

-нохчийн къоман культуран коьртачу мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь а цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

-нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман культуран хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIаналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

- къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш тоъъал хилар; ша дечу къамелана тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.

 

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

1) къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

- барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар;

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-хиндолучу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпанара жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

-паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

-шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар;

 

2) карадирзиначу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайда эцар;

- билгалбиначу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- меттан башхаллех пайда эца хааар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературан урокашкахь).

3) - тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочун нохчийн мотт караберзоран предметни жамIаш ду:

1) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар (ладогIар, ешар, дийцар я къамелдар (говорение ), йоза), гонахарчу адамашца йолу юкъаметтиг, тайп-тайпанчу хьелашка хьаьжжина, д1акхехьа аьтто бан.

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) ненан меттан коммуникативно-эстетически таронех пайдаэцар;

4) ненан маттах долу 1илманан хаарш шордар, системе далор; цуьнан т1ег1анаш а, дакъош а вовшашца дозуш хиларх кхетам; лингвистикин базови кхетамаш, меттан коьрта цхьааллаш, грамматикин категореш караерзор;

5) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна таллам бар;

6) х1оьттинчу хьоле а, къамелан стиле а хьаьжжина, шен ойла а, синхаам а ненан маттахь парг1ат бийца хаар, шен меттан дешнийн хазна (лексика) алсамъяккхар, дечу къамелехь грамматически г1ирсех пайдаэца хаар.

7) нохчийн меттан лексикин, фразеологин коьрта стилистически г1ирсаш а, нохчийн меттан коьрта норманаш (орфоэпически, лексически, грамматически, орфографически, пунктуационни) а, къамелан оьздангаллин норманаш а караерзор; барта а, йозанан а аларшкахь зеделлачух пайдаэцар; къамелан т1ег1а лакхаяккха г1ертар;

8) меттан оьздангаллах, адамийн юкъарчу мехаллах санна, жоьпалла кхоллар.

 

Класс.

Нохчийн мотт 1аморан личностни жам1аш:

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметигаллин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

-нохчийн яздархойн исбаьхьаллин дашца г1иллакх-оьздангалла йовзар;

-дайн г1иллакхашкахь шена зеделлачун бух т1ехь леларца д1анисвалар;

-къаьмнийн оьздангаллин юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

Нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:

- хила ма-безза шен дешаран а, юкъараллин а болх цхьаьнатоха, д1абахьа хаар;

- дешаран а, школал арахьарчу а хаамех пайдаэцар (тайп-тайпанчу стилийн текстийн жам1дар, шен текст х1оттор, цхьалхе, яьржина план х1оттор, тезис ялор);

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

кхоллараллин декхарш кхочушдар, тайп-тайпанчу кепашца шен белхан жам1аш довзийтар (хаам, эссе, презентаци);

дешархошца тобанехь бечу балха т1ехь г1о дан кийча хилар;

школехь а, юкъараллехь а оьздангаллин юкъаметтиг ларъяр.

Предметни жам1аш:

Ладог1ар (аудировани)

-1илманан-дешаран а, исбаьхьаллин а хезаш йоьшучу кегийчу текстийн коьртачу чулацамах кхетар;

- текстан коьрта маь1на, д1ах1оттам къастор.

Ешар

- нийса а, шера а ешар;

-текстера коьрта а, коьртаза а хаам схьаэцар;

- текст маь1нийн дакъошка а екъна, цхьалхе план х1оттор;

- ешначу текстан чулацаман хаттаршна жоьпаш далар;

- текстан чулацам цуьнан ц1арца бовзар;

лингвистически дошамера тайп-тайпана хаамаш схьакъастор;

хезаш текст ешарехь логически тохаран а, йиш айяран барам д1анисбар.

Дийцар(говорение)

- шеко йоццуш хьехархочун хаттаршна жоьпаш далар;

- къамелан тайпа а, текстан д1ах1оттам а ларбеш, ешна текст яцйина схьайийцар;

-тема схьаелларца коьрта маь1на гойтуш, барта шен ойла гайтар.

