Дешархойн хааршка а, 1аморашка а          болу лехамаш                                  — КиберПедия 

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Таксономические единицы (категории) растений: Каждая система классификации состоит из определённых соподчиненных друг другу...

Дешархойн хааршка а, 1аморашка а          болу лехамаш                                 

2019-09-17 212
Дешархойн хааршка а, 1аморашка а          болу лехамаш                                  0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

ПхоьалгIачу классан программехь бовзийта лерина бу нохчийн оьздангаллин тайп-тайпанчу агIонех болу юкъара хаамаш. Кхузахь Iамо билгалйина Iаламат мехала теманаш: «Хьо а, дуьне а», «Вайн гIиллакхаш», «Дуьне а, адам а тайп-тайпана ду», «Собар», «Яхь», кхиерш.

Церан маьIна достуш а, исбаьхьаллин агIо гучуйоккхуш а таллам баро аьтто бийр бу нохчийн къоман синмехаллех долу хаарш дешархойн кхетамехь гуттаренна а дисийта.

 

ЯлхалгIачу классан программа деа декъах лаьтта: «Хьо дуьненчу веана», «Хьо адамашна юккъехь веха», «Хьо Iаламехь веха», «Хьуна ловзарехь дуьне девза».

Хьалхара дакъа лерина ду хIора стага уггар хьалха къасто дезачу хаттаршна: Хьан кхоьллина дуьне а, Iалам а, адам а? Мичара баьлла адамашна оьздангаллин кхетам? Царна нийса жоьпаш карийначул тIаьхьа стагана (берана) тIедужу Далла хастам бар а, Iамал яр а. Иза стеган иман хилар ду. Иза (Делах тешар) оьздангаллин бух бу. Цундела мехала ду и дакъа Iамош дешархошна кIорггера хаарш далар.

ШолгIачу декъехь нахана юккъехь даха долалучу адамна уггаре а хьалха хаа дезарш ду билгалдина: салам-маршалла хаттар, нахе цара дечу гIуллакхе хьаьжжина вистхилар, ловца баккхар, деца-ненаца а, вежаршца а, йижаршца а лело деза гIиллакхаш, иштта дIа кхин а.

Программин кхоалгIачу декъехь дешархой Iаламца къинхетаме хила Iамабо, хIунда аьлча, Iаламца къиза, бендоцуш волу стаг оьзда лара йиш яц. Дала адам векал дина Iаламан дола дан.

ДоьалгIачу декъехь нохчийн берийн ловзарех лаьцна дийца лерина. Дешархошна дуккха а хIума довзийта, царна дика амалш а, гIиллакхаш а Iамо аьтту бу ловзаршца.

ВорхIалгIачу классехь «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» урокашкахь Iамо билгалйина хIара теманаш: «Чохь са долчу Iаламца адамийн хила еза юкъаметтигаш», «Чохь са доцчу Iаламца адамийн хила еза юкъаметтигаш», «Къинхьегам – оьздангаллин билгало», «Нохчийн къоман дезденош (цIайш) а, церан оьздангаллин маьIна а».

Iаламца адамийн хила беза лерамаш мелла а Iамор 5 классан программехь а билгалдина ду. Амма и хаттар дуьззина а, кIорга а дийцар оьшуш ду. И Iалашо кхочушъян лерина ю 6 классана хIоттийна программа.

Дала ша Iаламан дола дан векалдина хиларе терра, адамна тIехь ду цу Iаламна хьалха оьздангаллин, эхь-бехкан даккхий декхарш. Цундела уьш девзаш а, шен дахарехь кхочушдан гIерташ а хила веза массо а стаг.

Iаламан дола даран а, хама баран а билгало ю лаьтта тIехь хьанала къахьегар. Ткъа «Къинхьегам – оьздангаллин билгало» боху дакъа хьалхарчу шинца шен маьIница догIуш хиларан шеко яц. Цундела далийна иза кхузахь.

