Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш (25 сахьт) — КиберПедия 

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Состав сооружений: решетки и песколовки: Решетки – это первое устройство в схеме очистных сооружений. Они представляют...

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш (25 сахьт)

2019-09-17 731
Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш (25 сахьт) 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Адам ларар (2 сахьт)

 

Адам Дала шен векал дина дуьненчу даийтина хилар.

Адаман дахаран мах. Нохчийн Iадатехь муха хилла иза? Барта кхоллараллехь муха дуьйцу адаман дозаллех?

Бусалба дино адаман дахаран мах билгалбар. Бехке воцуш стаг вийча, стагана хуьлуш долу къа.

Нохчийн Iадатехь стагаца болу лерам бохийначу нахана деш хилла таIзар.

Масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Сий (2 сахьт)

«Сий» бохучу кхетаман маьIна. Цу дашехь шина кхетаман – «са», «цIий» – маьIна хилар. Сий долу стаг а, сий доцу стаг а. Царна юкъара башхалла.

Сий – стеган дайша дина дика гIуллакхаш а, и бахьанехь нахалахь церан йисина цIе а. Сий – стеган дикачу гIуллакхийн жамI а, цундела юьхькIай дIалела йиш хилар а.

Фольклорера, дахарера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Маршо (2 сахьт)

 

Стеган маршо – нохчийн къоман философехь уггаре а коьртачу мехаллех цхьаъ. Хьеше я дуьхьал кхеттачу нахе вистхуьлучу стага олу дешнаш, церан кIорггера маьIна.

Стеган маршо – ша санна, шена уллорниг а маьрша вуйла хаар. «Юьззина» маршо хила йиш цахилар. «Маршо» кхетаман философски а, исторически а, психологически а чулацам.

Дахарера, литературера, фольклорера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Собар (3 сахьт)

 

Собар – вайн къомо уггаре а чIогIа лоруш хиллачу гIиллакхех цхьаъ. «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина», – бохучу кицанан маьIна.

Собар – иза хиллачух нийса кхета а, сихаллехь зулам ца деш сацавала а собар дар ду.

Собаран барам. Къонахчун собар, Эвлаяан собар. Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин иман а, собар а.

Масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Майралла (1 сахьт)

 

Майралла – кхидIа собар дан йиш ца хилча гучуяккха еза амал. Майралла а, сонталла а. Цу шинна юккъера башхалла. Сонталла – ойла ца еш, дов даккха, зулам дан кийча хилар.

Майралла – нийсо меттахIотто, оьздангалла ларъян оьшург дан кийча хилар.

Фольклорера, дахарера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

Яхь (3 сахьт)

 

Яхь – иза вайнехан шатайпанчу гIиллакхех цхьаъ. Яхь – дикачу гIуллакхаш тIехь кхечул оьшуш ца хила гIерташ, гуттар а къийсаман хьолехь хилар.

Оьзда яхь а, харц яхь а. Цу шинна юккъера башхаллаш.

ХьагI – хIуъа дина а, харцо лелийна а, кхечул тола гIертар; цунна дика болх хилча халахетар, вуон болх хилча дика хетар. ХьагI – иза даккхийчарах къа. «ХьогIо шун Iамалаш ягайо, чIогIачу малхо буц санна», – бохучу хьадисан философски маьIна.

«Яхь», «хьагI» боху кхетамаш дуьхь-дуьхьал маьIна долуш хилар. Делахь а церан юкъарниг, вовшашка тераниг – стаг къовсаман хьолехь хилар. ХIора стаг, шен яхь хьогIе ца йоьрзуьйтуш, ларвала везаш хилар. Ша яхь лелайо а моьттуш, стага хьагI лелоран масалш. Шен лаамера дIа а ваьлла, стаг шайтIанан лааме верзар.

Бусалба дин тIеэцале йохьо нохчийн юкъараллехь лелийна маьIна. Исламо магочу кепара яхь лелор а, цхьаьнцца а къовсавелла а воцуш, Делан дуьхьа дика гIуллакхаш дан кийча хилар а.

Дахарера, литературера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Къинхетам (2 сахьт)

 

Къинхетам – оьздачу стеган коьртачу билгалонех цхьаъ. Адамашца а, Iаламца а къинхетаме хилар – хIора стеган сийлахь декхар.

Къизалла – оьздачу стагехь хила йиш йоцу сакхат. Вайн оьзда дай къинхетаме хиларан масал. Эшначу стагаца, и мостагI велахь а, къиза хилар – осалалла.

Уггаре а къинхетам хила йиш яц аьлла хетачу меттехь – девнехь а, – хадо йиш йоцуш, вайн дайша къинхетаман доза лардина хилар. «Шаьлта Iуттур яц къотIалгIа вина воцчу стага», – бохучу аларан маьIна.

Къинхетамах лаьцна Дала Къуръан чохь аьлларг.

Къинхетам гучубаларан дахарера а, литературера а, фольклорера а масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Комаьршалла (2 сахьт)

 

И синмехалла къинхетамца йоьзна хилар. «Комаьрша» бохучу дешан маьIна. Бакъйолу комаьршалла а, цIархазаман, моттаргIин комаьршалла а.

СагIийна хIума ялар – комаьршаллин билгало. ЦIенчу сагIин деза хилар. Ша делла сагIа, дина дика дийца йиш цахилар. Иза дийцар – шена Делехьара хила тарло ял а ца гуш, нахе цIе яккхийта гIертар.

Хьаша тIеэцарехь, цунна шун хIотторехь комаьршалла гучуялар. «Ахь дIадиллинарг дайна, ахь дIаделларг Iалашдина», – бохучу халкъан аларан философски маьIна.

