Урокан чулацам:«Таймин Бийболатан илли» — КиберПедия 

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

Урокан чулацам:«Таймин Бийболатан илли»

2017-06-12 5640
Урокан чулацам:«Таймин Бийболатан илли» 5.00 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо: Иллин чулацам бовзйтар.Коьртачу турпалхойн васташ довзийтар.

Илли т1ехь кхоьллина 1аламан суьрташах дийцар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1. «Эвтархойн Ахьмадан илли» чулацам схьабийцар.

2.Хаттарш ло:

-Х1ун илли ду х1ара,хьанах лаьцна?

-Х1ун 1алашо йолуш араваьлла хила Эвтархойн Ахьмаддий,Г1излара-г1алара г1алг1азкхий?

-Х1ун аьлла вист хила г1алг1азкхичуьнга Эвтархойн Ахьмад?

-Муха кхоллало Эвтархойн Ахьмадна а,г1алг1азкхичунна а юккъехь доттаг1алла?

-Х1ун накъосталла дина Эвтархойн Ахьмадна Г1алг1азкхичо?

-Муха кхоьллина илли т1ехь турпалхойн васташ а,1аламан суьрташ а?

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Халкъан барта кхоллараллина юкъа х1ун йог1у?

-Турпалхо Эвтархойн Ахьмад муха къонах хилла?

-Фольклорана юкъадог1ий иллеш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Нохчийн иллеш йоккхачу поэтически говзаллица кхоьллина ду.1аламат хаза исбаьхьаллин суьрташ а,васташ а кхуллу иллешкахь.Ша тайпа хуьлу иллин чулацам а,х1оттам а.

Иллешкахь гойтуш дерг дахарехь хилла г1уллакхаш ду.Царна т1ехь гойту турпалхой, церан амалш.Иллин турпалхоша шаьш цхьа г1уллакх дан кечлуш,динца къамел до,хьосту,накъосталла дар доху.

Иллешкахь дийцина г1уллакхаш догчу дийшита,ладог1арлойн дог айба патриотически ойла кхио доладо дезарехь и дешнаш.Масала:«Эвтархойн Ахьмадан илли» т1ехь дерзор кху кепара ду.

 

Ма лолда вай,к1ентий, вовшех безам ва байна,

Ма лолда вай, к1ентий, вовшех тешам ва байна…

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1)рог1ехь ешийтар.

2)Хаттаршца болх бар.

VΙ.Жам1 дар.

1)Комментировать еш оценкаш д1айохку

2)Хаттарш далар.

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха илли ду?

-Турпалхо мила ву цуьнан?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)аг1о11-13;13-16г1ий аг1онаш д1айоьшу

2)чулацам схьабуьйцу.


Г1а урок.

Урокан чулацам:Барта жима сочинени «Муха хета суна илли т1ехь Таймин Биболат»

1алашо: Иллин чулацам бовзар,барта Таймин Биболатан васт х1оттош схьайийца.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

Эвтархойн Ахьмадан илли» чулацам схьабийцар.

2.Хаттарш ло:

-Муха к1ант ву Таймин Биболат?

-Мила вара Биболатан доттаг1?

-Хьаьнца т1ом бира Таймин Биболат?

-Маца кхайкхира Жумин Акхтулла Таймин Биболата?

-Бекхам муха хилира инарлина?

ΙΙΙ.Барта жима сочинени.

1.Дешархоша Таймин Биболатан васт х1оттош барта сочинени юьйцу.

 

ТАЙМИН БИБОЛАТАН ВАСТ.

Вуьззина къонах,г1иллакхе-оьзда ву,майра к1ант ву Таймин Биболат.Цхьаннах кхоьруш вац,майра леташ чов хуьлу цунна.Цунна т1аьхьа х1иттанарш к1езиг хилла,т1аьхьах1иттинарш а к1иллой хилла цхьаберш.Жимчохь дуьйна цуьнан доттаг1 хилла цунна дукхавезаш Жумин Акхтулла.

ΙV.Жам1 дар.

 

V.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар.

 

Г1а урок.

Урокан чулацам:«Наьрт-эрстхойн паччахь Наураз.»

1алашо:Наьрташ муьлш бу хаийтар,церан васт х1оттор,чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.«Эвтархойн Ахьмадан илли» чулацам схьабийца.

2.«Таймин Биболатан илли» чулацам схьабийца.

3.Халкъан барта кхолларалла стенах олу,муьлха жанраш юкъайог1у?

ΙΙΙ. Керла коьчал йовзийтар.

Наьрт-эрстхойн паччахь Наураз ву.Нохчийн къам хьийзош шен махка д1а ца воьду иза.

Хан а ло нохчаша т1ом бан ца лууш, шена йиллинчу хенахь д1а ца воьду иза.

Т1аккха нохчийн барт а бой т1амца боьлху.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Яххьашца ешийтар.

 

2.Хаттарш:

-Мила хилла Наураз?

-Х1ун гело еш хилла цо?

-Нохчаша х1ун дехар дина цуьнга?

-Т1елатар муха хилла нохчийн?

-Наураз кхеравелла мича вахана?

V.Словарни болх.

1азап-бала,хало,харцо.

Чхо-жима харш

Черт-шочах юьйцина х1ума.

Чалдам-байракхан г1аж

Тутмакх- лаьцна йийсар.

VΙ.Жам1 дар.

1)Тема т1еч1аг1ъеш хаттарш.

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1. 20-21 -г1ий аг1онаш еша.

2.Чулацам схьабийца.

 

Г1а урок.

Урокан чулацам:«Ницкъ болу Солса.»

1алашо:Туьйранах кхетам балар.

Чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

ΙΙΙ. Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь тема д1аязйина ю.

2.Хьехархочо чулацам бовзуьйту.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллехь наьрт-эрстхойх лаьцна хуьлу.Церан хьуьнарш,церан ницкъ(адамехь боцу) гойту.

Наьрт-эрстхой адамех тера бац уьш цхьа б1аьрг а болуш ши метар сов,онда дог1маш а долуш нах бу.

Нохчийн туьйранашкахь Соскин Солса г1араваьлла ницкъ болу турпалхо ву.Цуьнан оццул ницкъ боллушехь цул сов ницкъ бу кхечу турпалхочул.

 

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Туьйра яххьашца дешийтар.

 


Поделиться с друзьями:

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.015 с.