Йоза (письмо)

- къамелан тайпанаш йозанца гайтар;

- сочиненина план х1оттор, йозанехь цуьнан барам ларбар;

- текст абзацашка екъар;

- шайн чулацамехь кегий тексташ язъяр;

-текст язъеш, тайп-тайпанчу дошамех пайдаэцар;

-текстан коьрта маь1на гойтуш йолу ц1е карор;

-текстан чулацамехь кхачамбацарш д1анисдар.

Фонетика а, орфоэпи а

-деха а, доца а, мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а аьзнаш къастор;

-дешан озан-элпан анализ яр;

-нохчийн метан интонаци а, орфоэпически норманаш а карайирзина хилар;

 -нохчийн меттан интонацин а, аьзнийн системин а башхаллех кхеташ хилар.

графика:

- нохчийн абатан элпаш нийса алар;

- дошамашца болх беш, абатан рог1аллех пайдаэцар;

-дешан озан а, элпана хIоттам дуьхь-дуьхьал хIоттор.

Дешан х1оттам (морфемика)

- дешнаш а, дешан форманаш а кхолларехь морфемаша деш долу гIуллакх довзар;

- цхьана ораман дешнаш харжар, къамелехь царах пайдаэцар;

- тайп-тайпанчу некъашца дешнаш кхоллар;

- схьадевлла а, схьадовлаза а дешнашкъастор;

- тайп-тайпана хьесапаш морфемни а, дошкхолладаларан а словарашца кхочушдар.

- дешан хIоттамца дешнаш таллар, дошкхалладаларан талам бар.

 

Лексика а, фразеологи а

- дешан лексически а, грамматически а маьIнаш къастор;

- цхьана маьIнин а, дуккха а маьIнийн дешнаш дийцар;

- дешан нийса а, тIедеана а маьIна билгалдаккхар;

- синонимаш, антонимаш, омонимаш ялор;

- историзмех, архаизмех, неологизмех пайдаэцар;

- фразеологизмаш, аларш, дустарш, кицанаш къамелехь, йозанехь далор.

Морфологи

- шен коьртачу билгалонашца ц1ердош довзар;

- ц1ердош дожаршца а, терахьашца а хийцар;

- ц1ердешан грамматически классаш а, легарш билгалдахар.

Орфографи

- морфемашкахь орфограммаш лахар;

- нийсачу некъаца цхьанаораман дешнаш лахар;

-1амийначу бакъонашца дог1у дешнаш шаьш къастор.

Синтаксис а, пунктуаци а

-предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдахар;

- дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта а, дозуш долу а дешнаш билгалдахар;

- дешнийн цхьаьнакхетаршна схемаш х1иттор;

- схемица дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттор;

- аларан 1алашоне хьаьжжина предложенин тайпанаш билгалдахар;

- предложенин грамматически бух билгалбаккхар;

- яьржина а, яржаза а предложенеш къастор;

- цхьалхе а, чолхе а предложенеш вовшех къастор;

- цхьанатайпанарчу меженашца а, т1едерзарца а предложенеш х1иттор;

- ма-дарра къамелаца йолу предложенеш х1иттор;

1амийначу бакъонаш т1е доьг1на пунктуационни норманаш ларъяр.

Класс

Нохчийн мотт 1аморан личностни жам1аш:

-нохчийн къоман культуран коьртачу мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь а цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

- нохчийн яздархойн исбаьхьаллин дашехула гуманистически ламасташ а, таханлерчу юкъараллин хазнаша а караерзор;

- шел хьалха баьхначеран социально-оьздангаллин зеделлачух кхетар, таханлерчу юкъараллехь шен меттиг, шена хетарг къасто хаар;

- текстан тайп-тайпанчу кепашкахула а, стилашкахула а шен пачхьалкхан а, дуьненан а къаьмнийн культуран тайп-тайпаналлех кхетар.

          Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

 -кхеташ а волуш, шен дешаран а, юкъараллин а дарраш нисдан хаар;

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

- кхоллараллин т1едахкарш кхочушдан а, шен белхан жам1 тайп-тайпанчу кепехь (хаам, эссе, презентаци) гайта а хаар;

- шен нийсархошца болх бан хаар; школехь а, социальни юкъараллехь а тайп-тайпана культуран векалшца уьйр таса хаар.

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:

    - нохчийн мотт нохчийн къоман, Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт, юкъаметтигаш дIакхехьаран гIирс санна бовзийтар; 

 

- барта а, йозанан а къамел; монолог, диалог; сфера, къамелдаран уьйран ситуаци - кхетамаш бевзаш хилар;

- къамелдаран а, 1илманан, публицистически, г1уллакхан стилийн а, исбаьхьаллин литературин меттан а коьрта билгалонаш йовзар;

- къамелдаран а, 1илманан, публицистически, г1уллакхан стилийн а жанрийн коьрта билгалонаш йовзар;

- текстан а, маьIнийн-функциональни къамелан тайпанийн (дийцар, суртхIоттор, ойлаяр) а билгалонаш йовзар;

-меттан коьрта цхьааллаш, церан билгалонаш йовзар;

- литературни меттан коьрта норманаш (орфоэпически, лексически, грамматически, орфографически, пунктуационни); къамелан оьздангаллин норманаш йовзар;

- къамелан, 1илманан, публицистически, г1уллакхан стилаш а, исбаьхьаллин литературин мотт а къасто хаар;

- текстан коьрта ойла, тема, проблема, маь1нин-функциональни тайпа, къамелдаран стиль(хат1) къасто; текстан меттан башхаллийн а, структуран а анализ ян хаар;

- меттан цхьааллаш къасто, тайп-тайпанчу кепара анализ ян хаар;

- дешнийн маьIнаш къасторан Iалашонца словарех пайдаэца хаар;

-барта а, йозанан а кепара хаамах цхьатера кхетар (Iалашонех, текстан теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар (хьажаран, йовзаран, Iаморан);

- паргIат электронни а, справочни а литературех а, тайп-тайпанчу словарех а пайдаэца хааран хьуьнар хилар;

- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- хьалха лаьттачу коммуникативни декхаршца йогIуш, кхетамца меттан гIирсаш харжарца тайп-тайпанчу жанрийн тексташ (дийцар, хетарг (отзыв), кехат (письмо), расписка, тоьшалла (доверенность), заявлени) кхолла хаар;

- дагалаьцнарг а, тIекаре яран хьал а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, хотIан барта а, йозанан а тексташ кхолла хаар;

 - монологан (дийцар, ойлаяр, суртх1оттор) а, диалоган (вовшийн хетарг алар, дар кхочушдаре кхайкхар, юкъаметтигаш нисъяр) а кепаш йовзар;

- текст кхолларан норманаш а ларъеш (кхеташ а, хьалха-тIаьхьа йогIуш а, йозаелла а, темица йогIуш а хилар) паргIат барта а, йозанан а кепехь шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; хезначуьнга, гиначуьнга, ешначуьнга, хьайна гонаха долучу бакъдолучуьнга а, хиламашка болу хьежам цхьанатайпана хилийтар;

- тIекаре ечу хенахь нохчийн литературан меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш ларъяр; гIиллакхехь лексикех а, фразеологих а пайда эцар; йозанехь коьрта нийсаяздаран (орфографин) а, пунктуацин а бакъонаш ларъяр;

- къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

- шен къамелана ша-шена терго яр; хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачар а, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда эцар а, цуьнан чулацам а тидаме а оьцуш, шен къамелан мах хадон хьуьнар хилар; грамматически а, къамелан а гIалаташ, кхачамбацарш карон а, уьш нисдан а хаар; шен тексташ кхачаме ялон а, редактировать ян а хаар;

 

- карадирзинчу хаарех дахарехь пайдаэцар х1окху 1алашонашца:

