Рицкъа дина волучу. Сан оцу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара». — КиберПедия 

Особенности сооружения опор в сложных условиях: Сооружение ВЛ в районах с суровыми климатическими и тяжелыми геологическими условиями...

Своеобразие русской архитектуры: Основной материал – дерево – быстрота постройки, но недолговечность и необходимость деления...

Рицкъа дина волучу. Сан оцу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара».

2023-01-01 30
Рицкъа дина волучу. Сан оцу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара». 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

ХIара доIа даран пайда

 

«Цуьнан дIадаханачу къиношна гечдеш ду» (Абу Дауд,

 

Тирмизи, ибн Маджат; Хьафиза, Албанис дика хьадис («хьасан») лерина и).

ХIара суннаташ дерриге

 

цхьаьнатоьхча, бусалба стага ша хIума мосазза юу а лелон дезаш долу, - пхийтта (15) суннатал кIеззиг ца хуьлу. ХIорш цо дийнахь кхузза хIума юуш хилча дерш ду, хIунда аьлча дукхаха болчу нехан хIума яар кхузза хуьлу. ХIара суннаташ лелор кхин а сов девр ду - нагахь цо оцу кхузза юуучу хIуманна юккъехь дууш дайн даарш делахь.

 

ХИ МАЛАРАН СУННАТАШ

 

1. Юьххьехь, «БисмиллахIи» аьлла, Делан цIе яккхар.

2. Аьтту куьйга малар.


 

104


Пайхара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«ХIай кIант! АллахIан цIе яккха (бисмиллахIи), хьайн аьтту куьйга а яа…» (Муслим).

 

3. Хи молучу хенахь пхьегIина арахьа садаIар, цкъа мелла дIа а ца догIуьйтуш, шишша-кхоккха къурд а беш.

Анаса (АллахI реза хуьлда цунна)

аьлла:

«Пайхара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (ша муьлхха а цхьана) пхьегIичуьра хи молучу хенахь, гуттар а кхузза са чуузура, юха арахоьцура и»

(Муслим).

4. Охьа а хиъна малар.

 

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 

«Шух цхьаммо а, хIуъа хилча а, ма молийла ирахь, нагахь цхьаъ


 

105


вицлахь - (ша мелларг) охьаIеттадойла цо» (Муслим).

 

5. Хи мелла ваьлча«АлхьамдулиллахI» алар.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршоа хуьлда цунна) аьлла:

«Боккъалаъ, АллахI лайна

 

Реза хуьлу: хIума а йиъна, ша ваьлча - цо Далла хастам бича, хи а мелла, ша ваьлча - цо Далла хастам бича»

 

(Муслим).

 

Бусалба стаг ша хи мосазза молу а лелон дезаш, уьш лелорехь иза сутара хила везаш а долу хIара суннаташ – ткъаннал (20) кIезиг дац.

 

Цул сов довлуш а нисло уьш - стага мел молу йовха а, шийла а маларш дагардича, хIунда аьлча цхьаболчу наха оцу маларшна тIехь и суннаташ лардар тIаламаза дуьту. Цундела оцу тIехь тидаме хилар - декхар ду.

 

СУННАТ-ЛАМАЗАШ ЦIАХЬ ДАР


 

106


Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Бакъдолуш, парз-ламаз ца лерича, уггаре дикаха ламаз - стага шен цIахь дийриг ду» (Бухари,

 

Муслим).

 

Оцу тIедоьгIча, дийнахь а, буса а и суннат-ламазаш мосуьйттазза а деш нисло: раватиб-суннаташ, зуьхьа-ламаз, витар-ламаз. И ламазаш ша дечу хенахь цIахь дан гIерта веза стаг - шена хуьлуш йолу ял йоккха хилийта а, суннат лелийначарех хилийта а.

 

ХIара суннаташ шен цIахь даран пайда а, ял а

 

1) Доггах Далла муьтIахь хила а, цIенна негат лардан а, моттаргIанаш гена яха а бахьана ду и.

 

2) ХIусаме Делан къинхетам боссош долу а, оцу чуьра шайтIа эккхош долу а бахьана ду и.

 

3) ЦIахь дича оцу ламазан ял деба

 

- маьждигехь дича парз-ламазан ял ма деббара.


