Нийсаяздар: орфографи а, пунктуаци а. — КиберПедия 

Типы сооружений для обработки осадков: Септиками называются сооружения, в которых одновременно происходят осветление сточной жидкости...

Индивидуальные и групповые автопоилки: для животных. Схемы и конструкции...

Нийсаяздар: орфографи а, пунктуаци а.

2019-09-17 364
Нийсаяздар: орфографи а, пунктуаци а. 0.00 из 5.00 0 оценок
Заказать работу

Арахецархо 1емар ву:

-йоза д1адахьарехь (курсан чулацаман барамехь) орфографически а, пунктуационни а барамаш ларбан;

-барта кепехь (ойлаяр-рассуждени),йозанан кепехь (графически хьаьркийн г1оьнца) къастийна яздар кхето;

-орфографически а,пунктуационни а г1алаташ каро а,нисдан а;

-орфографически дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца, йоза д1адахьарехь цунах пайдаэца.

Арахецархочун таро хир ю 1ама:

-къамелан маь1нийн аг1онаш йовзийтарехь орфографин а,пунктуацин а меттиг гайта;

-нийсаяздаран мультимедийни орфографически дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца; йозанехь оцу хаамех пайдаэца

Нийсаяздар: орфографи а, пунктуаци а.

Арахецархо 1емар ву:

-йоза д1адахьарехь (курсан чулацаман барамехь) орфографически а, пунктуационни а барамаш ларбан;

-барта кепехь (ойлаяр-рассуждени),йозанан кепехь (графически хьаьркийн г1оьнца) къастийна яздар кхето;

-орфографически а,пунктуационни а г1алаташ каро а,нисдан а;

-орфографически дошамашна а, справочникашна а т1ера оьшу хаам схьаэца, йоза д1адахьарехь цунах пайдаэца.

 

Класс

Личностни жам1аш

- монологан а, диалоган тайп-тайпана кепаш караерзор;

-къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

-меттан г1ирсех а, довзийтаран билгалонех коммуникативни декхаршца дог1уш пайдаэцар;

-меттан оьздангалла а ларъеш, вовшашца т1екаре ян кийча хилар;

-шаьш-шайн дешаран г1уллакхдарна шовкъ кхоллар;

-шен белхан талам бар, мах хадор карадерзор;

-шен таронаш, хьашташ кхетамца билгалдахар.

 

Метапредметни жам1аш

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; -шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар;

-хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-интернетах пайда а оьцуш, презентаци х1оттор, иза йовзийтар.

 

Чулацаман коьрта дакъош

Культуроведчески:

Нохчийн меттана, къоман-культуран уьйр.

Къоман культуран кеп санна мотт тIелацар; халкъан истори а, мотт а вовшех бозабалар, нохчийн мотт къоман-культуран башхалла хилар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамел дар; кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лелор.

Коммуникативни:

Оьздангалла къамелехь кхиор.

Къамелан стилаш: Iилманан, официальни-гIуллакхан, публицистически.

Меттан:

Литературин а, исбаьхьаллин литературин а мотт. Меттан д1ах1оттаман кхетам, метан тайп-тайпанчу т1ег1анийн вовшашца йолчу уьйран цхьаалла.

Предметни жам1аш:

- дешнийн цхьаьнакхетарш къастор;

- предложенехь дешнийн уьйр къастор;

- цхьалхечу предложенин кепаш къастор;

предложенин синтаксически къастор;

-къамелан дакъош морфологически къастор;

нийса яздаран бакъонех пайдаэцар;

орфографически г1алат каро, нисдан хаар;

пунктуационни бакъонаш хаар.

 

Класс

Юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза личностни жамIаш:

-нохчийн къоман культуран коьрта мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

-нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман культуран хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIаналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

- къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш тоъъал хилар; ша дечу къамелана тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

                                                                                             

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

1) къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

- барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар;

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-хиндолучу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпанара жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

-паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

-шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар;

                 

ЛадогIар а, ешар а:

-барта а, йозанан а кепара хаамах цхьатера кхетар (Iалашонех, текстан теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар (хьажаран, йовзаран, Iаморан);

-книгаца а, роггIана арахоьцучу тептаршца а болх баран кепаш а евзаш хилар, ешна текст (план, тезисаш) хаамийн кепара хийца хаар карадерзор;

-паргIат электронни а, справочни а литературех а, тайп-тайпанчу словарех а пайда эца хааран хьуьнар хилар;

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ладогIарца цхьанатайпана тIеэцар; ладогIаран массо а кеп карайирзина хилар (текстан коьртачу чулацамах кхеташ, хаамаш схьахаьржина белахь а);

-къамелан аларш дуста хаар церан чулацамца а, меттан гIирсех пайда эцарца а, матто кхочушдечу гIаллакхийн тайп-тайпаналлица а.

