Нохчийн меттан шала элпашца билгалдоху мукъаза аьзнаш. Церан башхаллаш а, дистрибуци а. — КиберПедия 

Кормораздатчик мобильный электрифицированный: схема и процесс работы устройства...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Нохчийн меттан шала элпашца билгалдоху мукъаза аьзнаш. Церан башхаллаш а, дистрибуци а.

2019-08-07 561
Нохчийн меттан шала элпашца билгалдоху мукъаза аьзнаш. Церан башхаллаш а, дистрибуци а. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Нохчийн маттахь шала элпашца билгалдохуш мукъаза аьзнаш ду. Уьш шина тайпана хуьлу:

1) Мукъазчу аьзнийн юьззина ассимиляци кхочушхилар бахьанехь дешан маьlна чlагlдеш аз шаладала тарло. Масала: вада – ве дд а, ала – а лл алц. Цу мукъазчу аьзнех мукъазчу аьзнийн комплексаш олу, хlунда аьлча, цу чу догlуш долу мукъаза аьзнаш цхьана фонетически процессах доьзна ду (Тимаевс царех схьадевлла шозлагlа мукъазнаш олу).

2) Дешнийн юьхьанцарчу форманашкахь лардехь карадо шала аз. Масала: ла лл а, во кхкх а. Царех онда интенсивни геминированни мукъаза аьзнаш олу (Тимаевс царех схьадовлаза юьхьанцара мукъаза аьзнаш олу).

Цхьацболчу lилманчаша и шина а тайпана мукъаза аьзнаш цхьабосса классифицировать до. Амма иза нийса дац.

Дуьххьара геминированни мукъазчу аьзнийн хаттарш теллинарг ву гуьржийн академик Чрелашвили. Цо билгалдаьхна нохчийн маттера хlара интенсивни мукъаза аьзнаш: пп, дд, хх, гг, нн, кк, кхкх, къкъ, лл, рр, сс, тт, мм, цц, чч.

Магомедовс а, Саламовас а теллина и хаттар.

Лааме аьзнийн единицаш – фонемаш – лара мегар ду дешнийн юьхьанцарчу форманашкахь лардехь карош ерш, йозанехь уьш билгалдоху шала элпашца. Иштта аьзнийн единицаш екъа йиш яц морфологически. Церан кхиаран некъ боьзна бац церан позицица.

Онда аьзнаш гlийлачарах къаьста шаьш кхоллалучу заманахь хан алсам эшарца, къамелан меженаш буламе хиларца. Онда интенсивни аьзнаш дашна юкъахь лела, дешнийн чаккхенгахь гlийланиг санна реализоваться до. Масала: татта, дитт.

тт, лл, сс, кхкх доцурш фонематически дуьхь-дуьхьал ца хlуьтту гlийлачаьрца (дита-дитта, диэла-диэлла, диса-дисса).

 

Юьхьанцара мукъа аьзнаш.

Шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало: юьхьанцара (схьадовлаза), шозлагlа (схьадевлла).

Юьхьанцара, схьадовлаза мукъа аьзнаш, цхьацболчу lилманчаша коьрта аьзнаш а олу царех. Церан кхолладаларан некъ таханлерачу муьрехь билгалбаккха таро яц. Уьш лела дешнийн юьхьанцарчу кепийн лардашкахь. Дешнийн юьхьанцара форманаш ларало: цlердешнийн, билгалдешнийн Цlерниг дожар, цхьаллин терахь; хандешнийн билгалза кеп (инфинитив). Иштта аьлла чlагlдича а нийса хир дац, хlунда аьлча маттахь карадо масалш, юьхьанцарчу форманашкахь а долуш, амма лардехь исторически хийцаделла аз а долуш. Юьхьанцара мукъа аьзнаш хlорш ду: и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо, а, а, а.

 

  могlа хьалхара юккъера тlехьара

 

айам

лакхара и, и   у, у
юккъера иэ, иэ   уо, уо
лахара   а, а, а  

 

Схьадевлла мукъа аьзнаш.

Шайн кхолладаларе, схьадаларе хьаьжжина мукъа аьзнаш йоккхачу шина тобане декъало: юьхьанцара (схьадовлаза), шозлагlа (схьадевлла).

Шозлагlа, схьадевлла мукъа аьзнаш. Церан кхолладаларан некъ билгалбаккха таро ю. Уьш кхоллало юьхьанцарчу аьзнех, ассимиляцин процесс кхочушхиларца. Шозлагlа аьзнаш хlорш ду: уь, уь, э, э, аь, уоь, уоь, о, о, оа

 

  могlа хьалхара юккъера тlехьара

 

айам

лакхара   уь, уь  
юккъера э, э, аь уоь, уоь о, о, оа
лахара      

 

 


Поделиться с друзьями:

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...

Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.008 с.