 

107


ГУЛАМ БЕРЗОШ ДОЛУ

СУННАТАШ

 

Гуламан каппарат-доIа доьшур ду:

 

«СубхьанакаллохIумма ва

 

бихьамдика, ашхIаду алла илахIа илла анта, астагIфирука ва атубу илайк».

«Я АллахI! ЦIена ву Хьо, хастам а бу Хьуна! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гечдар а доьху аса. Хьоьца тоба а до аса».

 

Ма дукха гуламаш бу-кха - дийнахь а, буса а бусалба нах цхьаьна бетталуш. Гуламаш а, цхьаьнакхетарш а дуккха а ду, царех цхьадерш хьахор ду вай:

 

1. Кхузза хIума юуш…Ткъа цхьа ашеко яц, хьайца хIума яа охьахиъначуьнца ахьа къамел дийриг хиларан.

 

108


2. Хьайн накъостех я лулахойх цхьанна дуьхьал кхетча, хьо цуьнца къамеле волу, ирахь лаьтташехь волий а.

3. Хьо хьайн накъосташца а, доттагIашца а балха тIехь волуш а я доьшучу гIантана тIехь хиъна Iаш волуш а.

4. Хьо хьайн зудчуьнца а, берашца а, вовшашца къамел а деш, охьахиъча а.

5. Хьайн зудчуьнца я

 

доттагIчуьнца… Машенахь новкъа воьдучу хенахь а.

 

6. Хьо лекцешка веъча,хьехамевеъча, дарсе веъча.

 

Хьажахь, хIай АллахIа хьо Iалаш варг! Мосазза деша йиш ю хьан и зуькар дийнахь а, буса а? Даима дIа АллахIаца уьйр а хуьлу хьан. Ткъа мосазза хастийна ахьа хьайн Дела - Цуьнца а, Цуьнан воккхаллица а, Цуьнан сийлаллица а ца догIучу хIуманех дIа а цIанвеш, «Я АллахI, ЦIена ву Хьо, хастам а бу Хьуна!» олуш?


 

109


Хьайн гуламашкахь, цхьаьнакхетаршкахь мосазза карладаьккхина ахьа дийнахь-буса хьайн Делаца тоба дар а, гечдар дехар а, «Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьца тоба а до аса» олуш?

 

Мосазза мукIарло дина ахьа Лекхачу АллахIана - кхобург-кхиориг, рицкъа латториг, Iалаш дийриг И хиларца, Шена бакъонца лолла дан йиш ерг И бен цахиларца, Цуьначух тера цIерш а, куьцаш а цхьаьнна а цахиларца, «Аса тоьшалла до, Хьо воцург, кхин дела ца хилар» олуш?

 

ТIаккха-м хьо хир вара хьуна - хьайн дехачу дийнахь а, буса а АллахI цхьаъ варний, Цуьнца тамехь доцучух И цIанварний, гечдар дехарний, хьайгара мел даьллачунна Цуьнца тоба дарний юккъехь.

 

ХIара суннаташ лелоран пайда а,

ял а

 

Оцу цхьаьнакхетаршкахь эгначу а, летийначу а къиношна гечдо и доIа дича.


 

110


Ибн ал-Къаййима аьлла:

 

«Вежаршца цхьаьнакхетар шина тайпана ду».

 

Цхьаъ: ма-дарра долучу доттагIаллина а, деккъа цхьана самукъадаккхарна а, хан яйъа а вовшахкхетар ду. Ткъа иштта долучу цхьаьнакхетаран зен алссам хуьлуш ду цуьнгарачу пайданал а. Цуьнгахь, уггаре кIеззиг а, дог талхор а, хан яйъар а ду.

 

ШоллагIа: цаьрца вовшах кхеттехь, (эхартарчу Iазапах) хьалха бовла бахьанаш лелорна тIехь вовшашна гIо дан а, нийса долучуьнца вовшашка весет дан а. Ткъа иштта долу цхьаьнакхетар - уггаре йоккхаха хIонс ю, уггаре пайдехь дерг а ду.