 

къамелдар а, йоза а:

 

-билгалбиначу яцъяран барамехь барта а, йозанан кепехь а ешна я ладоьгIна текст юхаметтахIотто хаар (юхасхьайийцар, план, тезисаш);

-текст кхолларан норманаш а ларъеш (кхеташ а, хьалха-тIаьхьа йогIуш а, йозаелла а, темица йогIуш а хилар) паргIат барта а, йозанан а кепехь шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; хезначуьнга, гиначуьнга, ешначуьнга, хьайна гонаха долучу бакъдолучуьнга а, хиламашка болу хьежам цхьанатайпана хилийтар;

-дагалаьцнарг а, тIекаре яран хьал а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, хотIан барта а, йозанан а тексташ кхолла хаар;

-хьалха лаьттачу коммуникативни декхаршца йогIуш, кхетамца меттан гIирсаш харжарца тайп-тайпанчу жанрийн тексташ (дийцар, хетарг (отзыв), кехат (письмо), расписка, тоьшалла (доверенность), заявлени) кхолла хаар;

-цхьаммо дечу (монологан), шиммо дечу (диалоган) къамелан тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар; шен нийсархошна хьалха боццачу хаамца я доклад ярца къамел дар;

-тIекаре ечу хенахь нохчийн литературан меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш ларъяр; гIиллакхехь лексикех а, фразеологих а пайда эцар; йозанехь коьрта нийсаяздаран (орфографин) а, пунктуацин а бакъонаш ларъяр;

-къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

-шен къамелана ша-шена терго яр; хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачар а, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда эцар а, цуьнан чулацам а тидаме а оьцуш, шен къамелан мах хадон хьуьнар хилар; грамматически а, къамелан а гIалаташ, кхачамбацарш карон а, уьш нисдан а хаар; шен тексташ кхачаме ялон а, редактировать ян а хаар;

 

карадирзиначу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайда эцар;

- билгалбиначу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- меттан башхаллех пайда эца хааар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературан урокашкахь).

3) - тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.

 

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочун нохчийн мотт караберзоран предметни жамIаш ду:

1) нохчийн мотт нохчийн къоман, Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт, юкъаметтигаш дIакхехьаран гIирс санна бовзийтар; меттан а халкъан уьйр хила езар а; адаман дахарехь а, юкъараллехь матто дIалоцу меттиг йовзийтар;

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар:

нохчийн маттах болу Iилманан хаарийн бух караберзор;

4) лингвистикин базови кхетамаш караберзор: лингвистика а, цуьнан коьрта дакъош а; мотт а, къамел а, тIекаре яр, барта а, йозанан а къамел; монолог, диалог; тIекаре яран хьал; маьIнийн-функциональни къамелан тайпанаш (дийцар, суртхIоттор, ойлаяр); текст, меттан коьрта цаIаллаш, церан билгалонаш а, къамелехь пайда эцаран башхаллаш а;

5) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна, таллам бар;

6) исбаьхьаллин литературан текстана талламбеш, нохчийн меттан эстетически декхарех кхеташ а, къамелан аларан эстетически агIонгахьара мах хадо хаа хьуьнар хилар.

7) тIекаре яран хьал тидаме а оьцуш, барта а, йозанан а аларш кхоллар монолог-суртхIотторан, монолог-дийцаран, монолог-хьесап даран кепехь:

    8) къамелан стилаш къасто хаар: Iилманан, леррина-гIуллакхан, публицистически, стилийн коьрта жанраш;

9) тайп-тайпанчу стилашкахь (Iилманан, леррина-гIуллакхан, публицистически) изложени а, сочинени а язъян хаар, шаьш дина грамматически г1алаташ каро а, уьш нисдан а хаар.

 

Чулацаман коьрта дакъош (кардирзина хир ду)

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программан чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолучу программан дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

Коммуникативни декъехула долучу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан культуран баххаш карадирзина хилар; тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь а, шен нийсархошца (5-7, 8-9 классийн дешархой) вовшех кхеташ, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу муьрашкахь тIекаре ян а, къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

Меттан а, лингвистически а декъехула долучу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш а мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

Культуроведчески декъехула долучу хаарша шайна чулоцу къоман культуран кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мотт къоман-культуран башхалла а хиларх кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамелдан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

 

                                       

Дешаран предметан чулацам


Поделиться с друзьями:

Механическое удерживание земляных масс: Механическое удерживание земляных масс на склоне обеспечивают контрфорсными сооружениями различных конструкций...

Организация стока поверхностных вод: Наибольшее количество влаги на земном шаре испаряется с поверхности морей и океанов (88‰)...

Адаптации растений и животных к жизни в горах: Большое значение для жизни организмов в горах имеют степень расчленения, крутизна и экспозиционные различия склонов...

Биохимия спиртового брожения: Основу технологии получения пива составляет спиртовое брожение, - при котором сахар превращается...



© cyberpedia.su 2017-2024 - Не является автором материалов. Исключительное право сохранено за автором текста.
Если вы не хотите, чтобы данный материал был у нас на сайте, перейдите по ссылке: Нарушение авторских прав. Мы поможем в написании вашей работы!

0.025 с.