Довзийтаран кехат                                                                                        — КиберПедия 

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Довзийтаран кехат                                                                                       

2019-09-17 377
Довзийтаран кехат                                                                                        0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Довзийтаран кехат                                                                                       

« Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»  цIе йолу дисциплина ишколашкахь Iамо юкъаяккхар чIогIа мехала гIуллакх ду. ХIунда аьлча, муьлххачу а къоман коьрта билгало а, кхечу къаьмнех и схьакъастош Дала цунна делла совгIат а ду цу халкъан мотт а, гIиллакхаш а. Шен халкъан и коьрта билгалонаш йицйина адамаш, шайн цIийца схьадовлар мухха делахь а, цу къомах лара йиш яц.

ТIаьххьарчу шерашкахь вайн махкахь хуьлу бохамаш а, зуламаш а бахьанехь, нохчийн мотт а, литература а, гIиллакх-оьздангалла а ишколашкахь Iамор чIогIа гIелделлера, данне а дацара ала а мегар долуш. Къаьсттина ледара хьал ду гIиллакх-оьздангалла хьехарехь. ХIунда аьлча, ишколашкахь а, дешаран лаккхарчу заведенешкахь а юкъаялийна дикка хан елахь а, цу предметана лерина я программаш а, я Iаматаш а яц. И бахьанехь хьехархоша шайн урокашкахь юкъара къамелаш деш, «хан йойу». Цундела оцу дарсех (урокех), оцу «хьехамех» дешархошна хуьлу тIеIаткъам Iаламат кIезиг бу.

Ткъа «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолу предмет хьоьхуш билггала дийца хIума хила деза хьехархочун, билггала долу масалш а далош. И масалш фольклорера, литературера хилла ца Iаш, дахарера а хилча бакъахьа хир ду. Иштта бен кхочур вац хьехархо шен Iалашоне – вайнехан оьзда гIиллакхаш берашна довзийтина ца Iаш, цаьргахь уьш хIора дийнахь лело хьашт кхолларе а.

Цу тIехь мелла а гIо дийр ду аьлла хета оха арахоьцучу «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» предметана хIиттийначу программаша.

ХIара программаш хIиттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха тIехь.

 

Класс

I дакъа

Хьо дуьненчу веана (8 сахьт)

ХIара дерриге а дуьне – адам а, Iалам а – кхоьллинарг Дела хилар. Стигал, седарчий, латта, хиш, хIордаш, лаьмнаш – Дала кхоьллина инзаре-даккхий тамашийна ниIматаш.

Далла хастам бар. Iуьйре муха тIеэца еза? Суьйре муха тIеэца еза? Iуьйранна а, суьйранна а ала деза дешнаш.

Хьо нохчо а, хьан Даймохк Нохчийчоь а хилар. Нохчийн мотт а, гIиллакхаш а Дала хьуна делла совгIаташ хилар а, уьш Iалашдан дезар а.

ХIора стага шен ойла а, дегI а цIена латто дезар. Ламаз дар.

Туьха, сискал, хи. Уьш вайнахана деза хетар. ХIума яа кечам бар. Яа волалуш олу дешнаш. ХIума юуш лело деза гIиллакхаш. Кхача биъна ваьлча олу дешнаш. Юучу хIуманан хама бар. «Ягийна хIума йиъча, майра хуьлу», – бохучу дешнийн маьIна.

Керла дешнаш.

Талламан хаттарш а, тIедахкарш а.

 

Х1ара дакъа 1амийча дешархочунна хаа декхар ду:

– х1ара дерриге х1ума – Адам а, 1алам а – кхоьллинарг Дела хилар а, цунна хастам бан безар а;

– Дала хастамбарца 1уьйре, суьйре т1е муха эца еза а;

– Нохчийн мохк бовзар а, безар а, Нохчийн мотт хаар а, 1алашбар а шена т1ехь дуйла;

– ялтица лераме а, х1ума яаран г1иллакхаш девзаш а хила.

 

Дешархочун таро хир ю кхид1а а х1окху декъехула шен хаарш к1аргдан, нохчийн литературина, фольклорана т1е а тийжаш, баккхийчаьргара зеделларг схьа а оьцуш.