 

ДИКА НЕГАТ ЛАТТОР

 

Хьуна хаийла, хIай АллахIа хьо Iалаш варг! Массо а ахьа деш долу магийна долу хIума - дIавижар а, хIума яар а, рицкъа лахар а, кхидерш а - уьш


 

111


Далла муьтIахь хиларшка а, Цунна герга дахаршка а хийцадан йиш ю, уьш Iибадаташ яздайта йиш ю, стагана уьш бахьанехь эзарнашкахь диканаш яздийр долуш, бусалба стага ша уьш лелочу хенахь АллахIана муьтIахь хиларан негаат дичахьанна.

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Iамалш - негаташка

 

хьаьжжина ю. Боккъалаъ, хIора стагана - цо негат диннарг ду…»

(Бухари, Муслим).

 

Масала: бусалба стаг хьалххе дIавуьжу, Iуьйкъа-ламазна а, Iуьйра-ламазна а шен хеннахь самавалийта негат а долуш, - тIаккха цуьнан наб Iибадат хуьлу. Иштта ду кхидолу магийна долу хIуманаш а.

 

ЦХЬАНА ХЕНАХЬ МАСЕХ

IИБАТАХ ПАЙДА ЭЦАР


 

 

112


Цхьа хан масех Iибадат дан пайдехь яккхаран говзалла - шайн хенаш тIаламца ларъечарна а, Iалашъечарна а бен девзаш хIума дац и.

 

Вайн дахарера масалш:

 

1) Бусалба стаг гIаш я машенца маьждиге вахар - иштта маьждиге вахар бусалба стагана ял луш ду. Амма цуьнан таронехь ду оццу хенахь алссам АллахI хьехор я КъурIан дешар - тIаккха цхьа хан масех Iибадатна пайдехь яьккхина хуьлу иза.

 

2) Бусалба стаг, хьарамлонаш йоцучу зуда ялийначу тойне веъна, - ткъа оцу тойне вар Iибадат ду. Делахь а, ша оцу тойнехь нисваларах пайда а эцна, цуьнан аьтто бу - динан хьехамаш бан а, дуккха а АллахI хьехон а.

 

3) Зудчо шен хIусамера

 

гIуллакхаш дар – Iибадат ду (ша уьш дечу хенахь цо АллахIана муьтIахь хила негат дичахьанна). Цуьнан таронехь ду, оццу хенахь кхин а масех Iибадат а деш, и цхьа хан масех Iибадатна пайдехь


 

113


яккха. Масала: АллахI хьехор я бусалба динах лаьцна йолчу кассете ладогIар.

Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«Оха, АллахIан элчано

 

(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана гуламехь бIоьазза олуш, дагардора: «Сан Дела, суна гечде Ахьа, сан тоба къобалде Ахьа. Боккъалаъ, Хьо ву-кха – тоба къобал дийриг, къинхетам бийриг»» (Абу Дауд,Тирмизи;цIенахьадис ду аьлла Тирмизис).

 

Ойла ехьа, элчано цхьа гулам шина Iибадатна пайдехь муха хьовзийна:

 

1) Лекха волу АллахI хьехош, Цуьнга гечдар доьхуш.

 

2) Асхьабашна дин Iамош а, хьоьхуш а.

 

МАССО ХЕНАХЬ АЛЛАХI

ХЬЕХОРАН СУННАТ


 

 

114


1. АллахIхьехор-АллахIана

 

гIуллакх даран бух бу, хIунда аьлча иза - лайнан ерриге хенашкахь а, цуьнан массо хьелашкахь а ша Кхоллиначуьнца йолучу уьйран билгало ю.

 

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

 

«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даима хьехавора (Сийлахь-Веза)

 

АллахI» (Муслим).

 

АллахIаца йолу уьйр – дахар ду. Цуьнга дерзар – кIелхьарадовлар ду. Цунна герга хилар – декъалалла, И реза хилар ду. Цунна гена хилар – тилар, дакъазалла ю.

 

2. АллахI хьехор - муъма нах мунепикъех къастош йолу билгало ю, хIунда аьлча мунепикъ нехан куц - цара АллахI кIеззиг бен хьехош цахилар ду.

3. ШайтIано адам эша ца до - цо АллахI хьехор тесна, ледара дитича бен. Ткъа АллахI хьехор – яккхалур йоцу


 

115


гIала ю, шайтIанан хIилланех а, мекарлонех а адам лардеш йолу.

ШайтIанна чIогIа лууш ду - адамна АллахI хьехо дицдалар а, цо и тесна дитар а.

