Урокан ц1е:Сатуев Хь.Д.«Лоьммий,цхьогаллий». — КиберПедия 

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Урокан ц1е:Сатуев Хь.Д.«Лоьммий,цхьогаллий».

2017-06-12 2773
Урокан ц1е:Сатуев Хь.Д.«Лоьммий,цхьогаллий». 4.83 из 5.00 6 оценок
Заказать работу

1алашо: Дешархошна туьйранах лаьцна дийцар,туьйранан чулацам бовзийтар.

Туьйранах болу кхетам к1аргбар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешархошна изложенин даьккхина оценкаш довзийтар, уьш коментировать а еш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Нохчийн поэт Сатуев Хьусайн вина 1939 –чу шарахь.Хьалха-Мартана районан 1алхан-юьртахь

ахархочун доьзалехь.Дуьнен т1ехь веха 5-г1а шо бен доцчу хенахь шен халкъаца йийкъира хинволчу поэта 1944-чу шарахь махка йоьссина хало.Нохчийн халкъ шайн дай баьхначу махка ц1адирзинчул т1аьхьа,1958-чу шарахь чекхъяккхира цо юккъера школаЖима волуш дуьйна а вара Сатуев Хьусайн халкъан барта кхолларалла дукхаезаш.Сатуев Хьусайн стихаш язъян волавелла 1958-чу шарахь ша хьехархойн институтехь доьшуш волуш.

Сатуев Хьусайн Джунаидовичи дийцарш,повесташ,романаш язйина ца 1аш иштта яздина туьйранаш. Цуьнан ненавашас нохчийн халкъ барт кхолларалла йовзар, Хьусайнан и безам баларо,вайн вевзу г1араваьлла волу яздархо Сатуев Хьусайн.

 

2) Иштта ю басня«Лоьмий цхьогаллий.»

Басня иза байт-туьйра ду.Иза ша тайпа жанр ю.Шена чохь к1орггера маь1на а долуш.Уьш дийнатанах,акхаройх хуьлу дукха хьолахь.Адамийн васташ а хуьлу церан.Адамашкахь нислуш долу сакхташ гучдоху баснехь. Иштта цхьаболчу хьакамийн,царна хьесталуш лелачийн сакхташ емалдеш дуьйцу кху басни т1ехь.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Котамашна х1ун 1уналла дан лиъна цхьогална?

-Х1ун«бакъ» лоьхуш т1еяьхки лоьмана борг1алш?

-Шега борг1алша арз дича,х1ун кеп х1оттийра лоьмо?

-Цхьогало х1ун дира борг1алша лоьме шена арз диначул т1аьхьа?

-Арз нийсонца къастийрий лоьмо?

-Дийца, х1ун маь1ан ду кху баснин?

V.Словарни болх.

Кхаъ-кхалор-кхузахь:харцонца г1уллакх дийриг,къайлаха х1ума ялар.

Бакъ-бакъдерг,нийсаниг.

Арз-жалоба

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

 

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1. 48-51-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Сайдуллаев Хь.«Ненан б1аьрхиш».Поэма.

1алашо:Сайдуллаевн дахаран некъ бовзийтар,

Поэмин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка басни чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,

«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Вина 1948шарахь ц1ера Мескатара Ножинюрт районер ву. Цуьнан дешнаш т1ехь мукъамаш даьхна

Димаев 1елас, ТемирбулатоваСиржана, кхечара.Уьш д1аслура Дадашева Тамара, Димаев 1елас,

Кагерманова Раисас…(«Хьо лела некъаш»).

Стихаш язъян валавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Сайдулаевс дозалла до шен хьехархо халкъан

яздархо Айдамиров Абузархилла.

1975-чу шарахь чекхйоккху Нохчийн –Г1алг1айн университет филологан факультет.Дешначул т1аьхьа Ножа-юрт районехь газетан корреспондент болх бо цо.Цул т1аьхьа шен юьртарчу школе хьехархо болх бан д1ах1утту.70-чу шерашкахь цуьнан стихиш зорбане евла газет т1ехь «Ленинан некъ»,журнал «Орга» ц1е йолу.

Карарчу хенахь болх беш ву Мескатен юккъерчу школан директор.

 

2)Поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш гойту яздархочо.Коьртачу турпалхочун къонахалла,оьздангалла гойту кху поэми т1ехь.Махкана т1е бохам беача къонахалла,майралла гайтар сийлахь хилар ч1аг1до.Иштта к1ентан ненан доьналла гойту кху поэми т1ехь.

 

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Муха гайтина поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш?

-Х1ун совг1аташ дина хилла к1антана дас-нанас?

-Шен нийсархошца сакъера а, талла а вахийта шайн к1ант х1унда ца лууш хилла дений-нанний?

-К1ант оьзда хилар стен гойту?

-Махкана т1е бохам беъча,къонахалла а, майралла а муха гайтина к1антана?

-Шуна муха хета,к1ант, ден-ненан пурба а доцуш,шен лаамехь т1ам т1е х1унда вахана?Нийса диний цо иза?

V.Словарни болх.

Боьра -чукхетта меттиг.

Тархаш -т1улгаш.

Варш -лаьмнашца хуьлуш йолу луьста,юькъа хьун йолу меттиг.

Барзакъ -духар.

Г1еланаш -стен сеш.

Ижу - толлуш лоху напха,кхача.

 

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Хьанах лаьцна ю х1ара поэма?

-Х1ун тайпа уьйр ю поэмин халкъан барта кхоллараллица?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1. 50-58-г1ий;59-67-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

Опора деревянной одностоечной и способы укрепление угловых опор: Опоры ВЛ - конструкции, предназначен­ные для поддерживания проводов на необходимой высоте над землей, водой...

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.011 с.