- интеллектуальни а, кхоллараллин а хьуьнарш хиларехь стеган а, юкъараллин а дахарехь ненан матто д1алоцучу меттигах кхета;

- къамелан оьздангалла кхио, ненан меттан ц1еналла ларъян;

- социально-культурни уьйрийн ситуацешкахь, дешарехь, 1ер-дахарехь хьашт кхочушдан;

- дешнийн т1аьхьало алсамъяккха;пайдаоьцу грамматически г1ирсаш алсамбаха; шен къамелан тергоярца шен хьуьнарийн мах хадор кхио;

- кхечу дешаран предметашкахь а, дешар кхид1а д1адахьарехь а хаарш т1едузаран г1ирсах санна, ненан маттах пайдаэца.

 

                             7-г1а класс

Нохчий мотт 1аморан личностни жам1аш;

 - нохчийн мотт уьйран а, юкъаметигаллин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;

-къоман культуран хиламе санна, юкъаметтиг а латтош, нохчийн матте ларам кхиор;

 -нохчийн мотт юкъаметтигаш дIакхехьарехь а, Iер-дахаран тайп-тайпанчу декъехь хаарш карадерзоран а, Iаморан а коьрта гIирс хиларх кхетар;

-нохчийн меттан исбаьхьаллин мехаллех кхетар;

 - шен къоман культура а, литература а, синъоьздангаллин мехаллаш а, дуьненан Iилма а, культура а йовзарехь мехала гIирс а бу нохчийн мотт.

Метапредметни хаарийн жам1аш;

-ешархочун тайп-тайпанчу стилан а, жанран а литературица шеггара эвсараллин болх бан говзалла хила;

-ешначу текстан чулацаман маь1на цунна герга долчу кепара барта а, йозанан а яцъяран кепехь шен ойланца схьаала хаа;

-къамел дарехь, дош аларехь, предложени х1отторехь меттан г1ирсах говза пайдаэца хаа;

-интернет г1ирсах пайда а оьцуш, презентаци ян а, йийцаре ян а хаа;

Культуроведчески:

- меттан а культуран (оьздангаллин) а уьйр хила;

-къоман ламастийн 1ер-дахар билгалдечу дешнийн лексика йовзийта;

-халкъан барта кхоллараллин лексика, фразеологи, историзмаш;

-нохчийн кицанаш, аларш;

- нохчийн маттехула кхечу къаьмнийн синмехаллин культура а, 1ер – дахаран хьал а довзийта;

Коммукативни:

_-массо а кепара, къамелдаран культура кхио;

-юкъаметтигаш лелаярца тIекаре ян Iама;

-1илманан а, публицистически а, г1уллакхан а къамел дан, диалог дIаяхьа;

-къамелдаран  кепаш караерзо;

Предметни хаарш:

-дешаран программо билгалдинчу фонетикан, лексикан, грамматикан рожехь меттан лаххара хаарш довза;

-текстах а, цуьнан стилах а кхета;

-орфографически, пунктационни хаарш хилар, къамел кхиорехь барамца кхачамболлуш говза пайдаэцар, дешарехь нохчийн мотт 1аморехь барта а йозанан формехь а.

Морфологи –грамматикин дакъа. Нохчийн меттан къамелан дакъош. Коьрта къамелан дакъош. Церан грамматически маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а. Нохчийн меттан дожарийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. Нохчийн меттан къамелан дакъойн хенийн, классни гайтамийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. ГIуллакхан къамелан дакъош. Церан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. ГIуллакхан къамелан дакъойн тайпанаш: маьIна, хIоттам, синтаксически гIуллакх. Айдардешнаш а, азтардаран дешнаш а.

 Шайн коьртачу билгалонашца тайп-тайпана къамелан дакъош довзар. Дош морфологически къастор. Нохчийн литературни меттан норманашца догIуш тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнийн кепех (форманех) пайда эцар. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн къамелан дакъойн юкъара а, башха а долучух кхетар.