 

4. Дела хьехор (зуькар) - декъалаллин а, ирсан а некъ бу.

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«Уьш тешна АллахIах, дегнашна АллахI хьехорца синтем а хуьлу царна. АллахI хьехорца хуьлуш бац ткъа дегнашна синтем?»

(«ар-РаIд»: 28).

5. Даима хьехо веза АллахI,

 

хIунда аьлча ялсаманин охIла гIайгIане хир йолуш яц - дуьненахь шаьш Сийлахь-Веза Дела а ца хьехош дIаэхийтиначу хенашна а бен.

 

Даима Дела хьехор бохург - вуьшта аьлча: даима Делаца йолу уьйр ю и.

 

Нававис аьлла:


 

 

116


«Iеламнехан сацам бу зуькар дан мегаш хиларна тIехь – дагца, маттаца».

 

Ламаз керахь доцучунна а, лийчар тIедоьжначунна а, бер диначул тIаьхьа цIанлуш йолучунна а - царна мегаш ду: «субхьаналлахI» аьлла, тасбихь дар, «алхьамду лиллахI» аьлла, Далла хастам бар, «АллахIу акбар» аьлла, акбар алар, «ла илахIа иллаллахIу» аьлла, шахIадат далор, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават диллар, доIа дар, амма КъурIан деша ца мега. Ламаз керахь доцучунна КъурIан дешар мегаш ду - дагахь доьшуш хилчахьанна, КъурIанах куьг а ца Iуттуш.

 

6. Дела хьехош верг-Дала ахьехор ву.

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

 

«Со хьахаве - Аса шу а хьахор ду. Шукаре хила Суна‚ баркаллаза а ма хила Суна» («Бакъарат»: 152).

 

Муьлхха а цхьана адамна, паччахьо шен гуламехь ша хьахийра,


 

117


хаста а вира аьлла долу хабар хезча, дукха чIогIа хаза хеташ а, воккхавеш а иза хилча, ткъа муха хир ду аьлла хета шуна цуьнан хьал, паччахьийн Паччахь волучу Лекхачу АллахIа иза хьахийча - цо шайна юкъахь АллахI хьехочу тобанал

 

а дикаха йолучу тобанна юкъахь?

 

7. АллахI хьехоран Iалашо яц - цхьана дашца я дуккха а дешнашца гIам-гIим дар, АллахIана хастам баран, И вазваран бала а боцуш, акхадаьлла дог а долуш. Иштта маттаца Дела хьехочу хенахь - ойла яр а, ша олучу дешнех асар хилар а лоьхуш хила веза.

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«АллахI хьехаве дагахь (я хьайллахь), чIогIа а ца хьехош, (Цунна) муьтIахь хиларца а, (Цуьнах) кхерарца а - Iуьйренашкахь а, суьйренашкахь а. (Дела хьехоран) балабоцучарех а ма хила» («ал-АIраф»: 205).

Дела хьехош долу адам кхеташ хила деза ша олучух, деган а, меттан а


 

118


зуькар цхьаьна догIуш хила деза - тIоьхлахь а, кийрахь а цхьаьний шен Делаца уьйр дIахIоттаран дуьхьа.

 

АЛЛАХIАН НИIМАТИЙН ОЙЛА

 

ЯР

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«АллахIан къинхетамаш дагабаийта - декъал хила мега шу»

 

(«ал-АIраф»: 69).

 

«АвсатI» жайнахь ТIабаранис, «ШуIаб» жайнахь БаIхIакъис дийцина и хьадис, Албанис дика хьадис («хьасан») лерина и.

 

Бусалба стагана дийнахь а, буса а мосуьйттазза тIехIуттучух ду - АллахIан ниIматаш хаадалар, ткъа ма дукха ю-кха уьш карош йолу меттигаш, хьелаш.

 

Дийнахь а, буса а гуш а, хезаш а ма дукха ниIматаш ду-кха, хIора адамна тIедожош долу - шена деллачу оцу


 

119


ниIматийн ойла яр а, хьесап дар а, уьш шена даларна АллахIана хастам бар а.

