Урокан ц1е: Карладаккхар.Билгалдешнийн тайпанаш карладаккхар. — КиберПедия 

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...

Урокан ц1е: Карладаккхар.Билгалдешнийн тайпанаш карладаккхар.

2017-06-12 3852
Урокан ц1е: Карладаккхар.Билгалдешнийн тайпанаш карладаккхар. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо: Билгалдешан тайпанаш билгалдахар.

Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,

и юкъехь а долуш предложенеш х1итто хаар.

Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1) Барта толлу 66-г1а шардар.

2) Бакъонаш карлайоху.

§§11-12-г1а.

 

ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Мерза 1аж,сийна стигал, йовха бедар, шийла 1а, 1аьржа буьйса, ховха суьйре, муьстаниг, мерзаниг, йоккханиг,маьттазниг, ирчаниг, сутурниг, оьзда, хьаша, ненан сий, нохчийн мотт,дарин коч.

ΙV. 1амийнарг карладаккхар.

 

1) Цхьа хаза коч эцалахь суна.

Дика йо1 лаха еза вай хьуна сан, доттаг1.

-Предложенешкара юьхьанцара дарж кепера билгалдешнаш дустаран дарже даха.

 

А» 6 «Б» 6 «В»

Асуева С. Исламов У. Эльмурзаева Т.

Исмаилов Х. Усмаев М. Яхъяев Х.

2) Мухаллин а,юкъаметтигаллина, доладерзоран а тайпанашка д1анисде х1ара дешнийн цхьаьнакхетарш: дашо гуьйре, стохкалера духар, баьццара буц,1аьнан де.

 

А» 6 «Б» 6 «В»

Бачаева Т. Астамирова Ж. Шаипова К.

 

3) Х1ара дешнаш билгалдешнашка х1иттаде: стаг, к1ант, нана, цициг, ж1аьла, дечиг, эчиг,гуьйре.

 

А» 6 «Б» 6 «В»

Алисултанов С-М. Исабекова Л. Шаипова А.

 

V. Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.

 

Ц1.сирла шовда дашо гуьйре

Дл.сирлачу шовдан дашочу гуьйренан
Л.сирлачу шовдана дашочу гуьйренна

Др.сирлачу шовдо дашочу гуьйрено
К.сирлачу шовданца дашочу гуьйренца

Х.сирлачу шовдех дашочу гуьйренах

М.сирлачу шовдане дашочу гуьйрене

Дс.сирлачу шовдал дашочу гуьйренал

-Лаамаза дешнаш легадойту дешархошка.

 

А» 6 «Б» 6 «В»

Гемирханова Р. Чучаева М. Садуев И.

 

VΙ. Урокан жам1 дар.

1. Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

-Маса тайпа ду билгалдешан?Муьлхарш?

-Уьш дожаршца хийцалой?

-Маса легар ду билгалдешан?

2. Кхочушдо шардар 67-г1а

 

А» 6 «Б» 6 «В»

Домбаев И. Исламов Э. Яхъяев М.

Домбаев А. Виситаева Д. Юсупов М.

Асуева С. Матиева Эсмерзоев

Мухадинов Р. Хасаханов И. Яхъяев Х.

Магомадов М. Алиева А. Таипова М.

Исмаилов Х. Эльмурзаева Т.

Алисултанова Р.

Алисултанова С

.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1. Бакъонаш карлаяха.

2. Кхочушде 68-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Талламан диктант.

1алашо:Билгалдашах 1амийнарг

карладаккхар.

 

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1аязйо.

Гуьйре.

Т1екхечи дашо гуьйре.Сийна стигал 1аьржачу мархаша д1алаьцна.Дог1анаш оьху.Олхазарш бовхачу махка д1адахна.

Бес бесара басарш а карахь, уггаре а хьалха хьуьнан юьйлира Товзанга-Гуьйре.Шегарчу басарца доккха сурт дилла долийра цигахь.

Цхьадолчу диттийн г1аш, лимонаш санна маждира.Важадерш хилла кхозучу калакойн 1ежаш санна,ц1ечу басе дерзийра.Юкъ-юкъарнаш-м ц1арах догуш санна хеталучу дашо басе дерзийра.