 

Морфологи

Арахецархо 1емар ву:

-лааме коьрта къамелан дакъош а, церан кепаш а, г1уллакхан къамелан дакъош довза;

-дашна, къамелан дакъа санна, таллам бан;

-морфологически хаарех а, говзаллех а нийсаяздарехь а, талламбаран (анализ яран) тайп-тайпанчу кепех а пайдаэца;

 

Класс

Личностни жам1аш

- монологан а, диалоган тайп-тайпана кепаш караерзор;

-къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

-меттан г1ирсех а, довзийтаран билгалонех коммуникативни декхаршца дог1уш пайдаэцар;

-меттан оьздангалла а ларъеш, вовшашца т1екаре ян кийча хилар;

-шаьш-шайн дешаран г1уллакхдарна шовкъ кхоллар;

-шен белхан талам бар, мах хадор карадерзор;

-шен таронаш, хьашташ кхетамца билгалдахар.

 

Метапредметни жам1аш

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; -шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар;

-хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-интернетах пайда а оьцуш, презентаци х1оттор, иза йовзийтар.

 

Чулацаман коьрта дакъош

Культуроведчески:

Нохчийн меттана, къоман-культуран уьйр.

Къоман культуран кеп санна мотт тIелацар; халкъан истори а, мотт а вовшех бозабалар, нохчийн мотт къоман-культуран башхалла хилар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамел дар; кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лелор.

Коммуникативни:

Оьздангалла къамелехь кхиор.

Къамелан стилаш: Iилманан, официальни-гIуллакхан, публицистически.

Меттан:

Литературин а, исбаьхьаллин литературин а мотт. Меттан д1ах1оттаман кхетам, метан тайп-тайпанчу т1ег1анийн вовшашца йолчу уьйран цхьаалла.

Предметни жам1аш:

- дешнийн цхьаьнакхетарш къастор;

- предложенехь дешнийн уьйр къастор;

- цхьалхечу предложенин кепаш къастор;

предложенин синтаксически къастор;

-къамелан дакъош морфологически къастор;

нийса яздаран бакъонех пайдаэцар;

орфографически г1алат каро, нисдан хаар;

пунктуационни бакъонаш хаар.

 

Класс

Юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза личностни жамIаш:

-нохчийн къоман культуран коьрта мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

-нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман культуран хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIаналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

- къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш тоъъал хилар; ша дечу къамелана тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

                                                                                             

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

1) къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

- барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар;

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-хиндолучу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпанара жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

-паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

-шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар;

                 

ЛадогIар а, ешар а:

-барта а, йозанан а кепара хаамах цхьатера кхетар (Iалашонех, текстан теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар (хьажаран, йовзаран, Iаморан);

-книгаца а, роггIана арахоьцучу тептаршца а болх баран кепаш а евзаш хилар, ешна текст (план, тезисаш) хаамийн кепара хийца хаар карадерзор;

-паргIат электронни а, справочни а литературех а, тайп-тайпанчу словарех а пайда эца хааран хьуьнар хилар;

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ладогIарца цхьанатайпана тIеэцар; ладогIаран массо а кеп карайирзина хилар (текстан коьртачу чулацамах кхеташ, хаамаш схьахаьржина белахь а);

-къамелан аларш дуста хаар церан чулацамца а, меттан гIирсех пайда эцарца а, матто кхочушдечу гIаллакхийн тайп-тайпаналлица а.

 

къамелдар а, йоза а:

 

-билгалбиначу яцъяран барамехь барта а, йозанан кепехь а ешна я ладоьгIна текст юхаметтахIотто хаар (юхасхьайийцар, план, тезисаш);

-текст кхолларан норманаш а ларъеш (кхеташ а, хьалха-тIаьхьа йогIуш а, йозаелла а, темица йогIуш а хилар) паргIат барта а, йозанан а кепехь шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; хезначуьнга, гиначуьнга, ешначуьнга, хьайна гонаха долучу бакъдолучуьнга а, хиламашка болу хьежам цхьанатайпана хилийтар;

-дагалаьцнарг а, тIекаре яран хьал а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, хотIан барта а, йозанан а тексташ кхолла хаар;