 

II дакъа

Хьо адамашна юкъахь веха (9 сахьт)

 

Да, нана, къам, мохк, ахь айхьа къастам бан йиш йоцуш, хьо дуьненчу воллушехь Дала билгалдина хилар. Деца-ненаца болу лерам. Вежаршций, йижаршций йолу хьан юкъаметтигаш.

Баккхий нах ларар. Церан хан дика яр. Некъ битар. ГIо дар. Новкъа воьдуш воккхачунна муьлхачу агIор хIотта веза хаар.

«Дешар – серло, цадешар – бода». Оцу кицанан маьIна. Дешначу стагана дахарехь нийса некъ харжа а, дика гIуллакхаш дан а атта хилар. «Китай махка гIой а, Iилма Iамаде», – бохучу хьадисан маьIна.

Нахе, цара дечу гIуллакхашка хьаьжжина, вистхилар. Латта охучу, ялта дIадуьйчу, асар дечу, дечиг доккхучу, хIума юучу, Далла Iамал йина ваьллачу, цхьанхьа ваха новкъа ваьллачу, иштта кхитайпа а гIуллакхаш дечу нахе олу дешнаш.

Хьаша тIеэцар а, цуьнга салам-маршалла хаттар а.

Керла дешнаш.

Талламан хаттарш а, тIедахкарш а.

 

Х1ара дакъа 1амийча дешархочунна хаа декхар ду:

– доьзалехь ша лелон деза г1иллакхаш;

– бакхий нах муха лара беза;

– дешар, 1илма 1амор дахарехь ч1ог1а оьшуш хилар;

– нахе, цара дечу г1уллакхе хьаьжжина, вист муха хила веза;

– хьаша муха лара веза;

 

Дешархочун аьтту хир бу кхинд1а а оцу декъехула шен хаарш т1едуза, баккхийчех дагавуьйлуш а, литературах, фольклорах пайдаоьцуш а.

 

III дакъа

Хьо Iаламехь веха (8 сахьт)

Адам Дала Iаламан дола дан векал дар. Iалам лардар – оьздангаллин билгало.

Шовданаш, Iаьмнаш, ахкаш бехдан а, хи эрна дайа а мегаш цахилар. Синтарш, дитташ, хьайн доккха хьашт ца хилча, охьатоха а, хадо а, кагдан а цамагар. Олхазарийн баннаш дохор, олхазарш дайар – доккха къа.

ЦIахь лелочу хьайбанийн дола дар. Хьайбанаш дузийна а, шаьш чохь латто меттигаш екъа йолуш а хила дезар.

Дуьненахь массо а хIума Дала кхоьллина а, цундела шен цхьа маьIна долуш а ю.

Накхармозийн къинхьегам – стагана масал эца оьзда гIиллакх.

Керла дешнаш.

Талламан хаттарш а, тIедахкарш а.

Х1ара дакъа 1амийнчул т1аьхьа дешархо хаа декхар ву:

– 1аламца лераме хила везар, адам Дала 1аламна дола дан векал дина дуйла;

– хьайбанашца, акхарошца, пайдехьчу сагалматашца х1ун юкъаметтигаш лелон еза.

 

Дешархочун аьтту хир бу оцу декъехула шен хаарш кхинд1а а т1едуза, тайп-тайпанчу 1илманан, исбаьхьаллин литературах пайда а оьцуш.

IV дакъа

Класс

I дакъа

III дакъа

IV дакъа

Класс

  I дакъа

Класс

I дакъа

Класс

I дакъа

Класс

I дакъа

III дакъа

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Чохь са долчу 1аламца стага лело еза юкъаметтигаш. 1    
2 Чохь са доцчу 1аламца стеган хила еза юкъаметтигаш. 1    
3 Латта лара дезар. 1    
4 Хьанала къахьегар – оьздангаллин билгало. 1    
5 Белхи – нохчийн къоман г1иллакх. 1    
6 Белхийн кхетош - кхиоран маь1на. 1    
7 Къур1ан – Делан адамашна долу т1аьххьарлера дош. 1    
8 Делан Элчанан (1.С.В.) дахар – дерриге адамашна оьздачу дахаран масал. 1    
9 Вуон – дика а исламехь къастор. 1    
10 Дохковалар а, нисвала г1ортар а- стеган декхар. 1    
11 Исламан оьздангаллин коьрта билгаллонаш. 1    
12 Шар1 а, нохчийн 1адат а. 1    
13 Шар1 – Къур1анна, Элчанна (1.С.В.) Суннин хьехамашна т1ехь х1оттийна стеган а къаьмнийн а 1ер-дахаран бакъо. 1    
14 Нохчийчохь баьхна устазаш а, церан оьздангаллех долу 1илма а. 1    
15 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

