Урокан ц1е: Рог1аллин терахьденаш легар — КиберПедия 

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Урокан ц1е: Рог1аллин терахьденаш легар

2017-06-12 2248
Урокан ц1е: Рог1аллин терахьденаш легар 5.00 из 5.00 4 оценки
Заказать работу

1алашо: Хаа деза,муьлха къамелан дакъа санна хийцало рог1аллин терахьдош дожаршца,

муьлха чаккхенаш хуьлу церан.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина шардар.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 133-г1а шардар.

-Оцу шардар т1ера кхаа предложенина(шаьш язйинчарна) синтаксически къастам бе.

-Дийца, рог1аллин терахьдешнаш предложенехь муьлха меженаш ю.

ΙV.Дешнийн диктант

Кхаа корана, кхаа-еа не1арна, пхиппа линейка,шишша совг1ат,вейтталг1а,к1ант,ейтталг1а аг1о,бейтталг1а, пондар, дейтталг1а терахь, цхьайтталг1а, шуьйтталг1аниг,шиммо ахьешо, кхоъ-барх1алг1а,кхоъ-доьалг1а,пхи-ялх,иссе а,вуьрх1итте а,эзар,ший а,ялх-ворх1.

-Йийца терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш.

-Декъа уьш дакъошка, шайн тайпанашка хьаьжжина.

-Масаллин ши-кхо терахьдош легаде, чаккхенаш билгалъяха.

 

V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1аеша 22-г1а§.

-Муха хийцало дожаршца лаамаза рог1аллин терахьдешнаш? Муьлха чаккхенаш хуьлу церан?

-Лааме билгалдешнаш санна хийцалой лааме рог1аллин терахьдешнаш? Тидам бе церан чаккхенийн. -Уьш муха ю?

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 134-г1а шардар.

2.Кхочушде 135-г1а шардар.

3.Хё1ара лааме терахьдешнаш доланиг дожаре х1иттаде, цул т1аьхьа нийса, дика хозуьйтуш, ала: кхоъ,диъ,пхиъ,ткъе кхоъ, ткъе ялх,цхьаъ,шиъ,шовзткъа,кхузткъа,дезткъа,хьалхарниг,хьалхарниш,ворх1-ворх1,пхиппа,пхоьалг1аниг,ворх1алг1а,эзар(эзарнан),миллионнан,б1еннан,хьалхарчеран.

VΙΙ.Жам1 дар.

-Муьлхачу терахьдешнех олу рог1аллинаш?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Муха къастадо лаааме а,лаамазе а терахьдешнаш?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 22-г1а §.

2.Кхочушде 138-г1а шардар.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Терахьдешнийн кхолладалар,церан легор.

1алашо: Хаа деза,муха кхоллало терахьдешнийн тайпанаш,

Дожарийн чаккхенаш муха хуьлу церан.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Уьн т1ехь шина дешархочо легадо ц1ахь кхочушдинчу 138-г1а шардар т1ера терахьдешнаш а, билгалдешнаш а.Кхечу бераша шайн г1алаташ нисдо.

2.Бакъо схьаюьйцу дешархоша.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

 

1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш?

2.Легаде х1ара терахьдешнаш: ворх1-ворх1,кхоккха;диъ-пхоьалг1а;ворх1е а, кхо-диъ.

Дийца, уьш муьлха тайпана чу дог1у.

-Билгалъяха терахьдешнийн чаккхенаш.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1 Кхочушде 140-139-г1ий шардарш.

2.Легаде лаамаза а, лааме а терахьдешнаш.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

 

1.Шина дешархочунга цхьа терахьдош легадойту.

Хьалха а ваьлла нийса йинчунна «5».

ΙV.Жам1 дар.

Дика а, вон а урокахь болх бина бераш билгалдоху.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 23-г1а §.

2.Кхочушде 136-137г1ий шардарш.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Терахьдешнийн нийсаяздар.

1алашо: Хаа деза, масаллин терахьдешнаш.

Масаллин терахьдешнаш рог1аллийнчаьрга доьрзуш,церан орамера мукъа аьзнаш

хийцалой хаар.Хаа деза, дефисца яздеш дерш муьлха терахьдешнаш ду.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шина дешархочуьнга легадойту ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера терахьдешнаш.Берашка г1алаташ нисдойту.

2.24-г1а § т1ера хаттаршна жоьпаш ло дешархоша.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Ворх1е а бер,ши-кхо к1ант,ворх1 б1е,диъ-диъ сом,ворх1алг1а де,уьссалг1аниг,ялх ц1а, дезткъа, ши эзар,цхьа-ши де,диъ-пхоьалг1аниг,пхийтте а,ялх-ворх1алг1а, исс-исс,шиъ-доьалг1а.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дешнашца д1аязде 40,60,80,100,1000,19 боху масаллин терахьдешнаш.

2.Хьехархочо хьалхе кечйина х1ара кеп:Масаллин терахьдешнаш рог1аллинчаьрга доьрзуш,церан орамера аьзнаш(элпаш) хийцало кхузахь ма-гайттара:

а/я/о ткъа-ткъолг1а-ткъолг1аниг

а/о б1е-б1олг1а-б1олг1аниг

и/уь исс-уьссалг1а-уьссалг1аниг

ий/уьй шиъ-шолг1а- шолг1аниг

и/оь диъ- доьалг1а-доьалг1аниг

е/оь дезткъа-доьзткъа-доьзткъалг1аниг.

Оцу кепа тера терахьдешнийн орамера аьзнаш хийцадалар дагахь 1амо деза.

3.Чолхе декъаран терахьдешнаш а,чолхе билгалза масаллин терахьдешнаш а дефисца яздийр дарий аш?

-Исс-исс 1аж,диъ-диъ кор боху чолхе декъаран терахьдешнаш легаде.

- Цхьа-ши стаг,пхи-ялх юрт боху дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.

-Д1аязде терахьдешнаш 11-19 т1екхаччалц.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 151-г1а шардар.

2.Легаде терахьдешнаш,чаккхенаш билгалъяха:пхийтта,йоьалг1а класс,пхоьалг1а ц1а.

3.Д1аязде терахьдешнаш дешнашца:17,18,16,19,22,21,30,1,4,8,28,20,40,13,11,10,60,90.

VΙ.Жам1 дар.

-Муха яздо 11-15 т1е кхаччалц терахьдешнаш?

-Маса тайпа 1амийна вай?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 24-г1а §.

2.Кхочушде 150-151г1ий шардарш.

 

 

Урок.


Поделиться с друзьями:

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.017 с.