-хьалха лаьттачу коммуникативни декхаршца йогIуш, кхетамца меттан гIирсаш харжарца тайп-тайпанчу жанрийн тексташ (дийцар, хетарг (отзыв), кехат (письмо), расписка, тоьшалла (доверенность), заявлени) кхолла хаар;

-цхьаммо дечу (монологан), шиммо дечу (диалоган) къамелан тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар; шен нийсархошна хьалха боццачу хаамца я доклад ярца къамел дар;

-тIекаре ечу хенахь нохчийн литературан меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш ларъяр; гIиллакхехь лексикех а, фразеологих а пайда эцар; йозанехь коьрта нийсаяздаран (орфографин) а, пунктуацин а бакъонаш ларъяр;

-къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

-шен къамелана ша-шена терго яр; хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачар а, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда эцар а, цуьнан чулацам а тидаме а оьцуш, шен къамелан мах хадон хьуьнар хилар; грамматически а, къамелан а гIалаташ, кхачамбацарш карон а, уьш нисдан а хаар; шен тексташ кхачаме ялон а, редактировать ян а хаар;

 

карадирзиначу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайда эцар;

- билгалбиначу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- меттан башхаллех пайда эца хааар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературан урокашкахь).

3) - тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

 

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочун нохчийн мотт караберзоран предметни жамIаш ду:

1) нохчийн мотт нохчийн къоман, Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт, юкъаметтигаш дIакхехьаран гIирс санна бовзийтар; меттан а халкъан уьйр хила езар а; адаман дахарехь а, юкъараллехь матто дIалоцу меттиг йовзийтар;

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар:

нохчийн маттах болу Iилманан хаарийн бух караберзор;

4) лингвистикин базови кхетамаш караберзор: лингвистика а, цуьнан коьрта дакъош а; мотт а, къамел а, тIекаре яр, барта а, йозанан а къамел; монолог, диалог; тIекаре яран хьал; маьIнийн-функциональни къамелан тайпанаш (дийцар, суртхIоттор, ойлаяр); текст, меттан коьрта цаIаллаш, церан билгалонаш а, къамелехь пайда эцаран башхаллаш а;

5) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна, таллам бар;

6) исбаьхьаллин литературан текстана талламбеш, нохчийн меттан эстетически декхарех кхеташ а, къамелан аларан эстетически агIонгахьара мах хадо хаа хьуьнар хилар.

7) тIекаре яран хьал тидаме а оьцуш, барта а, йозанан а аларш кхоллар монолог-суртхIотторан, монолог-дийцаран, монолог-хьесап даран кепехь:

    8) къамелан стилаш къасто хаар: Iилманан, леррина-гIуллакхан, публицистически, стилийн коьрта жанраш;

9) тайп-тайпанчу стилашкахь (Iилманан, леррина-гIуллакхан, публицистически) изложени а, сочинени а язъян хаар, шаьш дина грамматически г1алаташ каро а, уьш нисдан а хаар.

 

Чулацаман коьрта дакъош (кардирзина хир ду)

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программан чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолучу программан дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

Коммуникативни декъехула долучу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан культуран баххаш карадирзина хилар; тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь а, шен нийсархошца (5-7, 8-9 классийн дешархой) вовшех кхеташ, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу муьрашкахь тIекаре ян а, къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

Меттан а, лингвистически а декъехула долучу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш а мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

Культуроведчески декъехула долучу хаарша шайна чулоцу къоман культуран кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мотт къоман-культуран башхалла а хиларх кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамелдан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

 

                                       

Дешаран предметан чулацам

ГIа дакъа. Морфологи

1. Морфологи–граматикин дакъа. Нохчийн меттан къамелан дакъош. Коьрта къамелан дакъош. Церан грамматически маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а. Нохчийн меттан дожарийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. Нохчийн меттан къамелан дакъойн хенийн, классни гайтамийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. ГIуллакхан къамелан дакъош. Церан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. ГIуллакхан къамелан дакъойн тайпанаш: маьIна, хIоттам, синтаксически гIуллакх. Айдардешнаш а, азтардаран дешнаш а.