 

                                                  

 

 

    

 

 

 

 

4.Дешаран дисциплинин коьчалан план                                                             

  6 класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Ц1ахь лелон хьайбанаш а, церан дола дар а.   1    
2 Говр а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллаккхаш.   1    
3 Нохчийн х1усамехь ж1аьлин, цициган меттиг.   1    
4 Борз а, цунах лаьцна долу нохчийн халкъан дийцарш а.   1    
5 Олхазаршца йолу юкъаметтигаш нохчийн оьздангаллехь.   1    
6 Сагалматийн дахар а, царах йолчу произведенийн философски маь1на а.   1    
7 Хиш, лаьмнаш, ахкаш, лара дезар.   1    
8 Хьун а, хьунан дахар а.   1    
9 Бецаш а, царах пайдаэцар а.   1    
10 Лаьтта т1ехь хьанала къахьегар оьздачу стеган декхар.   1    
11 Нохчийн коьрта ялта: хьаьжкаш, мукх.   1    
12 Махлелоран бехкамаш бохон йиш цахилар. 1    
13 1илма 1амор. Шен хаарш дикачу х1уманна т1едерзор.   1    
14 Нохчийн къоман къинхьегамехь вовшашна г1о – накъосталла даран г1иллакхаш.   1    
15 Некъаш, шовданаш тодеш, т1айш тохкуш мах боцуш белхаш бар.   1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

 

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Адам ларар.   1    
2 Сий.   1    
3 Маршо.   1    
4 Собар.   1    
5 Майралла.   1    
6 Яхь. 1    
7 Къинхетам.   1    
8 Комаьршалла.   1    
9 Доттаг1алла. 1    
10 Тешам.   1    
11 Дош лардар.   1    
12 Декхар. Иэхь. Бехк 1    
13 Къонах. 1    
14 Адаман дег1ах кхетачу цамгаршна дарбанаш лелоран ламаст. Бецех пайда эцар.   1    
15 Чуьра яьккхинчу а, кагъйинчу меженашна дарба дар.   1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

 

