Кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъачу аьзнийн тайпанаш. — КиберПедия 

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъачу аьзнийн тайпанаш.

2019-08-07 426
Кхолладаларан меттиге хьаьжжина мукъачу аьзнийн тайпанаш. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало: юьхьанцара (схьадовлаза), шозлагlа (схьадевлла).

Юьхьанцара, схьадовлаза мукъа аьзнаш, цхьацболчу lилманчаша коьрта аьзнаш а олу царех. Церан кхолладаларан некъ таханлерачу муьрехь билгалбаккха таро яц. Уьш лела дешнийн юьхьанцарчу кепийн лардашкахь. Дешнийн юьхьанцара форманаш ларало: цlердешнийн, билгалдешнийн Цlерниг дожар, цхьаллин терахь; хандешнийн билгалза кеп (инфинитив). Иштта аьлла чlагlдича а нийса хир дац, хlунда аьлча маттахь карадо масалш, юьхьанцарчу форманашкахь а долуш, амма лардехь исторически хийцаделла аз а долуш. Юьхьанцара мукъа аьзнаш хlорш ду: и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а.

Шозлагlа, схьадевлла мукъа аьзнаш. Церан кхолладаларан некъ билгалбаккха таро ю. Уьш кхоллало юьхьанцарчу аьзнех, ассимиляцин процесс кхочушхиларца. Шозлагlа аьзнаш хlорш ду: уь, уь, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа.

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн г l елдалар.

Аьзнаш гlелдаларца йоьзначу процессах редукци олу. Редукци юьззина а, юьззина йоцу а хуьлу. Юьззина йоцу редукци кхочушхуьлуш аьзнаш кхечу аьзнашка доьрзу, наггахь, шайна уллерачу аьзнашца дlауьйш, керла аьзнаш кхуллу. И процесс кхочушхуьлу дешнийн керла форманаш кхуллуш а, цхьацдолчу дешнийн Дукх.терахьан форма кхуллуш а, нохчийн литературни меттан дешнаш диалектни дешнашца дустуш а, нахски меттанийн дешнаш дуьстича а хаало и процесс, цул сов тlеэцначу дешнашкахь а.

а) - м - гlелдалар: бер - бариш (чlеб.диал.)

                                    виэта - ватим (чlеб.)

 

б) - д - гlелдалар: куй – куди (гуьрж.мат.)

                                    буо – бодэ (бацб.диал., гуьрж.м.)

                                    да – дад (бацб.)

                                    хьаж – хьад (бацб.)

 

в) - г - гlелдалар: сай – саг (бацб.)

                                    тай – таг (бацб.)

                                    лай – лаг (бацб.)

 

Хlирин маттахь а иштта - г - ду - й - метта.

Тимаевс боху: «Шеко яц - г - аз юьхьанцара хилар, амма и бохург дац нахски меттанаша и дешнаш хlирин маттера тlеэцна бохург. Цу тlе, тидаме эца деза нахски меттанашкахь - г - гlеллуш - й -не дерзар шуьйрра яьржина процесс хилар. Масала: тай – таг (бацб.) ткъа – тиэга.

 

 

г) - ш - гlелдалар: хьаша – хьеший  (< хьаш – иш)

                              да – дай (< да – иш)

                              йуьртахуой (< йуьртахуо – ш)

 

д) - ъ - гlелдалар:    

терахьдешнийн керла форманаш кхуллуш, - ъ - юьззина редукци хуьлий, дов:

       шийтта – шиъ + итт

цул сов, нохчийн меттан цхьацйолчу диалекташкахь а, гlалгlайн маттахь а кхочушхуьлу - ъ - озан юьззина редукци: масала, хаъан  - хан (шот. диал.)

                                                лаьъан  - лаьн (шот.д.)

- ъ - дуьззина дов шиъ, кхоъ, пхиъ терахьдешнийн лаамаза форма кхуллуш а:

       ши куог, кхо бер, пхи бlъара

       е) - й -   гlелдалар: хье – хьай (чlеб.)

                                          дари – дарай (чlеб.)

 

       ж) - w - гlелдалар: доwза – дойза (шот.)

                                          соьwци – сойци (шот.)

 

Нохчийн меттан дифтонгаш.

Нохчийн маттахь 30 сов мукъа аьзнаш ду аьлла билгалдоккху lилманчаша. Ткъа и дерриге аьзнаш 5 хьаьрк гlоьнца кхоллалуш ду: а, и, э, у, о.

       Цхьадолу аьзнаш и хьаьркаш цхьаьналеларца кхоллало: иэ, уо, оа.

Уьш ду аларца чолхе артикуляци а йолуш мукъа аьзнаш, царех дифтонгаш олу. Дифтонгийн масала нохчийн маттахь кхоччуш цхьа хьежам болуш дац. Нохчийн меттан бакъйолу дифтонгаш аьлла билгалйоху хlорш ю: иэ, иэ, иэн, иэн, уо, уо, уон, уон, уоь, уоь, уоьн, оа.

       Дифтонгаш а, монофтонгаш санна, хуьлу еха а, йоца а, юьхьанцара а, шозлаг l а а, ц l ена а, меран а, балдийн а, балдийн йоцуш а, к l еда а, ч l ог l а а. Ткъа готта дифтонгаш яц, ерриге а дифтонгаш шуьйра ю аьлла билгалйоху lилманчаша.

       Дифтонгаш транскрипцехь бен язъеш яц, ткъа орфографехь дифтонгийн хlоттамера шолгlа аз бен яз ца до: туоха – тоха, лиэла – лела;

Ткъа оа дифтонган хlоттамера хьалхара о яздо орфографехь: доакхкхан – доккху.

Нохчийн меттан монофтонгаш.

 


Поделиться с друзьями:

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.008 с.