Хьуьнан юккъера схьа а яьлла,ирзу т1е кхаьчча,наьрт санна лаьттачу къеначу ножа т1е 1оттаелира иза курра лаьтташ бара и наж, шен боккхачу куьра т1ера дуькъа г1аш а дегош.

Оцу наьртана т1е а „йоьзанан духарˮ духа дагадеара цунна.Шена дага ма-дарра исбаьхьа кеч а вира цо и къена наж- дада(99 дош.)

ΙΙΙ.Т1едиллар:

Билгалдешнашна к1ел сиз хьакха.

ΙV.Ц1ахь бан болх.

Бакъонаш карлаяха.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо: Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх. (Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)

ΙΙΙ.Кхочушдо шардар 97-г1а тайпанашка а дерзош.

ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Билгалдешан маса тайпа ду?

-Билгалдешан маса дарж ду?

-Билгалдешан лаамаза а, лааме а муха билгалдоху?

V.Г1алаташ т1ехь балхана лерина шардар кхочуш дойту.

1.Шардар 94-г1а.

а) Билгалдаха билгалдешнаш.

б)Легаде билгалдешнаш: исбаьхьа сурт, жима хи, хаза концерт.

2.Буьззина синтаксически къастам бе предложенина.

Исбаьхьасурт дара цунна хьалха х1уьттург.

Самаяьккхиолхазаршасирла1уьйре.

VΙ.Дешархоша шаьш болх бар.

Кхочушдо 66-г1а шардар.

VΙΙ.Жам1 дар.

а)Бакъонаш карлайоху.

б)Хьехархочо дика а, ледара а блх бина дешархой билгалбоху оценкаш олуш.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1)Карлаяха бакъонаш.

2)Кхочушде шардар 67-г1а.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш.

1алашо: Хаа деза терахьдош стенах олу, муьлхачу хаттаршна жоп ло.

Лааме а, лаамаза а долчу терахьдешнех кхетам балар.

Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Дешнаш т1ехь болх бар.

Мациевн нохчийн-оьрсийн дошамна т1ех язйина ю иштта дошаман статья терахь бохучу дешна.

Терахь (терахьан,терахьна,терахьо,терахье,д;терахьаш,д)-1)дата;2)математичес.грам. число; цхьаллин терахь-единственное число,дукхаллин терахь-множественное число.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

-Тахана 1амош йолчу коьчалан ц1е х1ун ю?

-Муха кхолладелла терахьдош боху дош? Муьлха къамелан дакъа ду иза? Х1унда?

-Кхин муьлха къамелан дакъа 1амийна аша?(билгалдош)Муха ю цуьнан грамматически билгалонаш?

-Ц1ердош,билгалдош,терахьдош бохучу къамелан дакъоша х1ун гойту?

-Кхочушде 58-г1а аг1он т1ера 2,3,4-г1ий т1едилларш.

-Х1ун гойту терахьдашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Т1едиллар т1ера билгалдаьхначу дешнийн масалла я рог1алла гойтий?

-Лааме я лаамаза ду уьш?

-Дешархошка йоьшуьйту 13-г1а §, ца кхеташ диснарг билгалдоккхуш, жам1 дойту.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 98-г1а шардар.

-Терахьдешнаш билгалдоху.

2)Кхочушдо 100-г1а шардар.

V.Дозуш долу къамел кхиор.

-Хьайн фамилий, ц1ей, ден ц1ей д1аязъе.

-Маца, мичахь вина хьо?

-Маца вахана школе?

-Х1инца муьлхачу классехь доьшуш ву хьо?

-Школан номер х1ун ю?

 

-Оцу кепара х1иттийначу хаттаршна жоьпаш луш, яздинчух терахьдош олу.

VΙ.Урокан жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъа дув ай тахана 1амийнарг?

-Цо х1ун гойту?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 13-г1а §.

2.Кхочушде 99-100г1а шардарш.

 

Г1ий урокаш


Поделиться с друзьями:

Типы оградительных сооружений в морском порту: По расположению оградительных сооружений в плане различают волноломы, обе оконечности...

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.026 с.