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Стеган оьздангалла цо ша - шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолаялар.   1    
2 Ц1еналла - ах дин ду.   1    
3 Стеган ког баккхаран, боларан оьздангалла.   1    
4 Метан оьздангалла, къамелийн башхаллаш.   1    
5 Хьаша ларвар.   1    
6 Хьаша – да ларар.   1    
7 Хьешо лело деза г1иллакхаш.   1    
8 Диканехь лело деза г1иллакхаш.   1    
9 Тезет.   1    
10 Вуон деъначу нахаца лело деза г1иллакхаш.   1    
11 Наха олу дош а, цо нохчийн дахарехь лело маь1на а.   1    
12 Мацах хиллачух масал эцар.   1    
13 «Хьер кхайкхор» боху г1иллакх а, цо нохчийн дахарехь лелийна маь1на а.   1    
14 Ч1ир.   1    
15 Масла1ат.   1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Доьзал бохучу дешан маь1на.   1    
2 Бер дуьненчу далар а, цунна ц1е тиллар а.   1    
3 Нанас беран де 1уналла.   1    
4 Ден бераца хила еза юкъаметтигаш.   1    
5 Беранна мотт 1амарца 1амо дезарг, берийн ловзарш а, церан дагардарш а.   1    
6 Боьрша бер сунтдар.   1    
7 Ламаз 1амор.   1    
8 Стеган пхийта шо кхачар.   1    
9 Стага шен дашах, г1уллакхех, гиллакхех ша жоп дала дезар.   1    
10 Хьалха заманахь к1ант а, йо1 а бакхийчеран маг1аре х1оттар.   1    
11 К1анта шен доьзал кхолларна беш болу кечам.   1    
12 Йо1а шен хиндолчу дахарна бен кечам: г1иллакх, маха баккха, ков – керт ц1ена латто 1амор.   1    
13 Гергало таса лучу нехан бух таллар.   1    
14 Хийист а, цуьнца доьзна нохчийн г1иллакхаш а.   1    
15 Синкъерам – кегирхойн вовшийн девза меттиг.   1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Оьздангалла кхоллаялар. 1    
2 Г1иллакх ялсмани чуьра схьадеъна. 1    
3 Оьздангалла х1ора стеган шен – шен хуьлу. 1    
4 Нохчийн къоман цхьайолу оьздангаллин мехалаш дуьненан массо а къамнийн юкъара ю. 1    
5 Стеган дахар а, цуьнан оьздангаллин мах а. 1    
6 Маршо: философски а, исторически а чулацам. 1    
7 Стеган сий. Нийсо – иза оьздачу дахаран бух. 1    
8 Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла. 1    
9 Къонахалла. Майралла. Доттаг1алла. 1    
10 Собар. 1    
11 Яхь а, хьаг1 а. Масалш. 1    
12 Иэхь – бехк. Декхар. 1    
13 Хьаша т1еэцар. 1    
14 Исламехь бусулбанаш боцчу нахаца йолу юкъаметтигаш. 1    
15 Стага шен дег1аца лело деза г1иллакхаш.   1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

Класс

№ п\п теманаш сахьташ Календарни хенаш Билгалла урок елла хан
1 Чохь са долчу 1аламца стага лело еза юкъаметтигаш. 1    
2 Чохь са доцчу 1аламца стеган хила еза юкъаметтигаш. 1    
3 Латта лара дезар. 1    
4 Хьанала къахьегар – оьздангаллин билгало. 1    
5 Белхи – нохчийн къоман г1иллакх. 1    
6 Белхийн кхетош - кхиоран маь1на. 1    
7 Къур1ан – Делан адамашна долу т1аьххьарлера дош. 1    
8 Делан Элчанан (1.С.В.) дахар – дерриге адамашна оьздачу дахаран масал. 1    
9 Вуон – дика а исламехь къастор. 1    
10 Дохковалар а, нисвала г1ортар а- стеган декхар. 1    
11 Исламан оьздангаллин коьрта билгаллонаш. 1    
12 Шар1 а, нохчийн 1адат а. 1    
13 Шар1 – Къур1анна, Элчанна (1.С.В.) Суннин хьехамашна т1ехь х1оттийна стеган а къаьмнийн а 1ер-дахаран бакъо. 1    
14 Нохчийчохь баьхна устазаш а, церан оьздангаллех долу 1илма а. 1    
15 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1    
16 Резервни сахьт 1    
17 Резервни сахьт 1    

 

 «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» хьоьхучунна гIоьнна

                    Л И Т Е Р А Т У Р А

1. Абдулаев Л. Орамашший, тIемашший. ‒ Соьлжа-ГIала, 1986.

2. Абдулаев Л. Г1енех сан г1енаш. ‒ Назрань, 2002. Абдурашидов А. Йист йоцу дахар. ‒ Орга, 1992, № 4.

4. Авторханов А. Нохч-ГIалгIайн халкъ хIаллакдар. СССР-н халкъаш хIаллакдар. ‒ М., 1991. (Оьрсийн маттахь. КхидIа – Оьрс. м.).

5. Акаев В. Шайх Кунта-Хьаьжин дахар а, Iилма а. ‒ Орга, 1993, № 2.

6. Алироев И. Нахски меттанаш а, культура а. ‒ Соьлжа-ГIала, 1979. (Оьрс. м.).

7. Айдамиров А. Адамаш, кхолламаш, гIиллакхаш. – «Грозненский рабочий» газет, 1989, 10 декабрь. (Оьрс. м.).

8. Айдамиров А. Вайн амалш. ‒ «Васт» газет. 1994, май.

9. Айдамиров А. Дарц. ‒ М., 1999.

