Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар. — КиберПедия 

Эмиссия газов от очистных сооружений канализации: В последние годы внимание мирового сообщества сосредоточено на экологических проблемах...

Организация стока поверхностных вод: Наибольшее количество влаги на земном шаре испаряется с поверхности морей и океанов (88‰)...

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар.

2017-06-12 2054
Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар. 4.67 из 5.00 3 оценки
Заказать работу

1алашо: Муьлха меже хуьлий лела ц1ерметдош предложенехь,

тайпанашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙФронтальни хеттарш

-Ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?

-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?

-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

ΙV.1амийнарг карладаккхар.

Со,иза,тхоьга,суна,х1орш,уьш,и,кхузара,вайша,вайн,ваьш,со-суо,хьуо,ша,хьох.

-Ц1ерметдешнийн тайпанашка а доькъуш д1аязъде ц1ерметдешнаш.

-Дийца муьлхачу дожарехь лаьтташ ду ц1ерметдешнаш.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш масалш
  Яххьийн:1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь Со,тхо,вай,вайша,тхойша Хьо,шу,шуьшшиъ И,иза,уьш,уьзаш
  Дерзоран: 1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь Суо,со-суо,тхо-тхаьш,вай-ваьш, Хьуо,хьо-хьуо,шу-шаьш И-ша,уьш-шаьш
  Дерзоран-доладерзоран: 1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь Сан,тхан,вайн Хьан,шун Цуьнан,церан
  Гайтаран Х1ара,иза,д1ора,цигара.  
  Къастаман х1арра,изза,оццул,х1оккхул,муьлхха а,милла а.
  Къастамза Хьнех,минех,цхьаверг,цхьаццаверг
  Дацаран Х1умма а,цхьа а,адам а.
  Хаттаран Мел?маса?х1ун? мила?
  Юкъаметтигаллин Х1ун,мила,хьенан

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 265-г1а шардар.

Мила ву яздина ваьлларг?Мила ву боданашкахь верг ца гора.Х1ун боху ахь нана?Нанас х1ун боху ца хаьара.Х1ун боху ахь?Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш?Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?

Оценкаш д1айохку.

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 262-г1а шардар.Шина-кхаа ц1ерметдашна бе морфологически къастам

Г1а урок.

Урокан ц1е:Хандош а,цуьнан маь1на а.

1алашо:. Хандош билгалдаккха деза къамелан дакъа хиларе терра.

Цо х1ун гойту а,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а хаа деза.

Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лелий хаар.

 

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу ц1ердош?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Терахьдош стенах олу?

-Стенах олу ц1ерметдош?

2.Дешнийн диктант.

Ц1ен къолам,ц1ийина шура,сийна папка,б1аьста сенъелира,хьалххе 1аржъелла,можа г1аш,гуьйранна мажделла,ч1ог1а к1айина,к1айн аренаш,1аьржа латта.

-Х1окху цхьаьнакхетаршна юкъара цхьа орам болу дешнаш муьлхха къамелан дакъош ду.Билгалдаха уьш,дешнийн цхьаьнакхетаршна толлам а беш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1.Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъахь хандош олу.Цо жопЛОх1ун до?х1ун дан?х1ун хила? Х1ун хуьлу?бохучу а,хенашца хийцадаларца царех схаьдевллачу а хаттаршна. Х1ун дан? яздан,деша,хьажа. Х1ун до? яздо,доьшу,хьожу. Х1ун хила? шелъяла.йохъяла. Х1ун хуьлу? шелло,йохло.

2.Х1окху предложенеш юкъра хандешнашна буха сиз хьакха.

Бераш дахара ц1азамаш даха эвлан йисте.Цаьрца Казбек вара.Ц1азамаш карадора берашна. Ц1еххьана кхоьлира.

-Хандешнашна буха сиз хьакха.Хаттаршх1иттаде.

-Аларан 1алашоне хьаьжжина,муьлха предложенеш ю уьш?

-Хандешнашна хаттарш х1иттаде.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 272-г1а шардар.

Цхьана предложенина бе синтаксически къастам.

2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 273-г1а шардар.

V.Жам1 дар.

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 42-г1а§

2.Кхочушде 275-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешан билгалза кеп.

1алашо:. Хаа деза,хандешан билгалза кеп-иза юьхьанцарчу

хандешан форма юста,цо цхьа а хан билгал ца йой а.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Кхоьру,мала,вог1у,сенло,хила,олу.лаьара,т1екхечира,йоллура,хьалхавелира,эца,кечлора,ган,ван,деша,оьцура,кечвала,хиънера,ваха,ала,хьожур ву,ида,кхехка,1аржъяла,лийхи.

-Муьлха къамелан дакъа дув ай цара?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Массо а хандешнаша билгалйой хан?Билгалза кепан хаттарш:х1ун дан?х1ун хила? эца,ваха,деша,кхехка.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Йоьшу 43-г1а§.

2.Кхочушдо 277-г1а шардар.

3.Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн масалш даладо церан чаккхенгахь н яздеш хилар билгал а доккхуш.


Поделиться с друзьями:

История развития пистолетов-пулеметов: Предпосылкой для возникновения пистолетов-пулеметов послужила давняя тенденция тяготения винтовок...

Типы оградительных сооружений в морском порту: По расположению оградительных сооружений в плане различают волноломы, обе оконечности...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Археология об основании Рима: Новые раскопки проясняют и такой острый дискуссионный вопрос, как дата самого возникновения Рима...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.011 с.