Урокан ц1е:Классал арахьара дешар. — КиберПедия 

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого...

Урокан ц1е:Классал арахьара дешар.

2017-06-12 4342
Урокан ц1е:Классал арахьара дешар. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

Дикаев М.«Сан Даймахке.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведин чулацам бовзийтар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Рашидов Ш. дахар довзийтар,карладаккхар.

2.«Даймохк» стихотворени дагахь схьайийцитар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Шайна хууш йолу,шаьш 1амийна я Даймахках, я ненах лаьцна байташ йоьшу дешархоша.

2.Ненан маттах лаьцна стихотворенеш юьйцуьйту дешархошка.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1.Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шарахь Бердак1ел ц1е йолчу юьртахь.Халкъ махках доккхучу хенахь кхо шо кхачаза вара иза.Цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институтехь доьшу.Иза кхиамца чекх а йоккхий, аспирантуре деша а воьдий, ша дешначу институтехь болх бо цо.

60-чу шерашкахь Дикаев вевза поэт санна.Зорбанехь арайолу цуьнан поэзин кхо книга:«Нохчочун х1усам»,-1965;«Догу сан дог»,-1969;«Деган мерзаш»-1971ш.

Дикаев Мохьмада язйинчу стихотворенеш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а ю.

Синойн парг1ато йихкина уггар ч1ог1а ч1аг1ъелла зама яра цо«Нохчо ву со»стихотворени язъян.

Ц1еххьана лекъа поэтан аз,хеда цуьнан жигара болх.Иштта дог пох1ма поэтана ша карван ца хаьа, халкъан ц1е ларъян г1ертарна.Дикаев М.кхелхина 1979-чу шарахь.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца йоьшуьйту.

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

-Поэтана Даймохк хьоме хилар стенах хаьа вайна?

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

VΙ.Жам1 дар.

 

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

 

Коментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

1.биографи еша.

2.Стихотворени дагахь 1амо.

 

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Хьуьнан дахар.».

 

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Хьехархочо текст д1ешар.

Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира.Оха цу чу г1утакхаш а, аптечка а,кедаш а,1айгаш а дехкира.Са ма-хилли тхо новкъа девлира.

Новкъахь Салас ког хадийра.Тхан санитара,цунна йод а хьаькхна,д1абихкира иза.Сала т1аккха д1авеара.

Оха сада1а билгалъяккхинчу меттигана т1екхача барх1 километр йисинера.Новкъахь тхо уьшалшна т1е 1иттаделира.Амма тхан разведчикашна дика некъ карийра.Т1аккха тхо оцу новкъа д1адахара.

Т1аьххьара сада1а севцира тхо боккха 1ам болчохь.Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш.Тхо девдда цига дахара.Жима ши йо1 тилаелла хиллера.Оха и щиъ новкъа яьккхира.

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

- Стенга даха кечделла хиллера бераш?

- Х1ун яра бераша т1оьрмигаш чу ехкинарш?

- Мича хенахь бевллера уьш новкъа?

- Новкъахь х1ун хиллера Салина?

- Мича кхечира бераш?

- Х1ун хезира берашна?

- Х1ун дира цара?

3)Чулацам схьабийцийтар 1-2 дешархочуьнга.

4)Текст кхин цкъа а ешар.

5)Изложенин план х1оттор:

Некъана бина кечам.

К1ентан ког хадор.

Дикачу новкъа довлар.

Тилаелла жима ши йо1.

ΙΙΙ. Издожени тетрадашна т1е д1аязъяйтар.

ΙV. Белхаш схьалахьор.

V. Урокан жам1 дар.

VΙ. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг карладаккха.

Г1а урок

Урокан ц1е:Арсанукаев Ш..«Мохк бегор.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

-Поэтана Даймохк хьоме хилар стенах хаьа вайна?

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Биболатан илли»коьртачу турпалхоша муха къа хьоьгу,шайн некъа т1ехь нийса буй уьш?Барта жима сочинени х1оттайо.

-Муьлха туьйрана девза вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?Муьлхарш?

-Гайсултанов 1.дийцаран коьрта турпалхо мила ву?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Муьлха поэташ бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош:

-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.

