Мукъачу аьзнийн ассимиляцин процесс. — КиберПедия 

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Мукъачу аьзнийн ассимиляцин процесс.

2019-08-07 193
Мукъачу аьзнийн ассимиляцин процесс. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Мукъачу аьзнийн ассимиляцин процесс (аьзнийн вовшахъэр) хlинцалерачу нохчийн литературни маттахь шуьйра яьржина процесс ю. Цо гlо до дешнийн юьхьанцарчу форманийн лардашкара мукъачу аьзнашна чолхе дала. Фонетически хиламех къаьсттина меттиг дlалоцуш а, доккха маьlна долуш а ю ассимиляци.

Ассимиляцин коьрта некъаш билгал а даьхна, юкъара сурт хlоттинарг ву филологически lилманийн доктор Д.С. Имнайшвили.

Ассимиляцин процесс аьзнаш вовшах тардаларца йоьзна ю. Цуьнан хlара тайпанаш хуьлу:

1) юьззина, юьззина йоцу

2) контактни, дистанционни

3) прогрессивни, регрессивни

Дешнашкахь орамехь долчу мукъачу аьзнашна хуьлуш болчу хийцамашка хьаьжжина, ассимиляци хlокху тайпана хуьлу: к l аддалар, горгдалар, гатдалар, к l аддаларца гатдалар.

       V1 – дешан хьалхара дешдакъа – цу чохь лела тарло хlара юьхьанцара мукъа аьзнаш: а, а, а, и, и, иэ, иэ, у, у, уо, уо.

       V2 – дешан шолгlа дешдакъа – цу чохь лела тарло хlара мукъа аьзнаш: и, ин, э, эн, у, ун (Тимаевс о, он леладо).

       V2 бахьанехь хийцало V1. V1 чуьра мукъа аьзнаш кlаддала а, горгдала а, гатдала а, кlаддаларца гатдала а тарло. V2 чуьра мукъа аьзнаш V1 чуьрнаш хийца а хуьйций, шаьш, гlеллуш, хlокху мукъа аьзнашка дерза тарло: а, ан

       V1 чуьра мукъа аьзнаш иштта хийцало:

а) а, а, а кlадло, нагахь санна V2и, ин, э, эн

а, а, а горгло, нагахь санна V2у, ун (о, он)

б) и, и, иэ, иэ горгло, нагахь санна V2у, ун

в) у, у, уо, уо кlадло, нагахь санна V2и, ин, э, эн

г) иэ, иэ гатло, нагахь санна V2и, ин

уо, уо, гатло, нагахь санна V2у, ун

д) уо кlад а, гат а ло, нагахь санна V2и, ин

       V2 чуьра мукъачу аьзнаша хlокху кепара lаткъам бо:

а) и, ин, э, эн – V1 чуьра аьзнаш к l аддо

б) у, ун – V1 чуьра аьзнаш горгдо

в) и, ин, у, ун – V1 чуьра аьзнаш гатдо

г) и, ин – V1 чуьра аьзнаш к l ад а, гат а до.

3. V 2 – чохь лела тарлуш долу мукъа аьзнаш, церан l аткъам.

V2 – дешан шолгlа дешдакъа ду – цу чохь лела тарло хlара шозлагlа мукъа аьзнаш: и, ин, э, эн, у, ун (Тимаевс о, он леладо).

V2 бахьанехь хийцало V1.  V1 чуьра мукъа аьзнаш кlаддала а, горгдала а, гатдала а, кlаддаларца гатдала а тарло. V2 чуьра мукъа аьзнаш V1 чуьрнаш хийца а хуьйций, шаьш, гlеллуш, хlокху мукъа аьзнашка дерза тарло: а, ан.

V2 чуьра мукъачу аьзнаша хlокху кепара lаткъам бо:

а) и, ин, э, эн – V1 чуьра аьзнаш к l аддо

б) у, ун – V1 чуьра аьзнаш горгдо

в) и, ин, у, ун – V1 чуьра аьзнаш гатдо

г) и, ин – V1 чуьра аьзнаш к l ад а, гат а до.

Мукъачу аьзнийн горгдалар.

Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь ду аларца балдийн доцу, горгдала таро йолуш мукъа аьзнаш: а, а, а, и, и, иэ, иэ. Нагахь санна цхьа билггала грамматически форма кхуллуш V2-чу у, ун хlоттахь, V1-чуьра а, а, а, и, и, иэ, иэ горгдала таро йолуш ду. V2-чуьра у, ун шаьш а гlеллуш, цlена а, меран а шеконан гlийлачу а -не доьрзу (а, ан).

V1-чуьра мукъа аьзнаш иштта хийцало:

а > о     вадан – вода (< вад – у)

а > оа    дакхкхан – доакхкха (< дакхкх – у), нагахь санна дешдакъа деллалахь -

а > a > o     лам – ломан (< лам - ун)

а > о     алан – ола (< ал – у), нагахь санна дешдакъа къовлалахь -

а > о алан – оллушехь

и > уь    вижан – вуьжа (< виж – у)

и > уь   дицан – дуьца (< диц – у)

иэ > уоь диэлхан – дуоьлха (< диэлх – у) 

иэ > уоь диэшан – дуоьша (< диэш – у), нагахь санна дешдакъа къовлалахь –

иэ > уоь     диэшан - дуоьшшушиэхь

 

И тайпа хийцамаш дешнийн хlара форманаш кхуллуш кхочушхуьлу:

1) цхьацдолчу хандешнийн карара хан кхуллуш, аффикс – у:

масала, вижан – вуьжа (< виж – у)

 

2) цхьацдолчу цlердешнийн Дл.дожаран форма кхуллуш, аффикс – ун:

масала, Цl.д. къам

           Дл.д къоман (< къам – ун)

 

3) цхьацдолчу цlердешнашкахь а, билгалдешнашкахь а исторически кхочушхилла яьлла процесс, аффикс – у, ун

масала, къоран (< къар – у) къарвелла

           готтан (< гатт – у) гатделла

          буоьхан (< биэх – ун) биэхъелла

     вота (< ват – у) ватанча

 

4) цхьацдолчу дегlаза цlердешнаш кхуллуш а кхочушхуьлу горгдаларан процесс, аффикс – улла:

масала, стаг – стогалла (< стаг – улла)

 

 


Поделиться с друзьями:

Автоматическое растормаживание колес: Тормозные устройства колес предназначены для уменьше­ния длины пробега и улучшения маневрирования ВС при...

Типы оградительных сооружений в морском порту: По расположению оградительных сооружений в плане различают волноломы, обе оконечности...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.015 с.