Дешархойн хааршка а, 1аморашка а     болу лехамаш                                  — КиберПедия 

Биохимия спиртового брожения: Основу технологии получения пива составляет спиртовое брожение, - при котором сахар превращается...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Дешархойн хааршка а, 1аморашка а     болу лехамаш                                 

2019-09-17 257
Дешархойн хааршка а, 1аморашка а     болу лехамаш                                  0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

ЦхьайтталгIачу классан  программехь кIаргъеш, карлаяха билгалйина ю стеган Iаламца а, къинхьегамца а хила хьакъ йолу оьздангаллин юкъаметтигаш.

Иштта, цхьайтталгIачу классехь Iамо лерина ю хIинццалц схьа йийцина йоцу кхо тема а: «Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а»; «Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а» (Советан Iедал тIедале – хьалхара тема; Советан Iедал тIедеъначул тIаьхьа – шолгIа тема).

Кхеташ ду ислам дин оьздангаллин уггар лакхара тIегIа хилар. Цундела къоман гIиллакхийн культура хьехочохь дин ца дийца йиш а яц.

Вукху шина декъехь дуьйцу тайп-тайпанчу заманашкахь экономически, политически, социальни хьелаш бахьанехь къоман оьздангаллех болу кхетам хийцабаларх а, оцу хийцамийн дикачу, вуочу агIонех а лаьцна.

 

Дешархошна нохчийн гIиллакх-оьздангалла Iамор массо а классийн программашкахь цхьана буха тIехь хIоттийна ду: мелла а аттачу кхетамашна тIера дIа чолхечеран маьIна дастаре боьду некъ санна.

 

Дешаран дисциплинин гергара чулацам                                                          

Класс

I дакъа

Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш (6 сахьт)

 

Чохь са долчу Iаламца стага лело еза юкъаметтигаш. ЦIахь лелочу хьайбанийн хьакъ доллу дола дар. Акхарошца йолу юкъаметтигаш а цхьана оьздангаллин хоршахь хила езар. Таллар а, оьздангаллин бехкамаш а. Олхазаршца, сагалматашца йолу юкъаметтигаш нохчийн оьздангаллехь.

Чохь са доцчу Iаламца стеган хила еза юкъаметтигаш. Шовданаш а, догIу хиш а, Iаьмнаш а цIена латтор. Кхор, стов, турс, иштта кхийолу дечигаш хадо ца магор. Хьаннийн дола дар.

Латта лара дезар. Иза бехдан а, дIа ца дуьйш, дола ца деш, тесна дита а мегар цахилар. «Даймохк», «Дай баьхна латта» бохучу кхетамийн оьздангаллин маьIна. Даймохк безар, ларбар.

Хьанала къахьегар – оьздангаллин билгало. Къинхьегам – беркатечу дахаран хьоста.

Белхи – нохчийн къоман гIиллакх. Поппар хьахаран, хьаьжкIаш тилоран, тIаргIа къажбаран, кхиболу белхеш. Белхийн кхетош-кхиоран маьIна.

Дахарера, литературера, фольклорера масалш. Керла дешнаш.

Талламан хаттарш а, тIедахкарш а. Iамийнарг тIечIагIдар.

 

Х1ара дакъа 1амийнчул т1аьхьа дешархо декхар ву:

– чохь са долчу 1аламца адаман хила езачу юкъаметтигех шен хилла хаарш т1едуза;

– чохь са доцчу 1аламца адаман хила езачу юкъаметтигех лаьцна хаарш хила;

– нохчийн къоман къинхьегаман, вовшашна г1о даран ламасташ довза.

 

Дешархочун аьтту хир бу оцу декъехь шена 1еминарг, кхинд1а к1аргдеш, къахьега, 1илманчийн белхех пайда а оьцуш, хьехархочун г1оьнца.

II дакъа

Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а (10 сахьт)

 

Къуръан – Делан адамашка долу тIаьххьарлера дош. Оцу дашехь дуьнен чохь адамашна ийманехь даха а, эхартана кечам бан а мел оьшу хьехам хилар. Исламан а, ийманан а, эхьсанан а маьIна.

Делан Элчанан (I.с.в.с.) дахар – дерриге а дамашна оьздачу дахаран масал. Пайхамаран (I.с.в.с.) Сунна а, цу чохь болу хьехамаш а. Вуон а, дика а исламехь къастор. Вуон а, дика а Делера хиларх тешар а, адамна къастам бан елла маршо а. Шен зуламаш, къинош «яздина хилла» бохуш, тида гIертар – Iесалла. Дохковалар а, нисвала гIортар а – стеган декхар.

Исламан оьздангаллин коьрта билгалонаш. Бусалба динехь стаг оьздангаллин гурахь латто ницкъ хилар. Делах а, Кхиэл еш долу де догIург хиларх а тешар.

ШарI а, нохчийн Iадат а.

ШарI – Къуръанна а, Элчанан (I.с.в.с.) Суннин хьехамашна а тIехь хIоттийна стеган а, къаьмнийн а Iер-дахаран бакъо. Нохчийн дукхахдолу Iадаташ шереIатца догIуш хилар. ДогIуш доцу Iадаташ дIатаса дезар.

Нохчийчохь баьхна устазаш а, церан оьздангаллех долу Iилма а. Накъашбандин, Къадарин тIерекъаташ нохчийчохь даржар. Ташу-Хьаьжин, Кунта-Хьаьжин, Юсуп-Хьаьжин, Доккин, Солса-Хьаьжин, Баматгири-Хьаьжин, кхечеран оьздангаллин хьехамаш, церан дахар. Вирдийн таханлера хьал а, динан керла боламаш а.

Керла дешнаш.

Талламан хаттарш а, тIедахкарш а.

Iамийнарг тIечIагIдар.

 

Х1ара дакъа 1амийнчул т1аьхьа дешархо декхар ву:

– оьздангаллин уггаре а лакхара т1ег1а – ислам-динан лехамаш кхочушбар дуйла хаа;

– исламан оьздангаллин коьрта билгалонаш йовза;

– Нохчийчохь баьхначу эвлаяийн, устазийн коьрта хьехамаш а, церан оьздангаллин сурт-сибат а довза.

Дешархочун таро хир ю х1окху декъехь шена 1еминарг т1едуза, нохчий эвляийн назманаш а, жайнаш а, царах лаьцна 1илманан белхаш а боьшуш, хьехархочун г1оьнца.

III дакъа


Поделиться с друзьями:

Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.009 с.