-Х1ун произведенеш язйина цара?Аша муьлхарш ешна?

-Тахана вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимовичех лаьцна.

Арсанукаев Ш. вина 1930-чу шарахь, август беттан 15-чу дийнахь Дишни-Веданахь.

Юьртара школа чекхъяккхинчул т1аьхьа Семиналатински финансови техникумехь дешна цо, ткъа 1968-чу шарахь цо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан педогогически институт заочни отделении.

Белхаш бина финансово органашкахь,районни газетан редакцехь, Н-Г1-н книжни издательствехь,,, Орга” альманахан редактор а хила иза.

Яздан волавелла школехь доьшуш волчу шерашкахь.Дуьххьара стихотворени зорбатоьхна 1959-чу шарахь.Х1етахь дуьйна газетан аг1онашна т1ехь,,Орга” альманах,коллективни сборникаш т1ехь.

Нохчийн-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецна Ш.Арсанукаевн стихотворенин а,поэмийн а сборникаш:,,Лаьмнашкахь 1уьйре”(1965),,,Безаман шовда”(1967),,,Ц1еран суй”(1969),,,Новкъахь”(1970),,,Стихаш”(1971),,,Сийна некъаш”(1973),,,Лакхенан г1иллакх” (1975),,,Баххьаш (1977),,,Тешам(1978).

60-чу шераш дуьйла ма даллара веара Шайхи нохчийн литературехь. Цуьнан хьалхара г1улчаш и къона поэт велахь а, онда яра.

Книга ешархошка цуьнан дуьххьарлера стихаш ма йийшинехь хиира Арсанукаевн корматталла нохчийн классикийн С.Бадуевна,М.Мамакаевн поэтически кхоллараллина т1ехь дебна а, кхиъна а йог1уш хилар.

2)Стихотворенехь говза сурт х1оттор ду гойтуш дерг.Махке деанчу вонна дуьхьалвала кийча волчу лирически турпалхочун ойланаш гойту кху стихотворенехь. Иштта цуьнан меттан исбаьхьалла.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о151-152 биографи еша.

2.аг1о152-153 йийцар.

 

Г1а урок

Урокан ц1е: Кибиев М.«Меттан сий.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Маца вина Дикаев М.?

-Маца йина Курумова С.?

-Маца велла Арсанукаев Ш.?

-Мульха произведенеш 1амийна вай?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Маца йина Ахматова Р.?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош:

Кибиев Мусбек 1937-чу шеран 7-чу августехь Веданахь.Дешна Мусбеко Горькийн ц1арахчу литературни институтехь,белхаш бина Веданан районни газетан редакцехь,«Орга» журналехь.

Поэтана жима волуш дуьйна дукхаезара туьйранаш,иллеш, шира хабарш, эшарш.Стихаш язйина 1емина и, цо ма-баххара «оьрсийн къоман а,кхечу къаьмнийн поэташкара.»Уггаре а дукхавеза поэт а, къонаха а 1аьрби Мамакаев лорура цо.

Нохчийн-Г1алг1айн книжни издательствехь араевлла цуьнан стихийн а, поэмийн а цхьамог1а книгаш:«Наьрташ»; «Ши зама»; «Лаьттан куьзга»; «Хьекъалан бохь».

2)Кибиевс х1окху стихотворенехь ненан мотт беза а,сийлахь а ларар,и къоман куьзга а дина д1ах1отто безаш хилар ч1аг1до.Нохчийн мотт ц1армат буьйцуш,сийсазбеш берш емалбар гойту цо.Иштта яздархочо хоуьйту меттан сий лардан дезаш а,мотт ларам барца кхала безаш а хилар гойту.Поэто шен патриотически дог-ойла а,синхаамаш а гойту вайн кху стихотворени т1ехь.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Словарни болх.

Чукъари- бердах чуоьгу хи.

Ц1армат- ирча,маьттаза.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

 

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о154-155 биографи еша.

2.аг1о155-157 йийцар.

 

Г1а урок


Поделиться с друзьями:

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Историки об Елизавете Петровне: Елизавета попала между двумя встречными культурными течениями, воспитывалась среди новых европейских веяний и преданий...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.026 с.