Комаьршалла а, кхоаме хилар а, бIаьрмецигалла а. Царна юккъера башхаллаш. Халкъалахь цIеяххана комаьрша нах а, церан оьздангаллин сурт-сибат а.

Дахарера, фольклорера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

ДоттагIалла (2 сахьт)

 

Нохчийн халкъалахь доттагIа лацаран гIиллакхан башхаллаш. «Дуй биъна доттагIа» боху кхетам а, цуьнан оьздангаллин чулацам а. ДоттагIалла – цIийца доцу, амма шен жоьпаллица цул а чIогIа долу гергарло. Иза сингергарло ду, шина стеган дуьнене хьежамаш, ойланаш, гIиллакхаш цхьаьна дар.

Кхечу къаьмнех стагаца доттагIалла лацаран гIиллакх.

«Ваша а гергара стаг вац, нагахь хьан цуьнца доттагIалла дацахь», – бохучу халкъан аларан философски маьIна.

Дахарера, литературера, фольклорера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

Тешам (1 сахьт)

 

Тешам – доттагIаллехь а, кхин тайпа муьлхха а юкъаметтигаш лелорехь а уггаре хьалха оьшу синмехалла.

«Ма лойла вай, кIентий, вовшех тешам ва байна», – бохучу аларан философски маьIна. Нохчийн иллешкахь даладо чIогIачу тешаман масалш («Жерочун кIентан илли», «ГIебартойн Курсолтин илли», кхидерш).

Тешнабехк – стагаца хуьлучу уггаре а даккхийчарах сакхат а, къа а. Тешнабехк бекхам боцуш буьсуш цахилар. И тIечIагIдеш долу фольклорера масалш. «Тешнабехк гIолда-кха тешнабехк лелочу нахах», – боху халкъан сардам а, цуьнан маьIна а.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

Дош лардар (1 сахьт)

 

Дош лардар тешамца доьзна хилар. Дош нохчийн кхетамехь, багахь дIаолу аьзнаш хилла ца Iаш, «гIуллакх» бохучу маьIнехь а хилар. «Дош дац цо лелориг», – бохучу аларан маьIна.

Дешан ницкъ. «Хазчу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина», «Хазчу дашо шан лома тIехь хорбаз караяйтина», «Туьро йина чов йирзина, дашо йина чов йирзина яц», – бохучу кицанийн философски маьIна.

Дош а, дуй а. «Дош ца лардечо, дуй а ларбийр бац», – бохучу халкъан аларан маьIна. «Дош дохар – дуьне дохар», – бохучу аларан философски маьIна.

Дахарера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Декхар. Иэхь. Бехк (1 сахьт)

 

Стагана шена тIехь доьзална, лулахошна, юьртахошна, халкъана хьалха декхар дуйла хаар – оьздангаллин билгало. И декхарш довзар а, уьш кхочушдан гIертар а – стеган иэхь-бехк хилар. Шен оьздангаллин декхарш кхочуш ца дечу стагана тIе иэхь-бехк догIуш хилар а, наха цунна бехк буьллуш хилар а.

Дахарера, литературера, фольклорера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Къонах (3 сахьт)

 

Къонах – вай лакхахь мел йийцина синмехаллаш шеца йолу стаг. Къонах бохучу дешан маьIна. Къонах – иза халкъо кхоьллина, стаг муха хила веза бохучу хаттарна жоп луш, массо а хIума меттахь долчу адаман васт.

Къонах боху кхетам хан-заманца хийцалуш хилар. Нохчийн цхьадолу иллеш талларца иза билгалдолуш хилар – «Эла Хасин илли», «Баьчча Балун илли», «Зайтан Шихмирзин илли», «Адин Сурхон, эла Мусостан илли».

Къонахчун васт кхуллуш нохчийн яздархоша язйина произведенеш. Дикаев Мохьмадан «Нохчо ву со», Сулейманов Ахьмадан «Шуьнехь дош» («Къонаха мила ву?..») бохучу стихотворенийн маьIна дар, цу произведенешкахь кхоьллина къонахийн васташ.

«Дуьнен чохь уггар а хала къонах хилар ду, цул а хала – къонах а хилла, чекхвалар», – бохучу халкъан аларан философски маьIна. Таймин Бийболата халкъалахь шен «къонах» аьлла цIе дIаяхарх лаьцна аьлларг а, цуьнан оьздангаллин маьIна а.

Нохчийчохь баьхна эвлаяаш – бакъболу къонахий.

Дахарера масалш.

Кхета хала долчу дешнийн а, аларийн а маьIна дар.

 

Х1ара дакъа 1амийнчул т1аьхьа дешархо хаа декхар ву:

– нохчийн оьздангаллин коьрта мехаллаш муьлханаш ю а, церан маь1на а;

– «къонаха» бохучу дешан маь1на а, къонахчуьнгахь хила еза коьрта амалш х1ун ю а.

 

Дешархочун оцу декъехь долу шен хаарш кхинд1а а т1едуза йиш ю, нохчийн халкъан иллеш а, вайн эвлаяийн, дикчу нехан, турпалхойн дахарх болу хаамаш а боьшуш.

II дакъа


Поделиться с друзьями:

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Семя – орган полового размножения и расселения растений: наружи у семян имеется плотный покров – кожура...

История развития хранилищ для нефти: Первые склады нефти появились в XVII веке. Они представляли собой землянные ямы-амбара глубиной 4…5 м...

Двойное оплодотворение у цветковых растений: Оплодотворение - это процесс слияния мужской и женской половых клеток с образованием зиготы...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.016 с.