Программин дерзоран декъехь дийца билгалдина нохчийн къоман дезденош а, церан кхетош-кхиоран, оьздангаллин маьIна а. Кхузахь далош ду бусалба нехан юкъара дезденош а, ткъа иштта нохчийн къоман хьалха дуьйна хилла шен цIайш а.

БорхIалгIачу классехь Iамо билгалйина нохчийн гIиллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш. Уьш ду вайн къомана дукха хьалха дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц деза а, сийлахь а хетта хIумнаш: адам ларар, сий, маршо, нийсо, собар, яхь, иштта дIа кхин а. И кхетамаш бу вайн къоман оьздангаллин гIишло латтош болу аьрда бIогIамаш. Цундела царна хIоранна а боккха тидам тIебахийтар а, дешархошна царах кIорггера хаарш далар а Iаламат мехала ду.

И иштта хилахь, аьтту хир бу кхул тIаьхьарчу классашкахь хьоьхург дешархойн кхетаме дIакхачо а, цунах дахарехь пайдаэца уьш Iамо а.

Иштта, хIокху классехь Iамо билгалдина вайнехан дарбанаш лелоран ламасташ а.

 

УьссалгIачу классан программо чулоцу масех тема. Царах хьалхарчу шина декъо адамо ша шеца а, ткъа иштта шена гонаха бехачу нахаца а тайп-тайпанчу хьелашкахь нисвелча лело дезачу гIиллакхех дуьйцу.

И гIиллакхаш адамашка диллина леладайта, дика лелийнарг хасто, гIиллакхийн «хоршара» ваьллачунна таIзар дан юкъадаьхна ламасташ а хилла вайнехан дIаяхначу заманахь. Царах лаьцна дуьйцу программин кхоалгIачу декъехь.

ТIаьххьарчу декъехь дийца билгалдина нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин хIоттаман цхьа дакъа долу кхача кечбаран, духарш тегаран, гIишлош яран ламасташ.

 

УьтталгIачу классан программехь билгалдина хьалхарчу классашкахь Iамийначун жамI дар а, оцу декъехула долу хаарш кIаргдар а. Къаьсттина мехала йолу теманаш кхин а лакхарчу тIегIанехь а, массо агIор а юха карлаяха лерина ю. Уьш йиъ ю: «Оьздангалла а, дахарехь цо лело маьIна а»; «Нохчийн оьздангаллин коьрта мехаллаш»; «Адам а, цуьнан гIиллакхаш а»;

Х1инццалц 1амоза йолу керла тема а ю уьтталг1ачу классехь 1амо билгалйина. «Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а».

 

ЦхьайтталгIачу классан программехь кIаргъеш, карлаяха билгалйина ю стеган Iаламца а, къинхьегамца а хила хьакъ йолу оьздангаллин юкъаметтигаш.

Иштта, цхьайтталгIачу классехь Iамо лерина ю хIинццалц схьа йийцина йоцу кхо тема а: «Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а»; «Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а» (Советан Iедал тIедале – хьалхара тема; Советан Iедал тIедеъначул тIаьхьа – шолгIа тема).

Кхеташ ду ислам дин оьздангаллин уггар лакхара тIегIа хилар. Цундела къоман гIиллакхийн культура хьехочохь дин ца дийца йиш а яц.

Вукху шина декъехь дуьйцу тайп-тайпанчу заманашкахь экономически, политически, социальни хьелаш бахьанехь къоман оьздангаллех болу кхетам хийцабаларх а, оцу хийцамийн дикачу, вуочу агIонех а лаьцна.

 

Дешархошна нохчийн гIиллакх-оьздангалла Iамор массо а классийн программашкахь цхьана буха тIехь хIоттийна ду: мелла а аттачу кхетамашна тIера дIа чолхечеран маьIна дастаре боьду некъ санна.

 

5.Дешаран дисциплинин гергара чулацам                                                         

Класс

I дакъа


Поделиться с друзьями:

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Организация стока поверхностных вод: Наибольшее количество влаги на земном шаре испаряется с поверхности морей и океанов (88‰)...

Общие условия выбора системы дренажа: Система дренажа выбирается в зависимости от характера защищаемого...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.01 с.