10. Айдамиров А. Еха буьйсанаш. ‒ Соьлжа-ГIала, 1973, 1990.

11. Айдамиров А. Лаьмнийн некъашкахула. - Соьлжа-ГIала, 1975.

12. Айдамиров А. Нохч-ГIалгIайчоьнан историн хронологи. ‒ Грозный, 1991. (Оьрс. м.).

13. Арсанукаев Ш. Керла де. ‒ Соьлжа-ГIала, 1980.

14. Ахмадов М. МаьркIажехь дитташ. ‒ Соьлжа-ГIала, 1989.

15. Ахмадов М. Нохчийн синкъерам. ‒ «Даймохк» газет, 1992, № 177.

16. Ахмадов М. Сатоссуш, седарчий довш. ‒ Соьлжа-ГIала, 1986.

17. Ахмадов М. Светофорах а, кхечу хIуманех а. ‒ «Даймохк» газет, 1992, № 20.

18. Ахмадов М. Б1е эзар дика г1уллакх. ‒ Назрань, 2002.

19. Ахмадов М. Собар, къинхьегам, иэхь-бехк. ‒ «Даймохк» газет, 1992, № 25.

20. Ахмадов Ш. Имам Мансур. ‒ Соьлжа-ГIала, 1991. (Оьрс. м.).

21. Бадуев С. Гулйина сочиненеш. I, II тт. ‒ Соьлжа-ГIала, 1976.

22. Байсултанов Дадаш, Байсултанов Дауд. Нохчийн-оьрсийн фразеологически дошам. ‒ Соьлжа-ГIала, 1992.

23. Бексултанов М. Мархийн кIайн гIаргIулеш. ‒ Соьлжа-ГIала, 1985.

24. Бексултанов М. Юха кхана а, селхана санна. ‒ Соьлжа-ГIала, 1988.

Довзийтаран кехат                                                                                       

« Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»  цIе йолу дисциплина ишколашкахь Iамо юкъаяккхар чIогIа мехала гIуллакх ду. ХIунда аьлча, муьлххачу а къоман коьрта билгало а, кхечу къаьмнех и схьакъастош Дала цунна делла совгIат а ду цу халкъан мотт а, гIиллакхаш а. Шен халкъан и коьрта билгалонаш йицйина адамаш, шайн цIийца схьадовлар мухха делахь а, цу къомах лара йиш яц.

ТIаьххьарчу шерашкахь вайн махкахь хуьлу бохамаш а, зуламаш а бахьанехь, нохчийн мотт а, литература а, гIиллакх-оьздангалла а ишколашкахь Iамор чIогIа гIелделлера, данне а дацара ала а мегар долуш. Къаьсттина ледара хьал ду гIиллакх-оьздангалла хьехарехь. ХIунда аьлча, ишколашкахь а, дешаран лаккхарчу заведенешкахь а юкъаялийна дикка хан елахь а, цу предметана лерина я программаш а, я Iаматаш а яц. И бахьанехь хьехархоша шайн урокашкахь юкъара къамелаш деш, «хан йойу». Цундела оцу дарсех (урокех), оцу «хьехамех» дешархошна хуьлу тIеIаткъам Iаламат кIезиг бу.

Ткъа «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолу предмет хьоьхуш билггала дийца хIума хила деза хьехархочун, билггала долу масалш а далош. И масалш фольклорера, литературера хилла ца Iаш, дахарера а хилча бакъахьа хир ду. Иштта бен кхочур вац хьехархо шен Iалашоне – вайнехан оьзда гIиллакхаш берашна довзийтина ца Iаш, цаьргахь уьш хIора дийнахь лело хьашт кхолларе а.

Цу тIехь мелла а гIо дийр ду аьлла хета оха арахоьцучу «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» предметана хIиттийначу программаша.

ХIара программаш хIиттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха тIехь.

 


Поделиться с друзьями:

Папиллярные узоры пальцев рук - маркер спортивных способностей: дерматоглифические признаки формируются на 3-5 месяце беременности, не изменяются в течение жизни...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Биохимия спиртового брожения: Основу технологии получения пива составляет спиртовое брожение, - при котором сахар превращается...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.05 с.