Урокан ц1е:Гадаев М-С«Дарта.» — КиберПедия 

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Урокан ц1е:Гадаев М-С«Дарта.»

2017-06-12 1863
Урокан ц1е:Гадаев М-С«Дарта.» 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1)Гадаев М-С вина 1909-1972шерашкахь баьхна Ножин-юьртан районан Чуьрчу-Ирзехь.Ч1ег1ардиган бен санна, ломан басах д1алеттачу, 1аламо исбаьхьалла еллачу яздархочун бералла.

«Буьйсанан бере» поэми т1ехь цо к1орггера дуьйцу Даймахках лаьцна.Юьхьанца Гадаев М-С юьртарчу школехь доьшу цул т1аьхьа, Ростов-г1алахь,рабфакехь.И чекхъяьккхийна валале,литературе веара иза.Х1етахь дуьйна поэтан,прозаикан,гочдархочун сийлахь г1иллакх кхочушдеш схьавеара иза.Массо а тайпа жанрашкахь язйина цо произведенеш:прозехь-«Ши стаг»;«Буьйсанан бере»;романаш-«Нус»;«Гуьржи»;«Акхаралла» повесташ-«Кехат»; «Иа суьрташ»;«Хазман»; «Ч1ир екхар,стаг т1евитар»-дийцаран,иштта дийцарш,туьйранаш,баснеш,поэмаш,стихаш.

 

2)«Дарта» стихотворени язйина гадаев М-С олхазаран къаналлех а, цуьнан халачу дахарех а, ца хиллачу ирсах а лаьцна.Поэтан дахар а хилла хала цундела и дика кхетта дартан дахарх,цунна кхин даха цалаар.

ΙV. Словарни болх.

Дарта- сип(птица)олхазар.

Мокхаз -гранит.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хаьа поэтах лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна?

-Ламанан олхазаран васт муха гайтина поэта шен «Дарта» ц1е йолу стихотворени?

-Муха д1акхехьна олхазаро шен зама хьалха?

-Х1ун хало ю олхазаро ловш ерг?Дийца.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Дарта х1ун олхазар ду?

 

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Гадаев М-С дахарех некъ хаар

2. Стихотворени дагахь 1амо.

 

 

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Гау.».

 

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аязда 1амадар.

Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Хьехархочо текст д1ешар.

Дукха зама хьалха цхьаьна юьртара зуда йийсар дина йигна цара.Цу зудчух карахь жима йо1 хилла. Цуьнан ц1е Гау хилла.

Х1ора денна бер ц1ахь а дуьтуш, балха оьхуьйтуш хилла зуда, ткъа Гау;шен нана ц1а яллалц,йоьлхуш хилла.

Хьоладас Гаун нана кхечу вехачу чтагана йохка сацам бина.Ша керлачу дас д1аюьгуш, бер караэца йоьлла нана.Амма жима Гау ца йигийтина хьоладас,цунах ахча ца делча.Иштта къиза вовшахъяккхина хьоладайша наний,йо11ий.

Аьхкенан малхо къинхетамза дагадора Гаун жима дег1.Мозаша сада1а ца юьтура иза.Шехяьккхина нана дага а йог1ий,г1ийла йоьлхура Гау.Иштта 1аш хилла Гау.Сарахь кертарчу 1уьно хьаьвди чу йижош хилла Гау.Иза хилла цуьнан ц1а.

Цхьа бутт хан яьлла йо1,наний вовшахкъаьстина.Нанна ч1ог1а лууш хилла шен йо1 ган.Амма хьоладас йохуьйтуш ца хилла иза цига.

Цхьана дийнахь нана х1уманаш йитта хит1а яхийтина.Цигара едда шен йо1 йолчу яхана иза.Йоьлхучу йо1ана т1екхочушшехь,охьахиъна нана.Массо х1уманал шена дукхаеза нана евзича, цхьа г1ийлачу узамца елха а озийна,т1аккха шен дуткъачу пхьаьрсашца ненан вортанах хьаьрчина иза.Наний,йо11ий йилхина.

Гауна наб кхетча,и карахь а йолуш шайн махка д1аедда нана.

2)Чулацам схьабийцийтар 1-2 дешархочуьнга.

3)Текст кхин цкъа а ешар.

4)Изложенин план х1оттор:

Жимачу йо1ах хилла йийсар.

Нана берах яккхар.

Байлахь йисина йо1.

Наний,йо11ий елхар.

Нана шен йо1аца д1аяхар.

ΙΙΙ. Плане ахьожуш издожени тетрадашна т1е д1аязъян йолайо.Урокехь болх чекхбоккху.

ΙV. Белхаш схьалахьор.

V. Урокан жам1 дар.

VΙ. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг карладаккха.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Дикаев М. «Къинхетаме Нохчийчоь.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Очерк х1ун произведени ю?

-Повесть муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?

-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шарахь Бердак1ел ц1е йолчу юьртахь.Халкъ махках доккхучу хенахь кхо шо кхачаза вара иза.Цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институтехь доьшу.Иза кхиамца чекх а йоккхий, аспирантуре деша а воьдий, ша дешначу институтехь болх бо цо.

60-чу шерашкахь Дикаев вевза поэт санна.Зорбанехь арайолу цуьнан поэзин кхо книга:«Нохчочун х1усам»,-1965;«Догу сан дог»,-1969;«Деган мерзаш»-1971ш

Синойн парг1ато йихкина уггар ч1ог1а ч1аг1ъелла зама яра цо«Нохчо ву со»стихотворени язъян.Дикаев М.кхелхина 1979-чу шарахь.

 

2.Дикаево шен стихотверини т1ехь вай къам махках дахарх лаьцна дуьйцу, цо хьегна бала.Дан г1о доцуш махкахь бисина къаной а,цомгашнаш а багийна, хьайбаха олучу юьртахь.Вайн нохчийн къам даима парг1ато езаш хилар а гайтина кху стихотворенехь.Хийла т1еман хенахь хало гина вайна къомана, харцо къизалла и шадерг ловш 1ийна вай къам. Поэта билгалдаьккхина вай къинхетаме хилар а вай къинхетамза

х1аллак дар.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хаьа поэтах лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна?

-Даймехка болу безам муха гайтина поэта шен «Къинхетаме Нохчийчоь.» ц1е йолу стихотворени?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

 

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Дикаев М дахарех некъ хаар

2. Стихотворени дагахь 1амо.

 

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.015 с.