Урокан ц1е:Мамакаев 1арби Ш:«Дагалецамаш». — КиберПедия 

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Урокан ц1е:Мамакаев 1арби Ш:«Дагалецамаш».

2017-06-12 3015
Урокан ц1е:Мамакаев 1арби Ш:«Дагалецамаш». 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо:Мамакаевн дахаран некъ бовзийтар,

Поэмин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Мамакаев 1арби вина 1918-чу шарахь Лаха-Неврехь.Теркаца йолчу оцу ширачу юьртахь д1аихна цуьнан бералла.Да-нана а делла,дукха жима волуш дуьйна байлахь висира иза.Серноводск берийн ц1ийнехь дешна ваьлча,Соьлжа-Г1ала рабфаке деша вахара.Хьалха цкъа пенан газета т1ехь,т1аккха «Серло»газетехь зорба тоха йолийра къоначу поэтан стихаш.1936-чу шарахь дуьйна йовза йолаелира цуьнан ц1е. Дукхахйолу стихаш зарбане евла,амма «Айза»,«Салихьатан йиш»,«Аслаг1ин кехат»,«Майра Кикила»халкъан а хилла д1аяхара: уьш эшаршка йирзира.40-чу шарахьНохчийн поэзин юьхь йинарг 1арбин лирика яра.Массо а жанрашкахь бохург санна къахьоьгуш схьавеана яздархо:дийцарш,повесташ,стихаш,пьесаш.Коьртачу декъан 1аьрби поэт-лирик ву.Мамакаев 1арби Кавказан к1ант ву.

 

2)Поэта шен хилла бералла х1инцалерчу кегийрхойн бераллица дусту кху произведенехь.Кху произведени т1ехь вайна хаало поэтан дог-ойла Теркаца эелла хилар.Цо Терк дендеш,шен доттаг1чуьнца санна дуьйцу. Терко а турпалхочуьнца къамел деш санна сурт х1утту вайна хьалха.Теркаца хуьлуш дерг тайп-тайпанчу басаршца гойту поэта.Цкъа дарлой,1аржлой г1овг1анца тулг1енаш етташ д1ах1утту иза, ткъа юха,тийначу деношкахь,дог хьоьсту цо тийначу шен г1арца.Кхузахь поэта Терк дийцарца вайна го цуьнан берий дог-ойла,синтемалла а.

V.Словарни болх

Х1инцо -х1инцалерачу замано.

Чхар -т1улг.

Баккхалш- тайп-тайпана х1умнаш юхку туьканаш.

VΙ.Дешархошка яххьашца йоьшуьйту.

1) Шина-кхаа дешархошка шаьш ма кхеттара чулацам схьабуьйцуьйту.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Муха хилла боху поэта шен бералла?

-1алам а,Терк а муха гайтина поэмехь автора?

-Хьенан бералла ирсе лору поэта?Х1унда?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.68-70-г1ий аг1онаш(70-73-г1ий аг1онаш)

2.чулацам схьабийца.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Классал арахьара дешар.«Мадин Жаьммарза,Таймин Биболан илли»

1алашо: Иллин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

-Муха хилла боху поэта шен бералла?

-1алам а,Терк а муха гайтина поэмехь автора?

-Хьенан бералла ирсе лору поэта?Х1унда?

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Биболатан илли»коьртачу турпалхоша муха къа хьоьгу,шайн некъа т1ехь нийса буй уьш?Барта жима сочинени х1оттайо.

-Муьлха туьйрана девза вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?Муьлхарш?

-Гайсултанов 1.дийцаран коьрта турпалхо мила ву?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Муьлха поэташ бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош: Иллин чулацам бовзийтар.

Къена инарла вара Аьлбика езаш.И шен вешо лур йоций а хууш парг1ата яра юьртарчу наха а ларйора иза. Юьртарчу к1анта ша Аьлбика юьртара арайоккхур ю аьлла вахана.Цуьнга хьан ваша вийна,кегий дакъош дина,верина бохуш и лен а йина юьртах йолуш эскаро го бина.Аьлбикас шех куьйгаш ма 1итта ша аш аьлларг дийр ду аьлла цаьрца д1аяхара.Ваша ц1а веача бухахь ца карийра цунна Аьлбика.Нанас дийцира к1антана. Цои за, инарлин корта а боккхуш, ц1а ялийра.

V.Словарни болх.

Чоа -шинель

Чов -рана

Чоли –серый

Верта -бурка

VΙ.жима сочинени язъяр.

1)Барта жима сочинени Аьлбикин васт.

2)Сурт дилла коьрта турпалхочун

VΙΙ.Жам1 дар.

-Муха стаг ву, инарла а,юьртара жима к1ант а?

-Муха к1ант ву коьрта турпалхо?

 

Коментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

1.218-220-г1ий аг1онаш

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Айдамиров А.«Вина мохк»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а, довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Нунуев С-Хьамзат вина 1952-чу шарахь генарчу Казахстанехь.Голубиновка олучу жимачу юьртахь.Шен дай баьхначу махка ц1а вирзинчул т1аьхьа дешна цо Мархат1ерчу юккъерчу школехь. Школехь доьшуш волуш дуьйна а билгалваьллера хинволу яздархо исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш хиларна.Нохч-Г1алг1айн уневерситетехь доьшуш волуш кхин а алсам белира Сайд-Хьамзат цуьнга болу безам.

 

2.Вайн халкъ махках даккхар,халкъ хьийзор бехк боцуш ду кху т1ехь дуьйцург.Жима а,воккха а,къена а,къона а вара аравоккхуш. Къинхетам цхьаннах а ца бора.Божарий маьждиге д1агулбира ткъа зударий бераш цхьана йоккхачу чоь чу а боьхкина мацалла,хьогалла шелонна а леш бара.1аьнан уггаре а шийла бутт бара вайн халкъ махках доккхуш.Вайн къомах болу нах бара царна юккъехь шайн къам хьийзош.Чубоьхкинарш багийра арабовламеттиг яцара.Салтичо ма багабе аьлча иза а тоьхна вийра.Шайна дуьхьал мел ваьлларг а воьра мостаг1аша.Вайн къам бехк боцуш махках а, даьккхинамаситта шарахь хьийзира.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Дийцар т1ехь юьйцург х1ун хан ю?Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

-Х1ун тайпа халонаш лайна вай наха?

-Массо а боьрша стаг х1ун аьлла д1агулвира юьртан маьждиге?

-Нохчийн къам махках даккхаран бахьана муха дийцира эпсаро?

VΙ.Словарни болх.

Ц1ерпошт -поезд

Оьмар –век

VΙΙ.Уроккан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1аморш?

-Муьлха хан ю цу т1ехь юьйцург?

 

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.82-91-г1ий аг1онаш.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

 

Г1ий урокаш.


Поделиться с друзьями:

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Архитектура электронного правительства: Единая архитектура – это методологический подход при создании системы управления государства, который строится...

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.018 с.