Урокан ц1е:Талламан диктант:«Ши к1ант тилар». — КиберПедия 

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Урокан ц1е:Талламан диктант:«Ши к1ант тилар».

2017-06-12 4655
Урокан ц1е:Талламан диктант:«Ши к1ант тилар». 4.83 из 5.00 6 оценок
Заказать работу

1алашо:Терахьдашах 1амийнарг

т1еч1аг1дар.

 

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1аязйо.

Деъна сахилира. Гобаьккхина хьун яра лаьтташ.Цхьана а меттехь некъан лар яцара гуш.

Ши к1ант ц1ехьа верза лууш вара.Амма муьлхачу аг1ор ваха веза ца хууш, тиллера и шиъ. Мацвелла кийра 1ийжара.

Делкъана хиллера. Бажа лелла некъаш карийча, жимма сапарг1ат даьллера шина к1ентан.Ламанахь дежийлашкахь гуш дара жа а, бежнаш а.Дукха гена валале, бетта мохь хезира шина к1антана.

Ц1ера т1аьхьа даьлла орца, сахиллалц маьхьарий детташ, 1аьннаш цоьстуш леллера.Лечий, 1алхий царна карор вара, и шиъ цхьана аг1ор д1аихна гена ваьлла ца хиллехь.

Шаьш 1ачу к1отарара вуьрх1итта –берх1итта километр хиллал д1аихна хиллера и шиъ.

 

ΙΙΙ.Т1едиллар.

1.Терахьдешнаш билгалдаха.Церан тайпанаш къастаде.

2.Хьалхарчу предложенин бе синтаксически къастам.

V.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо: Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх. (Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо шардар.

2.Легаде терахьдешнаш: шийтта, ткъе пхиъ,ши эзар ворх1.

-Цхьалхечу а, чолхечу а,х1оттаман а терахьдешнаш.Церан чаккхенаш схьакъастае.

3.Синтаксически къастам бе х1окху предложенина.

Селхана шина к1антана хьехархочо совг1ат делира.

а) терахьдашна бе морфологически къастам.

б) шина бохучу дашна бе фонетически къастам.

 

ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?

VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.

Оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде шардар.

 

Г1а урок.

 

Урокан ц1е: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

1алашо: Билгалдашах а, терахьдашах а йолу бакъонаш карлаяхар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Бакъонаш карла а йохуш, хаттарш х1иттадо:

 

-Билгалдош стенах олу?

-Билгалдешан маса тайпа ду?Муьлхарш?

-Дожаршйа хийцалой билгалдешнаш?

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

 

а)Легаде х1ара билгалдешнаш, уьш шайн легаре а х1иттаде.Чаккхенаш схьакъастае.

Можа хьоза,баьццара бай,жиманиг.

б)легаде терахьдешнаш:

Кхоъ,пхийтта,ши эзар ворх1.

в) предложенеш х1иттае х1окху дешнийн цхьаьнакхетарх: тийна аре, шийла буьйса, сийна стигал, пхийтта шо,шовзткъа бере,кхо ваша, дейтта б1ар, кхоккха,шолг1а.

ΙV.Жам1 дар.

 

-Муьлха ши тайпа дув ай тахана карладоккхург.

-Билгалдешнаш а, терахьдешнаш а муха карладоху? Церан хаттарш?

Дика а, вон а бина белхаш билгалбоху.

 

V.Ц1ахь бан болх.

 

1.бакъонаш карлайоху.

2.Жима дийцар язде билгалдешнаш а, терахьдешнаш а юкъахь долуш

Г1а урок.

Урокан ц1е:Лаамазчу а, лаамечу а рог1аллин терахьдешнех предложенин меженаш хилар.

1алашо: Предложенешкахь терахьдош муьлха меже хуьлу хаар а,

и схьакъасто хаар а.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1. Ц1ахь легийна дош уьн т1ехь а легадо.

2.Фронтальни хаттарш.:

-Массалин терахьдош стенах олу?

-Рог1аллин терахьдош стенах олу?

Масалш а далош барта предложенеш х1иттае.

3.Легаде масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш: цхьаъ,пхиъ,диЪ,шолг1а,кхоалг1а.

ΙΙΙ.Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

-Муха ду терахьдешан маь1на а морфологически билгалонаш а?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

У ьн т1ехь хьалххе язйина кеп:

Рог1аллин терахьдешнаш: Лаамаза я лааме Муьлхачу хаттаршна жоп ло? Предложенешкахь муьлха меже ю?
Шийтталг1а шо(лаамаза) Масалг1а?  
Пхоьалг1ачу дийнахь(лаамаза) Масалг1ачу?  
Уьтталг1аниг(лааме) Масалг1аниг?  
Доьалг1аниг(лааме) Масалг1аниг?  

-Х1окху кепехь пайда оьцуш, берашка дуьйцуьйту, предложенехь рог1аллин лаамаза а,лааме а терахьдешнаш муьлха меженаш хуьлий лела?

-Муха билгалдоккху рог1аллин терахьдешнаш?Предложенин муьлха меженаш хуьлий лела?Даладе масалш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 130-г1а шардар.1-чу предложенина х1оттае схема.

2.Кхочушде 131-г1а шардар.2-чу предложени т1ера къамелан дакъош билгалдаха.

3.Легаде лааме а,лаамаза а терахьдешнаш: кхоалг1а шо,дейтталг1аниг.

VΙ.Жам1 дар.

-Муха кхоллало лааме терахьдешнаш?

-Муьлха суффиксаш т1екхета терахьдешнаш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 21-г1а §.

2.Кхочушде 132-г1а шардар.

Г1а урок.


Поделиться с друзьями:

Историки об Елизавете Петровне: Елизавета попала между двумя встречными культурными течениями, воспитывалась среди новых европейских веяний и преданий...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.017 с.