1. АллахIа хьайна делла ниIмат хааделлий хьуна? - Хьо маьждиге воьдучу хенахь, хьайна гонаха болу нах го хьуна оцу ниIматах бевлла, и тесна дитина лелаш. Iуьйра-ламаз дечу хенахь ахьа бусалба нехан хIусамашка бIаьрг тоьхча - уьш карабо хьуна кIоргге набарчохь, белла Iуьллуш санна.

2. АллахIа хьайна делла ниIмат хааделлий хьуна? - Хьо новкъа воьдучу хенахь а, хьуна тайп-тайпанарчу хIуманийн суьрташ гучу хенахь а, ткъа цхьаъ машен тIетоьхна айпе виссина, вукхуьнан машенчуьра ара Iоьху шайтIа (эшарш), иштта дIа кхин а…

3. АллахIа хьайна делла ниIмат хааделлий хьуна? - Хьайна дуьненчуьра хаамаш хезачу хенахь а, айхьа керланаш доьшучу хенахь а: мацаллаш, хиш тIедийлар, цамгарш яржар, некъан хьовзамаш, мехкаш дегор, тIемаш, махках бахар...


 

120


4. Аса боху: ирсе лай - шен дагара АллахIа шена делла долу ниIмат дIа ца долуьйтуш верг ву, массо хьолехь а, суьртехь а. ТIаккха иза хир ву даима АллахIана хастам беш а, Цунна шукар деш а, И хестош а - шена Цо деллачу оцу ниIматашна. Оцу ниIматех ду: дин, могашалла, паргIато, кхерамазалла, маршо…

5. Хьадисехь пайхамара

 

(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

 

«Алхьамду лиллахIиллази Iафани миммабталака бихI, ва фаддалани Iала касирин мимман халакъака тафдилан».

 

«Бала хьоьгуш верг (я цомгуш верг) гиначо алахь: «Хастам бу АллахIана - хьо лаьцначу баланах со хьалха витина волучу, Ша кхоьллиначу хIуманашна тIехь дуккха а хIуманца со гIоле вина волучу» (Тирмизис дика хьадис(«хьасан») ду аьлла и).

 

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:


 

121


«Дагабаийта АллахIан къинхетамаш (я ниIматаш) - декъала хила тарло шу» («ал-АIраф»: 69).

 

ХIОРА БАТТАХЬ КЪУРIАН

 

ДЕШНА ЧЕКХДАККХАР

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«КъурIан деша хIора баттахь»

(Абу Дауд).

 

ХIора баттахь КъурIан дешна чекхдаккхаран некъ: герггарачу хьесапца парз-ламазан хан хилале итт минот хьалха ламазе вогIур ву хьо, КъурIанан ши (2) кехат деша ларрориг, вуьшта аьлча - хIора ламазал хьалха йиъ

 

(4) агIо, я тIаьхьа а мегар ду. ТIаккха дийнахь дечу хIора ламазца доьшуш дерг вовшахтоьхча - итт (10) кехат нисло, вуьшта аьлча - ткъа (20) агIо, тка иза - дуьззина цхьа жуз хуьлу. Оца некъаца хIора баттахь КъурIан дешна вер ву хьо, хуьлуш хало а йоцуш.


 

122


ДIАВИЖАЛЕ ХЬАЛХА ЛЕЛОШ

ДОЛУ СУННАТАШ

 

1. «БисмикаллохIумма амуту ва

 

ахьйа».

«Я АллахI, Хьан цIарца вала а

ле со, ден а ло» (Бухари).

 

2. Шен ши куьг дIа а лаьцна,

цаьршинна тIе хIуп а олуш, доьшур ду:

ُقْم َأعُىذُ ِبَربِ),(ُقْم َأعُىذُ ِبَربِ ْانَفَهق),(ُقْم هَُى هللاُ َأحَ د)

ِ

.(انُاَس

ِ

«Цул тIаьхьа и шиъ шен дегIа тIе хьокхур ду, кхачалуш йолучу

 


Поделиться с друзьями:

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

История создания датчика движения: Первый прибор для обнаружения движения был изобретен немецким физиком Генрихом Герцем...

Индивидуальные очистные сооружения: К классу индивидуальных очистных сооружений относят сооружения, пропускная способность которых...

Историки об Елизавете Петровне: Елизавета попала между двумя встречными культурными течениями, воспитывалась среди новых европейских веяний и преданий...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.012 с.