2. Шайн коьртачу билгалонашца тайп-тайпана къамелан дакъош довзар. Дош морфологически къастор. Нохчийн литературни меттан норманашца догIуш тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнийн кепех (форманех) пайда эцар. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн къамелан дакъойн юкъара а, башха а долучух кхетар.

 

ГIа дакъа. Синтаксис

1. Синтаксис–грамматикин дакъа. Нохчийн меттан синтаксисан дакъош. Дешнийн цхьаьнакхетар а, цуьнан дIахIоттам а, тайпанаш а. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйр а, тайпанаш а (бартбар, урхалла, тIетовжар). Предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически маьIна а. Аларан Iалашоне а, эшаре а хьаьжжина, предложенийн тайпанаш. Предложени кечъеш болу гIирсаш: эшар (интонаци), логически тохар, дешнийн къепе. Предложенин грамматически бух. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. Цхьалхе предложени. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш а, церан хилар а. Цхьалхечу предложенийн тайпанаш: шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а, яьржина а, яржаза а, юьззина а, юьззина йоцу а, чолхеяьлла а, чолхеялаза а. ЦхьанахIоттаман предложенийн тайпанаш. Чолхеяьлла предложени. Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца а, тIедерзарца а, юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу конструкцешца а йолу предложенеш. Чолхе предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически бух а. Чолхечу предложенийн тайпанаш: хуттургийн а, хуттургаш йоцу а, чолхе-цхьаьнакхетаран а, чолхе-карара а. Чолхе-цхьаьнакхетаран предложени: дIахIоттам, тайпанаш, вовшехйозаран гIирсаш а, кепаш а. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Чолхе-карара предложенеш: дIахIоттам, тайпанаш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирс. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Хуттургаш йоцу чолхе предложени, дIахIоттам. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Нехан къамел довзийтаран кепаш. Текст синтаксически дакъа санна. Предложенийн а, текстан дакъойн а уьйрийн гIирсаш а, кепаш а.

2. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйран кеп къастор, предложенин грамматически бух билгалбар. Цхьалхечу а, чолхечу а предложенийн тайпанаш билгалдар. Предложени синтаксически къастор. Чолхе-карара предложенеш цхьалхечу а, цхьалхенаш чолхечу а предложенешка ерзор. Текст а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а кхолларан норманаш ларъяр.

 

Г1а класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Дикт.

Сочинени Излож.
1 Юьхьанцарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхар 1

 

 
2 Синтаксис а, пунктуаци а..  

1

 
3 Предложенин коьрта меженаш.  

 

 
4 Предложенин коьртаза меженаш. 15с 1

 

1
5 Фонетика,графика,орфографи 19с. 1

 

1
6 Дешан хIоттам 1

 

 
7 Ц1ердош 13с 1

 

 
  Дерриге 68 5

1

2
       

 

 
             

Нохчийн меттан тематически план

Г1а класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Дикт.

Сочинени Излож.
1 Карладаккхар 4 1

 

 
2 Текст а,цуьнан башхаллаш а 3  

 

 
3 Къамелан дакъош..Билгалдош 16 1

 

1
4 Терахьдош 16 1

 

1
5 Ц1ерметдош 15 1

 

1
6 Хандош 13 1

 

 
7 6-чу классехь 1амийнарг карладаккхар 3 1

 

 
  Дерриге 68 6

 

3
             

Нохчийн меттан тематически план

Г1а класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Дикт.

Сочинени Излож.
1 Карладаккхар.                                                                                       4 1

 

 
2  Литературни меттан стилаш 1  

 

 
3 Диалог 2  

 

 
4 Хандешан саттамаш 12 1

 

 

Поделиться с друзьями:

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Типы оградительных сооружений в морском порту: По расположению оградительных сооружений в плане различают волноломы, обе оконечности...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.231 с.